Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Новости за 21.09.2019

Росгвардин ши белхахо велла шаьш-шайна тIе куьг а даьхьина

Radiomarsho.com 

Вологдан а, Ивановон а мехкашкарчу Росгвардин могIаршкахь объекташ ларъечу дакъошкара цхьацца эскархо велла, ТАСС агенталло бинчу хаамца. Хьаькамаш декъера хьал толлуш бохкучу юкъанна, гарехь, шех цIе латийна цхьамма, шолгIаниг велла ша-шена тIе куьг дахьарца. Хьалхо "Полицин омбудсмен" телеграм-канало информаци яржийра, Вологдана гергарчу Тотьма гIалахь хадечу декъан буьйранча ваьгна, ткъа Ивановохь велла карийна хан декъан куьйгалхо, аьлла. Ший а бохам хилла пIераскана. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу... Читать дальше...

ХIирийн ши охьатохархлатархо тоьлла тахана Нур-Султанехь

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу сахьташкахь Казахстанерчу охьатохархлатархойн дуьненаюкъарчу чемпионатехь толамаш баьхна Къилбаседа ХIирийчуьра Баев Заура а, Сидаков Заурбека а, хаамбо ТАСС агенталло. ПаргIат кепехь охьалатархойн 70 кийлан категорехь казахстанхо Кайпанов Нуркожа эшорца чемпион ваьлла Баев. ШолгIачу хIиричо, Сидаков Заурбека (74 кийлан категорехь), финалехь эшийна Италера Маркес Франк Чамисо. Оццу категорехь кхоалгIа меттиг баьккхина Францерчу нохчочо Хаджиев Зеламхас.

Нур-Султан: Хасу-Юьртара Угуев Заур тоьлла финалехь

Radiomarsho.com 

Дагестанан Хасу-Юьртарчу Угуев Заура толам баьккхина Казахстанан коьртачу шахьарахь Нур-Султанехь йоьдучу дуьненаюкъарчу паргIатчу кепан охьатохархойн чемпионатехь. Шен махкахочо Рашидов Хаьжамурда а санна, финале а ваьлла (57 кийлан категорехь), 13:3 жамIца, йиллинчу хенал хьалха, цо эшийна Туркойчуьра Атли Сулейманту. ТIьаххьарчу шерашкахь шозза дуьненан чемпион хIуттуш ву Угуев. Ткъа хIинца Олимпиаде лицензи а яьккхина цо. Хьалхо Маршо Радионо довзийтира Дагестанера спортхо Рашидов Хьаьжмурд охьатохаран оццу кепехь толарх лаьцна.

Магасан мэро дарж дитина

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан коьртачу шахьаран мэран дарж дитина Цечоев Беслана – чекхъялла цунна низамо елла хан. ГIалин кхеташоно тIеэцна оцу хьокъехь сацам, яздо меттигерчу прессо. «Хьомсара доттагIий! Магасан мэран даржехь тIаьххьара йоза ду ас дийриг. Даима а санна, шуьга ма-дарра олу ас: соьгахь дарж дитарца я дIадаккхарца болу сацам бинарг ву ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд», - яздина Цечоевс Инстаграмехь. ГIалин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдан хIоттийна Марзиев Муса.

Кхин цхьа кавказхо а ваьлла дуьненан чемпион

Radiomarsho.com 

Дагестанхо Рашидов Хьажимурад тоьлла Казахстанана коьртачу шахьарахь Нур-Султанехь йоьдучу охьатохархлатархойн чемпионатехь паргIат кепехь леташ. 65 кийла йозалла йолчу латархошлахь финале кхаьчначу цо, жамI 10:0 а долуш, эшийна казахстанхо Ниязбеков Даулет. Чемпион валарал сов, Токиорчу аьхкенан Олимпиаде ваха лицензи а яьккхина Рашидовс.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *