Бомбанаш ю ехкина аьлла, иттанашкахь Петарбухарчу школашкара бераш арадаьхна
47.ру сайто хаамбарца, электронан почтехула кхаьчна анониман кехат бахьана долуш, "Кудрово" олучу дешаран Центрера нах а кIелхьарбехира. Ленинградан кIоштан урхалло дийцарехь, уггар йоккхачух доьшийла ю иза. Цигахь доьшуш ду 1600 бер.
Эвакуаци йира нахана дарбан хIусамашкахь а, Всеволожскерчу а, Токсоверчу а бераш дуьненчу дохучу цIийнашкахь а цхьана.
Билгалдаьлла, Болгарехь регистраци йинчу адресаш тIера кхоьхьуьйтуш хилар электронан кехаташ.
Иттех де хьалха дуьйна баьржина Оьрсийчохь юкъарчу а, нах бехачу а хIусамашкахь минаш ехкина боху хаамаш. Юьхьанца Камчаткехь а, Генарчу Малхбалерчу регионашкахь а, цул тIаьхьа Сибрех а, Уралехь даьржира харц хаамаш кхехьийтар.
Цкъачунна цхьанхьа а оьккхуьйтург хааелла яц.
