Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2019

Новости за 26.01.2019

Зуда ялош тIех сов харжаш ярца къийсам латтор бу Шелан кIоштарчу Iедало

Radiomarsho.com 

Зуда ялош тIе сов харжаш яр лахдарца доьзна хаттарш дийцаре дина Шелан кIоштан администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас вовшахтоьхначу кхеташонехь. Цигахь цхьаьнакхеттачара, шайна юкъахь, Iедалхой боцурш, муфтиятан векалш а, полицин белхалой а, баккхийн нах а болуш, дийцаре дира керла доьзал кхуллуш хIуьттучу халонашца доьзна хаттарш. Таро ялахь а, яцахь а, кредиташ оьцуш а, юхалург ахча доккхуш а, яккхийн харжаш еш зуда ялийна меттиг дIаерзо гIерташ хуьлу бахархой. Иза юкъара дIадаккха деза, бохуш бара гулбелларш. Читать дальше...

ЦIеххьана охьаяьлла "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин рейтинг - ВЦИОМ

Radiomarsho.com 

Iедалехь йолчу "Цхьааллин Оьрсийчоь" (Единая Россия) партин рейтиг охьаяьлла 32,7 проценте кхаччалц. Иза гойтуш бу Оьрсийчуьрчу юкъараллина хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) дIабаьхьна тIаьххьара таллам. Оццул лахара хилла дацара и терахь 2006-чу шарахь дуьйна. Цкъа а ца хиллачу кепара охьаяьлла президенте Путин Владимире тешам хиларан рейтинг а. ХIинца иза ю 32,8 процент. 2006-чу шарахь Дечкен-баттахь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин рейтинг яра 42,9 процент. 2006-чу шарал хьалхо бинчу талламийн жамIаш дац ВЦИОМ-ан сайта тIехь.

СагIадоьху нах гучубохуш арабевлла полисхой Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

СагIадоьхуш лелар а, эрна ваьлла лелар а юкъараллина дуьхьалара хIума лоруш ду Нохчийчохь. И тайпа нах гучубохуш рейдаш йолийна Соьлж-ГIалахь полицин белхалоша. Чоьхьарчу гIуллакхийн Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, и болх дIахьош гучуваьлла сагӀадоьхуш лела 84 стаг. Царах 42 мичара ву къасто цхьа а кехаташ доцуш хилла, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цу нахана дуьхьал административан чулацам болу гIулчаш яьхна уьш нийсачу дахаре берзор Iалашонца. Цул сов цаьрца къамелаш дина уьш сагIадоьхуш цалелийтархьама.

Къолахо кхаъ бала гIоьртина полисхочунна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Полисхочунна кхаъ бала гIортарна жоьпе озийнарг ву Гуьмсан кIоштара вахархо. Некъаца лаьттачу машен чуьра 20 000 сом лачкъийна хилла цо. ТIаьхьо къолахо цу ахчанах 15 000 сом дала гIоьртина полисхочунна, шена дуьхьал кхоьллина бехктакхаман гIуллакх дIадерзорна. И зулам дарна 8 шо хан тоха мегаш ю цу стагана. ГIуллакх толлуш бу Гуьмсан кIоштара талламан комитетан белхахой.

Дагестанца доза къастош дан дезарг дийцина кIоштийн куьйгалхошна Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а Iедалан векалша къасто дезаш ду шина республикана юкъара 475 километр доза. Цунах лаьцна хаам бина Кадыров Рамзана, Дагестанан дозанца йолчу кIоштийн куьйгалхошца шен хиллачу кхеташонехь, яздо "Нохчийчоь тахана" сайто. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Ножай-Юьртан а, Шаройн а, Веданан а, Шелковскойн а, Гуьмсан а кIоштийн куьйгалхой. Доза кIасторца боьзначу балхана юкъаозо беза шайн гIуллакх вуно дика хууш болу говзанчаш, элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо цаьрца къамел деш . Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *