Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2020
1
2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
15
16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 25.11.2020

Франци: нохчийн мухIажирша латкъамаш бо, набахтехь лоьраш тIе ца буьту шайна аьлла

Radiomarsho.com 

Коронавирусан ун даьлла шайна, лоьрашкара дарба а ца кхочуьйту аьлла, дIахьедина Францерчу Парижна гергахь йолчу депортацин набахтехь латточу мухIажирша. Бу царлахь Нохчийчуьра бахархой а цхьана. "ЦIе ца йоккху лазар долу а, гепатит цамгарца а нах бу кхузахь, амма царна деш дарба дац", - дийцина Кавказ.Реалиига, шен цIе ца яккхар дехначу Европерчу нохчийн Ассамблейн векало. -Масийттанан дагарш лаьтта пхи де а ду, амма хадархоша а, лоьраша а дIахьедо, коронавирусна йина тесташ негативе ю бохуш. Масех Оьрсийчу дIахьажийна коронавирус яц аьлла... Читать дальше...

Нохчо вийнарш бехказбаьхна, Нохчийчохь молханийн къоьлла, Ессентукехь гIалгIайн дов хотту

Radiomarsho.com 

ВорхI шо хьалха Америкехь нохчийн спортхо Тодашев ИбрахIим верна пачхьалкхан ФБР-н белхахой бехказа а бохуш, гIуллакх таллар сацийна Флорида Штатан кхело; Коронавирусна дарба до аьлла, Оьрсийчоьнан могушаллин министралло хьехначу молханийн къоьлла лаьтта Къилбаседа Кавказехь; Ессентукехь хатта долийна гIалгIайн жигархойн дов

Кхарачой-Чергазийчохь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а молханийн къоьлла лаьтта

Radiomarsho.com 

Коронавирусан ун даьллачу нахана дарба до аьлла, Оьрсийчоьнан могушаллин министралло хьехначу молханийн къаьсттина къоьлла лаьтта Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу кхаа регионехь. Препараташ ца тоьачу мехкийн тептарехь ю Кхарачой-Чергазийчоь а, Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а. Иштта бу Оьрсийчоьнан халкъан фронтан (ОНФ) мониторинган жамIаш, яздо REGNUM агенталло. Кхарачой-Чергазийчуьрчу 58 процент аптекашкахь дац вирусна дуьхьало латтон молханаш. Нохчийчуьрчу 35 прцент, ГIалгIайчуьрчу 26 %  аптекашкахь ца карийна антибиотикаш. Читать дальше...

Харитоновн а, Яндиевн а дов дирзина, вовшашна къинтIера а ваьлла

Radiomarsho.com 

ММА-н Оьрсийчоьнан латархочунна Харитонов Сергейна а, UFC-н спортхочунна Яндиев Адамна а юкъахь лаьттина дов дирзина, ший а вовшашна къинтIера а ваьлла, дийцина Адаман вашас Яндиев Абубакара. "Товш йоцучу конфликтан тешаш дара вай массо а, вовшашна бух боцу бехкаш а дехкина, маьттаза дIахьедарш а деш хиллачу. Амма, шиннан а хьекъал тоьъна шаьшиннан бехкаш хиларна мукIарло а дина, дов дерзон. Собар а эшна, хьаштдоцург шен багах даларна гечдар дехна Сергейс, ткъа Адама ша латарна. Вовшийн ший а къинтIера а ваьккхина... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь ковидах 26 стаг велла

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах 26 стаг велла. 1070 ву кхин тIе вирус кхеттарг. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан статистикаца, Дагестанехь велла исс дархо, Краснодаран кIоштахь ворхI, Ставрополан махкахь пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь кхоъ, Нохчийчохь шиъ велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана кхелхина COVID-19 вирусах 3 552 стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан кIоштахь: 222 стаг: Ставрополан мохк̆ + 222 (26... Читать дальше...

ГIалгIайн протестийн лидерийн кхел йолийна

Radiomarsho.com 

Ставрополан кIоштарчу Ессентуки гIалин кхело дуьххьарлера кхеташо дIаяьхьна, стохка Зазадокху-баттахь Магасехь хIиттийначу гIалгIайн протестийн лидерийн гIуллакх луьстуш. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело Кисловодскан кхел яра билгалъяьккхина, дов листа. Амма эвсара гIишло цигахь ца хиларна, кхелахочо Ессентукехь барт хоттур бу кхеле хIиттийначаьрга. ВорхI стаг ву кхеле хIоттийна: Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *