Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Новости за 18.09.2019

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (18.09.2019)

Radiomarsho.com 

Шера чохь 1,5 миллиард соьмана дебна Кадыровн фонд, Нохчийчуьрчу Соьлжан кIоштанна кхин цIе туьллур ю, ГIалгIайчохь кхо шо хьалха шайна динчу тIелатарх лаьцна Европан кхеле 8 арз чуделла бакъоларъярхоша. (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Iедало ши "террорхо" вийна Чегемехь

Radiomarsho.com 

Къайлахчу сервисан (ФСБ) хьасташна тIе а тевжаш, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Чегем гIалахь контртерроран операци ю дIахьош, хаам баржийна ТАСС агенталло. "Iуьйранна 5 сахьт даьлча контртерроран хьоле дерзийна Чегеман цхьа дакъа", - аьлла хьасто. Оперативан штабера бинчу хаамца, гIаларчу цхьана цIа чохь экстремистийн тоба хила тарло аьлла болийна и барам. "Гезгмашин беттан 17-чохь талламаш дIахьочу низамхошка информаци кхаьчна, терроран тохарш дан кечлуш йолу тоба а, цуьнца зIе йолу нах а гулбала тарло Чегемерчу доларчу цхьана цIачохь... Читать дальше...

Кадыровхо хьовзийна Асадан салташа

Radiomarsho.com 

БIегIийла доцчу хьолехь гойтуш ву Шемара Оьрсийчоьнан тIеман полицин эскархо. Цунна тIехь боьлу Асад Башаран салтий. Ткъа иза ца кхетта Iаьрбаша шега бечу бегашах, вела а къежаш лаьтта. Амма цатайна шемахоша YouTube каналехула яржийна и видео Iаьрбийн мотт хууш болчу нохчашна. Iаьрбех дерг аьлча, уьш боьлу шаьш язъечу комментарешкахь.

ГIалгIайчохь кхо шо хьалха шайна динчу тIелатарх лаьцна Европан кхеле 8 арз чуделла бакъоларъярхоша

Radiomarsho.com 

Бакъоларъечу "Iазапна дуьхьалояран комитето" а, "Агора" а юкъараллашкарчу юристаша Европан кхеле делла 2016-чу шарахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанашкахь журналисташна, бакъоларъярхошна тIелатарца доьзна арз. Европан конвенцица а догIуш, Оьрсийчоьно дохийна Iазапах стаг ларвен а, хетарг ала йолчу бакъонан а, зулам дуьззина талла декхаредеш долу а низамаш, боху кхелебевллачу юристашна. "Оха пхеа арздархочун цIарх дIакхачийна Европан кхеле документаш: уьш бу ши журналист, ши бакъоларъярхо, микроавтобус лелорхо Плиев Бешар а. Читать дальше...

Нохчийчуьрчу Соьлжан кIоштанна кхин цIе туьллур ю

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламенто шен 68-чу кхеташонехь бинчу хаамца а догIуш, кестта цо дийцаре дуьллур ду Нохчийчоьнан Соьлжан кIоштан депутаташа шайн кIоштанна керла, "Серноводский", цIе тилла дехар. Ишта хаам баржийна, спикерна Даудов Мохьмадан дешнашна тIе а тевжаш, "Нохчийчоь тахана" агенталло. Ала деза, изза цIе йолу "Соьлжан кIошт" ГIалгIайчохь а ю. Оцу хьоло кегари кхуллу кест-кеста, хьахочо билгалдаккха дезаш нисло, хьенан махкара ю юьйцу кIошт.

Шера чохь 1,5 миллиард соьмана дебна Кадыровн фонд

Radiomarsho.com 

Кадыров Ахьмадан фондехь стохка кху хенахь хилла 2,22 млрд. сом ахча. Тахана иза ду, "Открытые медиа" портало бинчу тидамца, 3,68 млрд. сом. Алссам ахча даккха йиш йолуш, дуккха а бахамаш бу фондан долахь, масала, берраш а санна белхаш шайга дIаоьцу, миллиардаш мехах йолу тендорш долайоху фондерчу гIишлошъярхоша. Амма оцу бахамаша сом а ца делла фонданна. Шарахь 1,5 миллиард сом даьккхина фондо деккъа дIа таро йолчу нахера, "сагIийна". Оьрсийчуьрчу хьукматийн таронаш йовзуьйту "Контур.Фокус" база ю и тоьшалла дийриг. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *