Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2019

Адвокат Караваев лаца гIоьртина полисхой Соьлжа-ГIалахь

0
Вайначу Нохчийчуьрчу вахархочун Юсупов Бекханан хьокъехь Соьлжа-гIала веана Нижегородскера адвокат Караваев Александр лаца гIоьртина меттигера полисхой, яздо "Новая газетано".


Францехь тховкIело елла Юсупов байначу баттахь даймахка веача лаьцна хиллера полисхоша. Гейш бу аьлла, махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн белхахоша шеконашца лецначу меттигерчу наха хаийтинера иза лацарх. Цхьаболчеран аьтто хиллера набахтера арабовла, цара информаци яржийра, шайца лецна хиллачех.


Еаридийнахь Соьлжа-гIала кхаьчна адвокат Караваев полисхойн декъе ваханера. Дуьхьалваьллачу пхеа полисхочо шогаллица кехаташ хаьттинера цуьнга, цул тIаьхьа нуьцкъаша хIусаман гIишло чу вига хьовьзинера. Шен кехаташ а гайтина, адвокато ша федералан хаамийн гIирсийн журналисташца зIенехь ву аьллачул тIаьхьа, жимма шайн агресси лахйинера цара, яздо "Новая газетано".


Карарчу хенахь республикерчу а, федералан а Талламан комитеташка а, прокуратуре а, ФСБ-не а, ишта Оьрсийчоьнан омбудсмене Москалькова Татьяне а кехаташ кечдеш ву адвокат, Нохчийчуьрчу вахархочун Юсупов Бекханан кхолламах дерг къастош гIо доьхуш.


 


 


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *