Кхело лаьцна Федерацин Кхеташонан декъахо Арашуков Рауф
Федерацин Кхеташонан декъахо бехкево ши стаг верна а, зуламан тоба вовшахтохарна а, тешашна Iаткъамбарна а. Арашуковс бехкаш тIе ца лоцу. 10 миллион сом закъалтна а диллина, дIасавалар а доьхкуш, иза цIахь витар дехнера адвокаташа. Кхечу пачхьалкхехь хьулвала мега иза, я тешашна тIеIаткъамбан тарло цо аьлла, дуьхьало йина иза дIахеца.
Кхааридийнахь йоьдучу Федерацин Кхеташонера лаьцна дIавигира Арашуков.
Оццу дийнахь Петарбухахь дIалаьцна цуьнан да Арашуков Рауль а. Зуламхойн юкъаралла вовшахтоьхна, даккхий ахчанашца курхаллаш лелорна бехкево иза.
