Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2019

Новости за 11.01.2019

Нохчийн дешархойн стипенди нехан кисана кхочу

Radiomarsho.com 

Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташа чIагIдо, шаьш меттигерчу Iедалша коррупцин схемашна юкъаийзадо бохуш. ХIора баттахь дешархойн банкашкарчу чоьташ тIе ахча долу, ткъа кураторша, "шу доьшучуьра дIадохур ду" бохуш, кхерамаш а туьйсуш, банкера ахча схьа а оьцуш, шега схьадала декхаре бо уьш.

Нохчийн журналист Гуьржийчу ца витарна кхеле бевлла бакъонашларъярхой

Radiomarsho.com 

"Маршо Радион" Къилбаседа Кавказан сервисан журналист Дадаев Асланбек Гуьржийчу ца витар низамашца догIуш дац аьлла, кхеле бевлла бакъонашларъярхой. Цунах лаьцна хаам бина "Новости-Грузия" портало. 2018-чу шарахь Лахьанан-беттан 7-чу дийнахь Губжийчоьнан дозанехула чекх ца валийтира журналист, бахьана а ца дуьйцуш. Ц у хьокъехь Гуьржйичоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана дуьхьал Тбилисерчу кхелехь лехам айина "Адамин бакъаонаш ларъяр талларан а, мониторинган а центр" олучу Iедалшца йоьзна йоцучу меттигерчу вошатхтохаралло. Читать дальше...

Наркотикашна тIехула 700 сов бехктакхаман гIуллакх долийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

2018-чу шарахь наркотикашна тIехула 716 бехктакхаман гIуллакх долийна хилла Нохчийчохь, хаам бина республикан прокуратуро. Царах 45-ъ ду наркотикаш йоьхкинчу нахана дуьхьал долийна. И гIуллакхаш толлуш аьтто баьлла 32 кила наркотик лелочуьра юкъахяккха. Прокурораша суьде хьажийна гIуллакхаш а листина, кхелаша чувоьллина накротикаш юхкуш хилла 43 стаг а, уьш латтош хилла 143 стаг а.

Шелара хIусамаш йохош яьккхинчу видеон автор валар муха хилла дийцина гергарчара

Radiomarsho.com 

Шелара хIусамаш йохош яьккхинчу видеон автор Осмаев Абубакар велла газ а хьаьхна, дIахьедар дина нохчийн телевизионехула цуьнан гергарчу наха. Цунах лацна яздо Кавказский узело". Гергарчара харц до 2017-чу шарахь ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцна ницкъ бинчул тIаьхьа деган цамгарх иза велла бохург. ГIура-беттан 10-чу сарахь "Грозный" телеканало шен хаамашкахь гайтина Осмаевн юххера гергарчу наха иза валаран бахьана дуьйцуш яьккхина сюжет. Осмаевн кIанта дийцарехь, цуьнан да аьчкан пхьар хиларе... Читать дальше...

Шемара тIеман техника араяккха йолийна Iамерко

Radiomarsho.com 

Шемара шен тIеман техника араяккха йолийна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Армино. Цунах лаьцна хаам бина CNN-о, шен хьастанашна тIе а тевжаш.   Телеканало дийцарехь, кху тIаьхьарчу масех дийнахь Iамеркан эскархоша Шеман территори тIера арадаьккхина шайн тIеман техникан хьалхара жут. Хьалхо The Wall Street Journal газето яздира Пентагон шен Шемара эскарш арадаха дагахь хиларх лаьцна, курдийн тIеман тобаншца доьзначу хаттарехь Iамеркан а, Тукройчоьнан а цакхетамаш буьсуш белахь а.

Стагана къиза йеттарна бехке вина Устрада-ГIалара вахархо

Radiomarsho.com 

Йоккхуш видео а йолуш жимачу стага къиза йиттина Устрада-ГIалара вахархо кхеле озийна. Иза бехке вина могашалла галйер юй хуъушехь адамана еттарна. Устрада-ГIалара 25 шо долу вахархо лаьцна полицин белхахоша, цо лаьттахь Iуьллучу стагана етташ яьккхина видео социаланаш машанашкахь гучуяьллачул тIаьхьа. Видео яьржира WhatsApp-хь кху беттан 6-чохь. Цу тIехь гуш ву кхо стаг, царах шиъ, цкъа дуьххьара вовше лоь, тIаккха цхьаммо вукхуна, бетах корта а тухий, са а дукъадой, иза лаьттахь Iуьллуш а волуш шозза бетах мийра туху. Читать дальше...

Даудовн латкъам юхатоьхна Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхело

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхелан суьдхойн коллегино сацам бина, 1995-чу шарахь Буденовскана тIелатар деш дакъалаьцначу Нохчийчуьрчу вахархочунна Даудов Бадруддина 14 шо хан тохар нийса ду аьлла. Даудовна колонехь яккха хан кхайкхийнера Къилбаседа Кавказан кIоштан тIеман кхело стохка Мангалан-баттахь. Нохчочуьнан адвокаташа латкъам бинера Лаккхарчу Кхело иза бехказваккхар доьхуш. ТАСС агенталло бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхелан эскархойн гIуллакхашкахула йолчу коллегино тIечIагIдина Даудовна хан тохар низамашца догIуш хилар. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *