Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2020
1
2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
15
16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 26.11.2020

Соьлж-ГIала яккха гIоьртина 26 шо кхечи, аптекан долахо вийнарг набахте хьажий, алапаш хьедина хьаькам бехкевина

Radiomarsho.com 

26 шо хьалха тIелатар дира Соьлж-ГIалина; Исс шо хан тоьхна Хасу-Юьртарчу аптекан долахо вийначу Нохчийчуьрчу вахархочунна; Таро йоллушехь алапаш дIа ца луш хьедина хьаькам жоьпе озийна

Сулейманов Юсуп. Декхар

Radiomarsho.com 

Декхар Цу ножан декхар ду, гIад чIогIа техкаш, Лулара и синтарш мох-дарцах лардар. Сан дог хьан декхар ду, иллешца кхехкаш, Бакъонан сий лардеш, харц моьрцуш дагар. Цу маьлхан декхар ду, ирсаца богуш, Лаьтта тIехь адамаш диканца хьестар. Сан дог хьан декхар ду, тешамех догуш, Безаман бIаьргашца дахаре хьежар. Лечанан декхар ду стигланийн арахь, Стагаллин доладеш толамца кхерстар. Сан дог хьан декхар ду, доьхна де кхачахь. Собаран шортонца бохамах делар. Сан дог хьан декхар ду... Читать дальше...

Сулейманов Юсуп. Тийналлехь ойланаш-2 

Radiomarsho.com 

Тийналлехь ойланаш Сан нана, Iаламо хьо денъян дехча, Кийрара мерз са ас дIалур дара. Сийдайна висарца, халкъо дIатесча Цу цIергахь ваган а кийча хир вара. ******** Накъост, ахь диц ма диэ кхуззахь ас аьлларг. Бакъонал нуьцкъала, кхин ницкъ хир бац. Цуьнан сий, пусар деш дахарх чекхваьлларг, Лахьтичу верзарх а велла ма вац. ********* Пхьагало шен кийрахь лоьман дог хилча, Гур дара шен новкъахь зуламаш деш. Iалур ма вацара кIиллу а иштта, Ницкъ кхаьчна къуонахчун некъ къахь ца беш. Читать дальше...

Сулейманов Юсуп. Шовданан дозаллаш  (Басня)

Radiomarsho.com 

Шовданан дозаллаш (Басня) "Со,-бохуш, кхиссалуш Еш чолхе гIовгIа , Ломана куро еш Лешара шовда. Бохура : "Маржа яI, Со дацахьара, Таро хьан яцара "Со лам бу", -ала". И къамел цо цуьнга Денна а дора . Цуьнах шен бухдийлар. Ган а ца гора. 1964ш.

Стаг верна 9 шо хан тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна. Полисхой бехкебора цо зуламна

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Хасу-Юьртан аптекан долахо Кардашов Алексей вен а вийна, цуьнан машен лачкъийначу Соьлж-ГIаларчу Омаров Сайд-Мохьмадна шогачу хьелашкахь йолчу набахтехь даккха 9 шо хан тоьхна. 2017-чу шеран Гезгамашин-баттахь хилла ду зулам. Талламан версица, психотропан молханаш оьцуш хилла Омаров Кардашовгара. Иза лачкъийна вигина зуламхочо, ткъа цуьнана дакъа хIинца а каронза ду. Хиллачух шина кепара дийцина Омаровс. 2018-чу шарахь ша теш хилча санна мукIарло дина цо, ткъа стохка бехкевийриг санна хьалха хIоьттина иза кхелана... Читать дальше...

Етт "угIу" я "боьлху"?

Radiomarsho.com 

Мотт мел хаза хеза хаза буйцучуьнгахь, мот мел маьттаза хеза вон буьйцучуьгахь! Муха дуозало ша ден хIума адамца, дийнатца, ораматца, я аьр вай, догIанца нохчийн маттахь? Уьш муха хеза, лела, цара дийриг муьлхачу дешнашца гайта деза? Олийла-х даций: говр Iаьха, Iахар биэка, цициг чIиэIа! Вуно хаза делла оцу хеттаршна жоьпаш нохчийн поэта Хатуев Iабдул-Хьамида. Байт ю цуьнан оцу хьокъехь.



Хьехархо верна декъах ву аьлла, бехкевина Францехь виъ дешархо

Radiomarsho.com 

Парижна гергахь хьехархо Пати Самюэль вер толлучу Францерчу полицино бехкаш дехкина виъ дешархочунна, хаамбо РЕН ТВ канало.  47 шо долу хьехархо къизаллица вийра Нохчийчуьра схьаваьллачу Анзоров IабдуллахIа, Парижна гена йоццучу  Конфлан-Сент-Оноринехь. Оцу гIуллакхна тIехула верриг а жоьпе озийна, зуьйш ву итт стаг, яздора "Новости" агенталло. 47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра байначу беттан 16-чохь. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Читать дальше...

Нохчийчоь: 6 миллион сом  алапа белхалошна дIа ца делла хьаькам шеконе эцна

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан гIишлошъяран хьукматан директорна Нохчийчохь дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина, шина баттахь сов белхалошна алапаш ца кхачош хьем барна. Талламчийн версица,  ялх миллион сов сом ду вовшахкхеттарг.  Карарчу шарахь сецийна ду дуьйцу алапаш. "Хьукматан чоьтехь дIадала дезачул а масийттаза сов ахча хиллашехь, дIа ца луш хилла цо", - хаамбо махкарчу талламан урхалло. Бехкзуламан гIуллакх кхин дIа а толлуш ду. Чеченстатан зерашца, республикехь юккъерчу барамехь лерича, 27 эзар сом ду белхан алапа. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 30 дархо

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 30 стаг, вирус кхетта 1 102 вахархочунна. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо хаамбарца, Дагестанехь велла ковидах бархI дархо, Краснодаран кIоштахь ялх, ГIалмакхойчохь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь шиъ, Нохчийчохь а, Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а цхьацца пациент велла. Пандеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь кхелхина COVID-19 вирусах 3 582 стаг. Къасьттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь ... Читать дальше...

Кхин а Оьрсийчуьра 90 бер ду Шемара цIадало кечдеш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу берийн бакъоларъярхочун пресс-гIуллакххоша хаамбарца, Шемара Оьрсийчу дало кечдеш ду кхин а 90 гергга бер. "90 гергга Оьрсийчуьрчу кхиазхойн кехаташ кечдина довлуш ду",- аьллачу омбудсменан Кузнецова Аннин дешнаш далийна ТАСС агенталло. Карарчу беттан 13-чохь даймахка далийна 31 бер хIинцале а Дагестанерчу а, ГIалгIайчуьрчу а, Къилбаседа ХIирийчуьрчу а, Кхарачой-Чергазийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а, иштта Ханты -Мансийскан автономин гонашкарчу а церан гергарчаьрга дIакхачийна аьлла, тIечIагIдина Кузнецовас. Читать дальше...

26 шо кхаьчна "оппозицин" тобанаша Соьлж-ГIалана тIелатар дина

Radiomarsho.com 

26 шо хьалха 1994-чу шарахь, Лахьан-беттан 26-чу дийнахь, танкашца болчу Оьрсийчоьнан эскархоша гIо а деш, Соьлж-ГIалана тIелатар дира Дудаев ЖовхIара куьйгалла дечу Iедална дуьхьал болчу оппозицин ницкъаша. Шайн исторехь дуьххьара вовшашца тIом бира нохчаша цу дийнахь. ХIинца а билггал хууш дац, Соьлж-ГIалана тIелатар дича шина а агIор байинчу нехан терахь. Кхин а ши кIира даьлча Оьрсийчоьнан эскарша буьззинчу барамехь дIаболийра хьалхара тIом.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *