Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Новости за 05.09.2019

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (05.09.2019)

Radiomarsho.com 

Некъан зуламаш, Краснодарехь летарш, Аргунехь керла мэр, "Ахматна" дина таIзар. (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а)

Ажигова Iайшин нана: "Сайгара ши кIант дIаваккхарна кхоьру со"

Radiomarsho.com 

Евлоева Лидин ши кIант дIа ца эцна школе Дейишас еттарца, цул тIаьхьа лоьраша куьг дIадаккхарца евзачу гIалгIайн йоьIан Ажигова Iайшин нанас хаамбина, шен ши кIант, 8 шо долу Тимур а, 6 шо долу ИбрахIим а школе дIа ца оьцу, аьлла. "ЦIенна гена йоцчу школе яханера со, воккхахверг хьалхарчу классе, шолгIаниг – юьхьанцарчу классе дIаэца ала. Юьхьанца реза хилира директор, ткъа цуьнан гIовсо, меттигаш бац, элира. Ас хала кечвинера и шиъ деша ваха. Со школера ара а ялале, кхиазхошца болхбен полицин инспектор веара суна тIе ... Читать дальше...

Украинаца лецнарш хийцарх вистхилла Путин

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь а, Украинехь а лецна латтон нах хийцарх дIахьош долу дийцарш "дерза герга ду" аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира йоьдучу Малхбален экономикан форумехь. Президентна хетарехь, шина а агIор лецнарш хийцар "беркате гIулч" ю Украинаца юкъаметтигаш тоярехь. Муьлхачу дийнахь хуьйцур болуш бу лецнарш аьлла, де билгал ца даьккхина оьрсийн президенто. Дипломатин гонашкарчу Интерфаксан хьосташа къадийна, кху беттан 7-чохь хуьйцуш бу аьлла.

Краснодарехь леттачарна дуьхьал бехкаш даьхна

Radiomarsho.com 

Краснодарерчу Вишняковскан базарахь лаьцначу пхеанна бехкаш дехкина талламчаша, хулиганалла лелийна аьлла. Карладоккху, байначу беттан 21-чохь Краснодарехь Вишняковскан базарахь дов даьлла, летта мел лахара 30 стаг. Оцу инцидентехь герз тоьхна вийна меттигера вахархо, Дагестанера схьаваьлла Ванатов Ильяс, лазийнера кхи а ши стаг. Марсхьокху-беттан 23-чохь кхело лаьцна витира шеконашка эцна кхоъ, ткъа шолгIачу дийнахь каравеара воьалгIаниг а. Кхин а ши де даьлча дIакхайкхийра пхоьалгIа бехкениг а лаьцна шаьш аьлла. Читать дальше...

"Сайна гIело йиначаьрга жоп доьху ас"

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Оьрсийн драмтеатран актеро Дебишев Тимура шена Соьлж-ГIаларчу полицехь еттарх лаьцна дIахьедина, амма талламчаша тергал а ца до иза.

120 эзар сом гIуда хьаьрчина "Ахматах"

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу Оьрсийчоьнан чемпионатан 8-чу турехь "Тамбовца" хиллачу матчехь хьарчийна гIуда такхар тIедоьжна "Ахмат" клубана. Чемпионатна тIехь контрол латточу комитетан (КДК РФС) куьйгалхочо Григорьянц Артура бина и хаам. "Матч йирзинчул тIаьхьа цхьахволу фанат футболан майдана хьаьдда хиллера, футболисте майка еха. Футболан майданахь кхерамзалла Iалашйина ца хиларна, "Ахматна" гIуда тоьхна 120 эзар сом", - аьлла, билгалдаьккхина Григорьянца.

ТIехьа-Мартанахь хиллачу некъахьовзамехь йоI лазийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанахь иккхинчу некъан хьовзамехь лазийна 22 шо долу йоI ялийна кIоштан дарбан цIийне. Къаьстина ВАЗ- 2115 автомобилан урхалла дечу Яндаровс цунна тIе машен тоьхна хилар. "Чечня Сегодня" агенталлан редакцига кхачийначу видео тIехь гуш ду, цхьахйолчу машенал а хьалха вала гIоьртинчу шоферо новкъахь йоьдучу йоIана машен тIетухуш. ТIаьхьа йогIучу машенан терго ца йина  йоIа букъ тоьхна йоьдуш хиларна. Карарчу хенахь оцу инцидентна гонах талламаш бу дIахьош.

ЦIе ца йоккху лазар токху стаг хIусамчуьра араваьккхина Сочехь

Radiomarsho.com 

ЦIе ца йоккху лазар токхуш, меттахь виссина Мартынов Андрей а, иза лелош хилла цуьнан зуда а Сочехь хIусамчуьра арадаьккхина кхелан пурстоьпаша, яздо "Настоящее время" телеканало. 2011-чу шарахь Сочи Олимпиадана кечлучу хенахь керла объекташ хьалаечу заманчохь дIахьаькхнера церан хIусам. "Нептун" пансионатехь меттиг беллера царна цхьана ханна. Масех шо даьллачул тIаьхьа пансионат дIайохка Iалашо хилла, ткъа стохка кхело бакъо йоцуш бехаш бу уьш цу чохь аьлла, доьзал чуьра арабоккхуш сацам тIеэцна хилла. Читать дальше...

Дагестанехь шина баттана лаьцна вуьтуш ву криминалан ши авторитет

Radiomarsho.com 

Махачкаларчу Советан кхелехь кхааридийнахь сацамбина, лаьцначу авторитехь волчу шина къуна Абдулхаликов Зиявдина а, Магомедов Шемална а дIасавалар доьхкуш. Де хьалха Махачкалахь дIалецира криминалан авторитеташ. Уьш шеконашка эцна, "зуламан иерархехь лаккхарчу тIегIанехь дIа а тарвелла леларна (210-гIа артикл). Кхелан векало "Кавказ. Реалии" портале дийцарехь, и шиъ шина баттана, Лахьан-беттан 3-чу дийне кхаччалц, чохь вуьтуш, хьесап дина кхелахоша.

Оьрсийчохь а йоккха лоруш динан центр ян йолийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Динан Iеламчан, шейхан Хаджимусаев Дауд-Хьаьжин цIарах Оьрсийчохь а уггар йоккхачух Iилман, дин серладаккхаран центр ян йолийна Нохчийчохь, яздо ТАСС агенталло. Соьлжа-ГIала чувуллучохь Мичуринан цIарах гIалин кепарчу эвлахь хьалаеш ю гIишло. "Оьрсийчохь а уггар йоккха лоруш комплекс хир ю иза, иттаннашкахь эзарнашкахь наха цхьана чубахана ламаз дан а тарлуш, дешаран чоьнашца, белхахойн хIусамашца, исламан литератураца. Центро доккха дакъа лоцур ду Гергарчу Малхбалерчу а, Юккъерчу а Азин имамийн а... Читать дальше...

Устрада гIалин мэран даржехь чIагIвина Кадыров Хас-Мохьмад

Radiomarsho.com 

Устрада гIалин мэран даржехь чIагIвина Кадыров Хас-Мохьмад. Меттигерчу кхеташонан депутаташа цхьабоса кхаьжнаш тесна цунна аьлла, хаамбо REGNUM агенталло. "Товбеца-беттан тIаьххьарчу деношкахь дуьйна мэран декхарш ханна кхочушдеш вара Кадыров Хас-Мохьмад. Оцу цхьана баттахь гIалин хатI дикачу агIор хийцина цо, цIена ю, тIехь деш Iуналла ду. Гуш ду, доллу жоьпалла тIе а лаьцна Хас-Мохьмада шен декхарш кхочушдойла", - аьлла, "ВКонтактерчу" шен пена тIехь яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *