Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2020
1
2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
15
16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Новости за 10.11.2020

Баларш а, теракташ а: набахтехь, некъашца а

Radiomarsho.com 

Челябинскерчу колонехь вийначу Исраиловн гергарчарна компенсаци лур ю; ФСБ: Къилбаседа Кавказехь 15 теракт юкъахдаьккхина; Некъан бохамашкахь дукха ле Нохчийчохь

Масканаш цалелорна Роспотребнадзоран куьйгалхочо бехк баьккхина Къилбаседа Кавказан мехкашкара

Radiomarsho.com 

Роспотребнадзоран урхалхочо Попова Аннас цхьа могIа Оьрсийчоьнан субъекташ емалйина, коронавирусна дуьхьал баьхна барамаш ларбеш цахиларца доьзна. "Халахеташ делахь а, ши кIира хьалха пачхьалкхан коьртачу санитаран лоьро арахецна омра цхьайолчу Оьрсийчоьнан субъекташкахь лардеш дац. 50 процент бахархой юкъарчу транспорта тIехь а, яккхийчу туьканашкахь а масканаш лелош бац. Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Пензан кIоштахь а низамаш лардеш цахиларх информаци ю тхоьгахь",- аьллачу Попован дешнаш далийна Новости агенталло. Читать дальше...

Набахтехь Iазап лелийна вийначу нохчочун гергарчарна компенсаци кхачийна

Radiomarsho.com 

Колонехь лелийначу Iазапех веллачу Исраилов Султанан гергарчарна компенсаци кхачош сацамбина Нохчийчуьрчу Ленинскан кIоштан кхело. Ши миллион сом кхачор ду цуьнан доьзална аьлла, хаамбина Кавказ.Реалиига "Зона права" юкъаралллан координаторо Мухамеджанов Булата. ГIело а йина, шайн вийначу стагах компенсаци яккха ИсраиловгIар хьийза пхи шо а дара: 2015-чу шарахь хилла инцидент ю иза. Исраилов Султанан кхалхар Челябинскерчу лоьмар 2 йолчу колонехь хиллашехь, цо суицид йина аьлла, набахтен белхахой дIадерзон гIиртинашшехь... Читать дальше...

ФСБ: 15 терроран тохар юкъахдаьккхина Къилбаседа Кавказехь кху шарахь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша (ФСБ) хаамбина, доьдучу 2020-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь терроран кепехь 15 зулам юкъахдаьккхина шаьш аьлла. "Шо доладелчхьана Къилбаседа Кавказехь дан лерина 15 терроран зулам юкъахдаккха аьтто баьлла", - аьллачу ФСБ-н урхалхочун Бортников Александран  дешнаш далийна РБК агенталло. Къайлахчу сервисийн белхахоша тIемалой бара аьлла, 35 стаг вийна, кхин а 53 лаьцна ву. Дуьненаюкъарчу террорхойн организацийн 23 гара  хIаллакдина шо доладелчхьана аьлла, тIетоьхна цо. Читать дальше...

Ломан Карабахехь тIом сацорах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьно а Азербайджана а, Эрмалойчоьно а

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоь машарбархой хIажош ю Ломан Карабахе. Путин Владимира а, Алиев Ильхама а, Пашинян Николас а цхьаьне барт бина, оцу регионехь тIемаш сацош. Ткъа Бакухь толам базбеш хиллехь а, Ереванан бахархоша ямартло санна тIеэцна шайн премьеро бина сацам.

21 стаг велла дийнахь-буса. Къилбаседа Кавказера коронавирусан статистика

Radiomarsho.com 

ТIаххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан эпидемих велла 21 дархо, ун къаьстина кхин а 952 стагаца. Вирус ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, ворхI стаг кхелхина Дагестанехь, Краснодаран кIоштахь ялх, Ставрополан махкахь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь кхоъ, Нохчийчохь цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь велла COVID-19 вирусах 3 214 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь-буса къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан махкахь - 201 стаг: Ставрополан... Читать дальше...

Воронежерчу эскархойн декъехь вийна ГIалгIайчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Кху беттан 9-чохь Воронежерчу  эскархойн декъехь хиллачу кхийсаршкахь байъинчу салтишлахь ву ГIалгIайчуьра вахархо. "Воронежан кIоштарчу тIеман аэродромехь салтичо тIелатар дина вийна кхо эскархо. Царлахь ву тхан махкахо Акталиев Микаил",- хаамбина республикан урхалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас "Интерфакс" агенталле. Агенталло чIагIдарца, вуьйцург ву Наьсаран кIоштарчу Экажево эвлара 1997-чу шарера Акталиев Микаил. Хиллачунна тIекхиа Iалашонца цуьнан гергара нах Воронеже бахана, иштта, велларг дIаволла цIа а валош. Читать дальше...

Некъашкахь хуьлучу бохамашкахь дукха нах ле Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Карарчу шарахь некъан бохамашкахь нах дукха беллачу регионех хIоттийначу рейтингехь хьалхара ю Нохчийчоь, яздо REGNUM агенталло. Махкарчу некъаш тIехь зен хиллачу цхьа эзар нахалахь 284 стаг велла. Иштта ду Новости агенталло 2020-чу шеран исс баттахь динчу зерийн жамIаш. Кхинйолу Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара субъекташ а ю оцу тептарехь. Масала, ГIалгIайчохь хиллачу аварешкахь велла 163 стаг, ГIебарта-Балкхаройчохь 146, Дагестанехь 136, Кхарачой-Чергазийчохь 110. Къилбаседа ХIирийчохь а, Ставрополан кIоштахь а 87 вахархо.

Карабахе хьажийна Оьрсийчоьнан 2 эзар машарбархо

Radiomarsho.com 

Ломан Карабахе хьажийна Оьрсийчоьнан машарбархой тIехь болу Ил-76  транспортан ялх кема. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан тIеман министралло. Верриг а оцу регионе хьажор волуш ву 1960 эскархо а, 470 техника а. Уьш дIатарбеш бу оцу регионехь Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а хьлханчаша бинчу бартаца. Хьалхо оршотан дийнахь социалан машанашкахь гучудевлира Ульяновскерчу "Восточный" аэродроман даьхна сурташ. Цу тIехь гуш дара Ил-76 олу 10 транспортан кема. Оршотан сарахь Оьрсийчоьнан а... Читать дальше...

Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин урхалле хIоттийна Кадыров Хас-Мохьмад

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун  Кадыров Рамзанан администрацин урхалле хIоттийна 28 шо долу Кадыров Хас-Мохьмад. Мехкан куьйгалхочун цIийнах стаг ву иза. "Чечня Сегодня" агенталло бина цунах лаьцна хаам. Кхул хьалха Нохчийчоьнан экономикан кхерамзаллан Кхеташонан секретарь вара Кадыров Хас-Мохьмад. 2012-чу шарахь, цуьнан 20 шо долчу хенахь, Соьлж-ГIалин мэран гIоьнча вахийтира иза. Цул тIаьхьа пхи шо даьлча чоьхьарчу гIуллакхийн министралле дехьаваьккхира иза, ткъа 2019-чу шарахь юьхьанца Устрадин мэр хIоттийра... Читать дальше...

ТIом сацорах лаьцна дIахьедар тIеэцна Путина а, Алиевс а, Пашиняна а

Radiomarsho.com 

Ломан Карабахехь тIемаш совцорах лаьцна дIахьедарна тIе куьйгаш таIийна Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а президенташа а, Эрмалойчоьнан премьер-министро а. Цунах лаьцна уггар хьалха хаам бинарг вара Эрмалойчоьнан премьер-министр Пашинян Никол. Фейсбукехь цо хаам бира, шайн халкъана "чIогIа лазаме" долчу дIахьедарна ша тIе куьгтаIийна хиларх лаьцна. Ша и сацам бина фронтехь хIоьттина хьал тидаме а эцна. "Иза толам а бац, эшам а бац", - яздо Пашиняна. ТIаьхьо дIахьедрна тIе куьг таIор тIечIагIдира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *