Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2020
1
2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
15
16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 30.11.2020

Кремлна хадечо ша-шен вийна белхан меттехь

Radiomarsho.com 

Федералан хадаран урхаллин (ФСО) белхахочо ша-шен вийна Кремль ларъеш Iачу юкъанна. Низамхойн хьасташна тIе а тевжаш, и хаам баржийна ТАСС агенталло. Baza ресурсан информацица, белхан меттехь, Кремл чохь, велларг ву Захаров Михаил. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан президент ларвечу декъера ву шена тIе куьг даьхьинарг. Ткъа ТАСС-ан хьасто, Захоров оцу декъера вара, амма вацара президетан дахарх жоп луш, аьлла. Захаровн коллегашка иза валаран бахьана хаьттича, Baza пабликна цуьнан коллегашка делла жоп иштта ду... Читать дальше...

ТIемалой лецна, беранна йиттина школин директора, "Иегован Тешаш" бу луьттуш

Radiomarsho.com 

1999-чу шарахь Нохчийчохь Хаттабан тобанца Оьрсийчоьнан эскарех летта ши стаг лаьцна ФСБ-но; Бесланехь дешархочунна электронан цигаьркина тIехула йиттина школин директора; ГIебарта-Балкхаройчохь тобан декъашхойн хIусамех хьуьйсу полисхой

"Медиазона": Охан-баттахь дуьйна коронавирусах дарбан хIусамашкахь белларш бу 75 000

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь Охан-баттера схьа коронавирусан дарбан цIийнашкахь белла нах бу 74 866. И терахь шозза лекха ду Оьрсийчоьнан урхаллаша официалехь даржийначул. Иштта яздо "Медиазона" портало, могашаллин министраллерчу коронавирусан хьал тергалдечу Информацин центран статистиканна тIе а тевжаш. Регионашкарчу а, федералан а Iедалехь ду коронавирусах беллачийн оперативан терахьаш, амма цара халкъанна ца довзуьйту уьш ма-дарра, лахдо дуккхаза а, цхьайолчу меттигашкахь гуттар а дайдина сурт, боху "Медиазоно". Читать дальше...

ХIун аьлла хета тахана Петербургерчу бахархошна Кадыровн цIарах тIай шайн гIалахь хиларна?

Radiomarsho.com 

ХIара Петербургера тIай Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе лелош ду. Цхьана хенахь и цIе тиллар бахьана долуш дуьхьалонан акцеш хилира кхузехь. Ткъа тахана хIун хета цу хьокъехь меттигерчу бахархошна къастийра Маршо Радион корреспондента.

ГIебарта-Балкхаройчохь "Иегован Тешаш" тобан декъашхойн хIусамех хьуьйсу ницкъхой

Radiomarsho.com 

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу гIаланашкахь Iедалан ницкъаш Оьрсийчохь магийна йоцчу "Иегован Тешаш" тобан декъашхойн цIенойх хьуйсу кху деношкахь. И мур болийна кхело махкара вахархо Залипаев Юрий бехказваккхарца доьзна. "Каспаров.Ru" портало бечу хаамца, ГIебрта-Балкхаройчуьрчу Эльбрусан кIоштарчу талламхой декъера Гятов Шемал ву болам айбинарг. ХIусамех хьийсина Iедалхой Тырнаузехь а, Майский а гIаланашкахь. Девнаш ду махкахь цхьацца болчу "иеговхошна" дуьхьал айдина. "Бахархошка цхьацца литература кхийдорца... Читать дальше...

Бесланехь дешархочунна электронан цигаьркина тIехула йиттина школин директора

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчуьрчу цхьана школин директора дешархочунна еттар толлур ду мехкан прокуратуро. Инцидент иккхина Беслан гIалахь – цунах лаьцна яздо Instagram-ерчу аккаунтехь. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, №8 йолчу школехь директора-зудчо йиттина 7-чу классерчу кIантанна. Бахьана хилла беро школе электронан цигаьрка яр. Баьржина хаам талла дагахь ду шаьш, аьлла прокуратурин белхахоша. Лахьан-беттан 27-чохь ГIебарта-Балкхаройчуьрчу цхьана школехь хьехархо герз а детташ кIелхьарвелира шена зулам дан тIаьхьабевллачу дешархочун гергарчех. Читать дальше...

1999-чу шарахь Нохчийчохь Хаттабан тобанца Оьрсийчоьнан эскарех летта ши стаг лаьцна ФСБ-но

Radiomarsho.com 

ФСБ-н Нохчийчуьрчу урхалло лаьцна Шелковскан кIоштарчу Оьрза-ГIалина гергахь 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарна тIелетта ши тIеман декъашхо. ТАСС агенталло бечу хаамца, уьш бу Нохчийчуьра бахархой Идалов Асламбек а, Идалов Саламбек а. Цара т1амехь дакъалаьцна баьччийн Басаевн а, Хаттабан а тобанашкахь, аьлла ю информаци. Уьш лоьцуш ФСБ-на накъосталла дина полицин, Росгварди декъан белхахоша. 1999-чу шеран ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Оьрза-ГIалина уллехь хиллачу тIематасадаларехь вийра 15, чевнаш йира 28 Оьрсийчоьнан эскархочунна. Читать дальше...

Терроризм къобалъярна 300 эзар сом гIуда тоьхна Хабаровскан вахархочунна

Radiomarsho.com 

Хьалхарчу Малхбалерчу тIеман кхело Хабаровскерчу вахархочунна 300 эзар сом гIуда кхайкхийна цо терроризм къобалъярца доьзна толлучу бехктакхаман жамI деш, хаам бо "Интерфаксо ". Регионерчу къайлахчу сервисо (ФСБ) бахарехь,  шен интернетерчу "ВКонтакте"-агIоне Хабаровскан вахархочо терроран тохарш къобалден материалаш хIиттийна, цо бакъвеш хилла 2011-чу шеран аьхка Норвегехь талор дина Брейвик Андерс. Шен бехканна къерахилла кхеле озийнарг. Сацам кхочушбар тIехь дитина цунна. 2019-чу шеран Чиллан-беттан... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *