Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2019

Новости за 12.01.2019

Дех-ненах еддачу СаIудийн пачхьалкхарчу йоIанна тховкIело елла Канадехь

Radiomarsho.com 

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхера еддачу 18 шо долчу ал-Кунун Рахафна тховкIело елла Канадехь. Хьалхо и йоI мухIажир лерира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло.   Ал-Кунун Рахаф лецира кIира хьалха Бангкокерчу аэропортехь. Иза еддера Кувейтехь садоIуш долчу шен дех-ненах. Хьешан цIийнехь чукъовлаеллера иза, кхерам шена шен доьзалера схьаболуш бу, ша месаш хедорна бохуш. Ал-Кунуна бинчу видеокхайкхамна тIе тидам бахара дуьненерчу хаамийн гIирсийн. Таиландан миграцин полицин куьйгалхочо дIахьедар дира... Читать дальше...

Оьрсийчохь полисхочо морге хьажийна маларо йожийна йоккха стаг

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу Приамурьехь полисхочо, дарбанан хIусаме хьажочу метта, декъий чудохкучу меттиге хьажийна мелла йоьжна Iуьллуш йолу йоккху стаг. Маларш а моьлуш, сакъоьруш Iийначул тIаьхьа зуда вуно вочу хьолехь карийначу гергарчу нахана моьттина хилла иза елла. Лоьраш кхайкхина морган санитаро, йоккха стаг садоьIуш хилар а хааделла. Пенсионерхо кIелхьаръяккха аьтто ца баьлла, иза елла реанимацехь, хаам бина Оьрсийчоьнан могашаллан министралло. Цу министраллан векалшна хетарехь, полицин белхахочо цу хьолехь дан дезачун лард йохийна... Читать дальше...

Некъахьовзамехь кхо стаг вийна Хасавюртан кIоштахь

Radiomarsho.com 

Кхо машен вовшах а кхеташ хиллачу некъахьовзамехь кхо стаг вийна Дагестанехь. Бохам хилла Хасавюртан кIоштарчу Тотурбийкала эвлана гергахь. Вовшахкхеттарг ю киралело жима автобус а, "Лада-Приора" а, КамАЗ а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Дагестанерчу урхалло бинчу хаамца, цу некъабохамехь вийна 3 стаг. Кхин а ши стаг лазийна ву. Кхин билггал уьш муьлш бу дуьйцуш дац.

Нохчийн тIемало Оьрсийчоьне дIавала реза ца хилла Украина

Radiomarsho.com 

Украинин инарлин прокуроран когаметто Оьрсийчоьне дIавалар дихкина Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна а, ткъа цул тIаьхьа Украинин "Аьттухьара сектор" тIеман тобанца цхьана Донбассехь тIом бина а волу нохчо. Баркалла, чуть перенес акцент...Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна а, ткъа цул тIаьхьа Украинин "Аьттухьара сектор" тIеман тобанан могIашкахь Донбассехь  тIом беш хилла а нохчо. Цунах лаьцна Facebook-хь хаам бина инарлин прокуроран зорбанан секретаро Сарган Ларисас. Оьрсийчоьно... Читать дальше...

КхоалгIа мур дIабирзича Нурмагомедовга ша аьлларг довзийтина Макгрегора

Radiomarsho.com 

UFC-н экс-чемпионо ирландхочо Макгрегор Конора хаийтина UFC 229 латарехь кхоалгIа мур дIабирзича ша Нурмагомедов Хьабибе аьлларг хIун дара. Цунах лаьцна Макгрегора яздина Instagram-чу шен агIонехь. Ирландхочо видео арахецна Iамеркахочуьнца Малиньяджи Полца ша цхьаъ къуьйсуш воллуш яккхина йолу. Макгрегора доьху шеца леташ волчуьнга "Iийжачура сацар". Видеона кIеллахь ирландхочо яздина, изза элира ша Хьабибе мур чекхбаьлча, иза цасоццуш "суьдхочунна велхарна" аьлла. Латкъамаш эцна суьдхочунна тIеваха везарг ша вара аьлла хета Макгрегорна. Читать дальше...

ГIуда тоьхна полисхочунна кхаъ бала гIоьртинчу Нохчийчуьрчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Полисхочунна кхаъ бала гIоьртинчу Нохчийчуьрчу вахархочунна Алхотов Исламана кхел йина Гуьмсан кIоштарчу кхело. Талламхойн версица, цхьа пайда боццу бакъо йохийна хила мега аьлла шеко йолуш полисхочо таллам беш цу стагехь карийна хилла кIомал. Ша дIавохуьйтург 12 000 сом ахча дала гIоьртина иза полицин белхахочунна. Iедадлан белхахочо ахча схьа ца эцна, амма оцу меттигехь лаьцна Алхотов, цуьнгара жоп деха. И стаг хьалха цхьа а низам дохийна ца хилар а, ша динчу хIуманна дохковаьлла хилар а тидаме эцна, кхело 50 000 сом гIуда тоьхна цунна.

Магнитогорскехь бохам хиллачу нахана гIо дийр ду Кадыровн фондо - Умаров

Radiomarsho.com 

Магнитогорскехь цIа доьхна эшам хиллачу нахана гIо дийр ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондо. Цунах лаьцна дIахьедина Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, хаамийн а министро Умаров Джамболата, хаам бо ТААС агенталло. Министр хилла Магнитогорскехь. Цу гIаларчу дарбанан хIусамехь иза тIехIоьттина хIусамнана елла ткъа ша лазийна Iуьллучу стагана. Умаровс дийцарехь, Кадыровн цIарахчу фондо гIо дийр ду бохам хиллачу нахана маситта миллион сом ахчанца. ДIабаханчу ГIура-беттан 31-чохь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *