Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2019

Новости за 20.01.2019

Москох бIеннашкахь наха дагалецира вийна адвокат Маркелов а, журналист Бабурова а

Radiomarsho.com 

10 шо хьалха вийна адвокат Маркелов Станислав а, журналист Бабурова Анасасия а дагалоцуш дахначу шоьтадийнахь бIеннашкахь нах арабевллера Москох. Дика девзаш дара Маркелов а, Бабурова а даим а фашисташна а, нацисташна а дуьхьал лаьтташ хиларца. Ишта адвокат Маркелов Станислав дакъалоцуш вара Нохчийчохь ницкъаллин структурийн белхахоша динчу зуламашца йоьзначу кхелашкахь а. Эшам хиллачу нахана тIехIоьттина вара иза. 2009-чу шарахь дийнан делккъахь Кремлна гергахь герз тоьхна, дийра и шиъ. 2011-чу... Читать дальше...

БиргIа иккхина Мексикехь велла 73 стаг, лазийна 74

Radiomarsho.com 

Мексикерчу Идальго штатехь биргIа иккхина велла 73 стаг, лазийна 74. Штатан губернаторо Файяд Омара твиттерехь хаамбарца, чевнаш йинарш дарбан цIийнехь бу. Хьалхо дIакхайкхийра, велларг 66 ву, чевнаш йина 76 стагна аьлла. Карладоккху, инцидент хилла шоьтан буса. БиргIа нийса чуйиллина цахиларан бахьанашца иккхина зулам ду иза. 300 вахархо веана хиллера канистраш ягоргах юза. Мексикехь ягорг лечкъош хиларца массарана а дIакхачо ницкъ ца тоьа. Бутт карабеачхьана тIемалоша Pemex мехкадаьттан индустрина тIехь Iуналла дан долийра.

Димашкъна герггахь эккхийтар дина

Radiomarsho.com 

Ницкъе эккхийтар хилла Димашкъна гена йоццуш йолчу тIеман иччархойн гIишлонна герггахь, хаамбо AFP агенталло, Великобританехь куп тоьхначу Шеман адамийн бакъонашларъечу центран хаамашан тIе а тевжина. Агенталлан информацица, белларш а, чевнаш йинарш а бу царлахь, амма къаьстина дац маса стаг ву. Ишта билггал хууш дац, Iожалхочо дина тIелатар хилла иза, я бомба ю йоьллинарг. Дийцарехь, эккхийтарна тIаьххье герзаш дийлина. Меттигерчу телеканалаша хаамбарца, теракт хила тарло динарг. ГIалин Iедалера а... Читать дальше...

Харцонца бахархошна газах декхарш тIехьерчийна хилар гучудаьлла Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу прокуратурано бехкзуламан гIуллакх долийна лард доцуш Каякентан кIоштарчу бахархошна газах ахчанаш тIехьерчадарна, хаамбина прокуратуран пресс-гIуллакххоша инстаграмехь. Регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца а, ФСБ-н белхахошца а юкъахь таллам бинчул тIаьхьа долийна гIуллакх. Иштта харцо лелорца гIуллакх дуьхьалдаьккхина Карабудахкентан кIоштахь а. 422 миллион соьме даьлла хилла цигахь газах хьарчийна декхар. "Шина баттахь цхьа а бух боцуш тIедожийна хилла бахархошна газах 36 миллион сом", - дийцина прокуратурехь. Читать дальше...

Йоллу Оьрсийчоьнан бахархойн коммуналан декхарш тIерадаха аьлла Думан депутато

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан Думан могушалла Iалашъяран комитетан декъахочо, Ульяновскерчу КПРФ-н хьалхарчу секретаро Куринный Алексейс кхайкхамбина Нохчийчоьнан масал тIехь, Оьрсийчоьнан массо а бахархошна тIехь лаьтта коммуналан декхарш дIадайа аьлла. "Нагахь санна, дуьйцу декхар цкъа а схьалур доцу, кхо шо хьалха дуьйна тIехьарчийнарг делахь, йоллу пачхьалкхна а дита дезаш ду и ахча. ХIунда аьлча, кхелехула а схьадаккха йиш йоцуш декхар ду иза. Ткъа бертаза ахча схьадаккха гIортахь, дуьхьал чу иск лур ю бахархоша... Читать дальше...

Шайн спортхоша допингаш лелорах 100 тоьшалла къайладаьхьна хилла Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу антидопинган менеджементах шаьш талламбина допинг-контролан 100 эзар протокол къайладьахьна хилла оьрсийн антидопинган агенталло. РУСАДА-н директоро Ганус Юрийс Дуьненчуьрчу антидопинган агенталле дахьийтинчу кехат тIехь бина и хаам, яздо "Новости" гIирсо. Гануса чIагIдарехь, ледарлонаш йовлийтина организацехь хьалха болх беш хиллачу тобано. Стохка РУСАДА-с шозза бина талламаш бирзича Iораевлла лелийна харцонаш. Протоколаш базана юкъа дохуьйтуш ду. Шен кехат тIехь Гануса доьху Дуьненчуьрчу антидопинган агенталле... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *