Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2020
1
2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
15
16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 06.11.2020

Нах уьду Нохчийчуьра, ткъа Жириновский - Кадыровх

Radiomarsho.com 

19 нохчочо, къайлах Литва а кхаьчна, тховкIело ехна; Нохчийчохь полицино а, муфтиято а нахалбаьхна некъаш тIехь зуламаш дийраш; Жириновский: Нохчийчуьрчу харжамашкахь дакъалаца ца буьту либерал-демократаш

Кадыровс шайна кхоьллина агенталла оьшуш ца хета махкал арахьа бехачу нохчашна

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзана дIахьединера Къоман агенталла кхоьллина ша махкал арахьа бехачу нохчашна гIоьнна аьлла. Оьший-те Европехь бехачарна Нохчийчуьра цу кепара гIо, аьлла дара оха дIадаханчу кIиранах хIоттийна хаттар. Муха ду оцу талламан жамI.

Нохчийчохь полицино а, муфтиято а нахалабаьхна некъаш тIехь зуламаш дийраш

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь, некъан инспекцин лерринчу декъан территори тIехь профилактикан къамел дина 80 сов машенлелорхочуьнца полицерчу хьаькамаша а, Нохчийчоьнан муфтиятан векало а, хаам бо мехкан некъан инспекцино шен Инстаграмерчу агIон тIехь. Некъан низам талхийначаьрца къамел деш муфтийн векала емалбина "гонахарчу нахана а, шайна а кхераме" болу машенийн дай, хьехна дино харцо магош яцарх лаьцна. Карарчу шеран беттанашкахь Нохчийчохь 185 зулам нисделла некъашца, вийна 84 стаг, лазийна 239. Некъан низам талхийна нах Iарабахар... Читать дальше...

19 нохчочо, къайлах Литва а кхаьчна, тховкIело ехна

Radiomarsho.com 

Литварчу дозалардархоша шайн пачхьалкхерчу Шальчининкай гIалин кIоштарчу хьуьнхахь лаьцна махка легалехь а доцуш чувеана 19 нохчо. Белоруссин доза хадош кхаьчна цига и нах – 5 стаг а, 4 зуда а, бераш а, хаам баржийна белоруссийн Reformation портало, Литван дозалардаран урхаллина тIе а тевжаш. Белоруссин-Литван доза дохийна мигранташа, Гервине хи чухула чекх а бевлла, ах километр дIабахана Литван территори тIехула. Шаьш лецча, тхов кIело ехна цара Литвага. Церан цIерш билгалъяхна дозанхоша. ... Читать дальше...

Жириновский: Нохчийчуьрчу харжамашкахь дакъалаца ца буьту либерал-демократаш

Radiomarsho.com 

ВорхI шо ду Нохчийчохь либерал-демократин партин (ЛДПР) декъашхошка шайн кандидатураш меттигерчу харжамашка ца йохкуьйту, аьлла "Эхо Москвы" радиона интервью луш партин лидера Жириновский Владимира. Политика бахарехь, еккъа цхьа Нохчийчоь ю партин и проблема йолуш. Цо махкарчу прокуратуре аьрзнаш а дина оцу хьокъехь, прокрорашна ца карадо либерал-демократашна харжамашкахь дакъалацар дехка бахьанаш, амма хийцалуш хIума дац, леткъира Жириновский. Францин президентан Макрон Эммануэлан политика бахьанехь... Читать дальше...

Венехь лецначеран терахь 15-нне кхаьчна. Нохчо ву царах кхоъ

Radiomarsho.com 

Австрин Iедал толлуш ду Венехь Лахьан-беттан 2-чохь хилла терроран тохар. Еарин дийнахь чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нехаммер Карла ша парламентехь динчу къамелехь хаийтина 15 стаг лаьцна, зуьйш хилар. Лецнарш массо а кеп-кепара юкъаметтиг йолуш хилла террорхочуьнца Ф. Куйтимца, терроран тохарца уьш боьзна бу я бац къастош ю полици, элира Кавказ.Реалиига чоьхарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-векалто. Цо бахарехь, лецначу нахах массех стаг хилла хьалха экстремизм бахьанехь набахти текхна я Iедало жоьпе ийзийна. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *