Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Новости за 06.06.2018

Туркойчуьрчу лоьраша мехаза операцеш йийр ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Туркойчьурчу тоьллачу клиникашкарчу лоьраша мехаза 100 гергга операци йийр ю Нохчийчохь, хаам бо ТАСС агенталло. Коьртачу декъана уьш хир ю бIаьрса то дан Iалашо йолуш а, ткъа иштта когашна а, куьйгашна а чевнаш хиллачу нахана гIо дарца йоьзнарш а. Туркойн лоьраша болх бийр бу Нохчийн Республикехь, Туркойчуьрчу «Дуьненан лоьраш» олучу юкъаралло Нохчийчуьрчу могушаллин министраллаца барт бар бахьана долуш. Уьш дуьххьара богIуш бац Нохчийчу. Стохка гурахь туркойн говзанчаша 120 операци йира республикехь.

Белхан визитца Австрехь хилла Путин

Radiomarsho.com 

Белхан визитца Венехь хилла Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Иза цхьаьнакхетта Австрин президентца Ван Дер Белль Александрца а, федералан канцлерца Курц Себастьянца а. Дийцарш дIадирзича Курца дIахьедар дира, Австрино гIортор йо Евроберто Оьрсийчоьнна кхайкхийначу санкцешна, амма шаьш сатесна ю уьш жим-жима дIайохур хиларе аьлла. Канцлерна хетарехь, цу новкъахь дикачу агIор Iаткъам бан мега «Украинин малхбалехь дикачу агIор хуьлучу хийцамаша».





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *