Хьарамлонаш лелийна аьлла, полицин полковник лаьцна ГIалгIайчохь
"Регионерчу МВД-н штабан хьаькам Шадиев Саварбек дIалаьцна, хьарамлонаш лелош хилла аьлла, шеконашца. Бан болийна оцу гIуллакхна гонах талламаш", - яздира ТАСС агенталло а.
Нагахь бехк тIечIагIбахь, Шадиев дIавоккхур ву ницкъаллийн структурашкара, ишта хьакъ доллу таIазар а дийр ду аьлла, яздо "Интерфакс-Юг" хьостано а.
Информацин хьостано дийцарехь, полковникан Шадиевн белхан кабинет чуьра 260 эзар сом ахча даьккхина. Белхан даржах пайда а оьцуш, хьарамлонаш лелорна 6 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан йогIу.
