Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

Новости за 30.01.2021

Джумаевс дийцина, мича бахьанашца лата вуьйлира ша омонхойх

Radiomarsho.com 

Москвахь Навальный Алексейгахьа болчу наха хIоттийначу митингехь омонхошна дуьхьал тасавеллачу университетан дешархочо Джумаев Сайд-Мухьаммада дийцина, шен девне валарх. "Сан кхетам бацара, иштта доьрзур ду аьлла. Цхьанна а чов ян Iалашо яцара сан. Нахаца харцо лелош гира суна, гулбеллачех дIа а кхетта, со мохь бетта вуьйлира, тIаккха царех тасавелира. Цхьанадекъан сайн бехк хиларна къера ву со, хIунда аьлча, хIетахь дерриг а цхьа кхечу тайпа гора суна", - аьлла, дийцина Джумаевс "Московский комсомолец" газетан корреспонденте. Читать дальше...

Москвахь Навальныйгахьа митинг хIотточу дийнахь болх беш хир яц метро, дIакъовлуш ду коьрта некъаш а

Radiomarsho.com 

Лаьцна оппозицин политик Навальный Алексей маьршаваккхар тIедожош акци дIахьочу дийнахь Москвахь къевлина латтор ду коьрта урамаш, иштта, дIакъовлуш ю метрон ворхI социйла а. Настоящее Время проекто бина цунах лаьцна хаам. Iуьйранна 8 сахьт даьлча сацийна метро, "полицино омра даллалц" къевлина юьтур йолуш ю.  Юьйцурш ю "Александровский сад", "Охотный ряд", "Театральная", "Площадь Революции", "Кузнецкий мост", "Лубянка", "Китай-город" станцеш. Чувоьду а, араволу ший а агIо болх беш хир яц. ДIакъовла билгалдаьхначу урамийн а... Читать дальше...

Кадыров: Москвахь эрна буьйлабелла лела кегийрхой даймахка берзор бу

Radiomarsho.com 

Москва дIа а оьхуш, цигахь эрна буьйлабелла лела кегийрхой ша нийсачу новкъа баха цIа берзор бу аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Болх лаха доьлху шаьш аьлла, Москва а бахана, цигахь деш-дуьтуш боцуш лела вайн махкара кегийрхой лоьхуш, уьш даймахка берзош болх кхин дIа а бан беза вай", - яздина Кадыровс шен "ВКонтактерчу" агIонехь. Къаьсттина бан болх боцуш, эрна буьйлабелла лела кегийрхой харцахьачу новкъа бовла мега, царех "зуламхой, йа наркоманаш хила тарло" аьлла, билгалдаьккхина нохчийн куьйгалхочо. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *