Human Rights Watch организаци тIехIоьттина блогерна Абдурахмановна
Human Rights Watch организацино масална дийцина, Соьлжа-ГIаларчу университетан хьехархо Ежиев Хизиран кхолламах. 2015-чу шарахь полисхоша дIавигинчул тIаьхьа вийна карийра иза. Ишта дуьйцу, нохчийн Iедалшна критика йина аьлла, махках вала дезначу Джалалдинов Рамазанах а.
Кадыров Рамзанан гергарчу стагца конфликт хиллачул тIаьхьа Оьрсийчуьра аравелира Абдурахманов. Нохчийчохь иза бехкево Шемахь хилла бохуш. Блогеро чIагIдарехь, цунна дуьхьал даьккхина гIуллакх бух болуш дац. Amnesty International организацино а хьалхо кхайкхамбира Полше, Абдурахманов дIацавалар доьхуш.
