Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

Новости за 02.01.2021

ГIалгIайчуьрчу СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а цIийнах болчу наха маслаIат доьху

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а тайпанийн векалша дехар дина Соьлжа-гIалахь шайн воIарийн карах веллачу Джабраилов Мохьмадан цIийнах болчу нахе, шаьш тIедитахьара маслаIатан дийцарш доло аьлла. Шуна бIегIийла доллучу дийнахь шаьш тIедахка кийча ду аьлла, дIахьедина цара. Иштта, цара кадам бина веллачух, маршалла хиларе сатуьйсу шаьш аьлла лазийна, дарбанан цIийнехь Iуьллучунна а. Соьлж-ГIали юккъехь шайн шина кIанта ППС-н белхахошна дина тIелатар шьаш емалдо аьлла, дIахаийтина ГIалгIайчуьрчу тукхамо. Читать дальше...

Фитнес-клубаш а, спортан школаш а схьайоьллуш ву Нурмагомедов

Radiomarsho.com 

Спортхочун Нурмагомедов Хьабибан доларчу "Сильди" компанино дехар дина Роспатенте, Khabib Gym цхьа могIа фитнес-клубаш а, шен ден Нурмагомедов Iабдулманапан цIарах латархойн школа а схьаелла а бакъо йоьхуш. Mash телеграм-канало бина цунах лаьцна хаам. Иштта билгалдаьккхина церан текстехь, Нурмагомедов Британехь а, Гергарчу Малхбалехь а спортан школаш схьаелла лаам болуш хиларх. Цул совнах, UFC чемпионан менеджеро Iабдул-Iазиз Iелас дIахьедина, Нурмагомедов октагоне юхаван тарло аьлла. Нагахь санна... Читать дальше...

ТIаьххьарчу дийнахь-буса короавирусан уьнах велла Къилбаседа Кавказехь 28 стаг

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронвирусан уьнах велла 28 дархо, вирус къаьстина кхин а 1 235 стагаца. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина COVID-19 вирусах 15 пациент, Ставрополан махкахь велла ворхI, Дагестанехь пхиъ, Адыгейхь цхьа дархо. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла коронавирусах 5 920 стаг. Къаьсттина дукха хаабелла ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца Ставрополан кIоштахь - 245 стаг. Ставрополан мохк+ 245... Читать дальше...

ГIалгIайчуьрчу ТимурзиевгIеран тукхамо дина дIахьедар "сийсазалла хилла а ца Iа" аьлла Нухажиевс

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь тIелатар динчул тIаьхьа гIалгIайн тайпанийн векалша дина дIахьедар сийсазалла хилла а ца Iа аьлла Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис. "ТIе а летта, стаг вийначул тIаьхьа тоьшаллаш дехар сийсазалла хилла а ца Iа", - иштта дIахьедина Нухажиевс. Стаг вер нийса хетар санна хIума ду иза аьлла, билгалдаьккхина цо. Иштта омбудсмено дагадаийтина, нохчийн къомо беза мах охьабиллина хиларх, шайн лаьтта тIехь машар хилийтархьама, ткъа таханалера паргIато а, кхерамзалла а латтош верг республикан куьйгалхо ву аьлла цо. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *