Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

Новости за 21.01.2021

"Хьаьжа юккъе тоьхна вуьйр ву". Кадыров Рамзана кхерамаш туьйсу Закаев Ахьмадна

Radiomarsho.com 

Политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам тесна Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочун видео ю цо пайдаоьцучу инстаграм-агIонехь. Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла. "Хьо сихха цIавола, ас тоьли чу хаор ву хьо. Я хье юккъе герз тоьхна вуьйр ву, чIир сайна тIе а оьцуш. Со кийча ву и чIир Далла а, халкъана а хьалха тIеэца", - дIахьедо Кадыровс. Кадровна улле хиъна ву йоьдучу машена чохь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкан буьйранча Чалаев Замид ... Читать дальше...

Къолано дохьу криптовалюта а, Кадыровн говраша йохьу са а

Radiomarsho.com 

Тоькан майнинг-къоланаш гучудаьхна Къилбаседа Кавказехь 230 миллион соьманна; Кадыров Рамзанан говраша хьалха санна ца йохьу шайн дена са; ГIалгIайн протестан лидершна ечу кхелехь талламчашна тIе ца тайна полисхо

Тоькан майнинг-къоланаш гучудаьхна Къилбаседа Кавказехь 230 миллион соьмана

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказна ток латточу "Россети Северный Кавказ" компанино бечу хаамца, регионехь 35-зза гучудаьлла баккхийчу барамашкахь майнинг-ферманаша ток лечкъор, хьовзийна ток ю 230 миллион соьманна. 24-зза оцу кепехь ток лачкъийна Дагестанехь 90,4 млн соьманна. 7-зза -ГIалгIайчохь, I38 млн соьманна, Нохчийчохь майнерша лдачкъийна ток 1,4 млн соьманна, боху компанин векалша. Гучудаьхначу къоланех дукхахдерг тергоне эцна низамхоша, айдина бекхтакхаман девнаш. Майнинг – иза криптовалюты доккху компьютерш латтор ду. Читать дальше...

ГIалгIайн протестан лидершна ечу кхелехь талламчашна тIе ца тайна полисхо

Radiomarsho.com 

Ставропол-мехкан Ессентуки гIалахь хоттучу гIалгIайн жигархойн кхелехь лебеш бу тешаш. Кхаарин дийнахь кхеле тоьшалла дан кхайкхинера полицин эпсаре, амма цигахь цо, талламна хетарг харц а деш, аьлла, ша ца лору бехкебийраш экстремистийн тоба. Юриста Куриев Жабраила дийцарехь (кхеле валийначу Ужахов Малсаган адвокат ву иза), полисхо хилла 2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь протестан гуламехь шен болх беш. "Нах гулам боьрзучу сахьташкахь дIасабахара, ткъа бухайисина жима тоба яра, цо цхьа а ца хьевора я низамна дуьхьал бохуш хIума а дацара... Читать дальше...

ХIинжа-ГIалахь полицино йохийна Навальный къобалвеш хIоттийна пикет

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIалин центрехь, цхьацца стаг пикете а хIуттуш, оппозиционер Навальный Алексей лацарна а, политикан тутмакхаш набахтехь кхабарна а дуьхьалболчу наха, жигархо Исаев Къедар коьртехь а волуш гIаттийна акци йохийна полицино, хаам бо "Юг. МБХ медиа" ресурсо. "Маршо Навальныйна/#маршо тутмакхашна" йоза тIехь долу плакат а карахь Исаев дIахьоьттина ткъеха минот яьлча еъначу полицино дIавигина иза. Полицин декъехь хеттарш деш, кхерамаш туьйчуш кхаьбна политикан жигархо. Цо ша дуьйцу хилларг: "Веа стага левира со... Читать дальше...

"VIP камера яц Навальный чохь латториг, кхечеран санна камера ю". Стенгахь латтош ву Навальный (+видео)

Radiomarsho.com 

"Матросская тишина" изоляторан камери чохь ша цхьаъ ву Навальный Алексей. СИЗО-ра и камера муха ю, стенгахь латтош ву Навальный аьлла, хаьттира оха бакъоларъярхочуьнга, Москварчу Юкъараллан тергамчийн комиссин секретаре Мельников Алексейга. - СИЗО-хь Навальный Алексей волчахь хилира хьо. Дийцахьа, муьлхачу хьелашкахь латтош ву иза? - Кхечеран санна камера ю, и бохург хIун ду, цхьаболучара ма баххара, VIP яц, кхечу чоьнел а оьшуш а, йа тоьлаш а яц. Кхаа стагана лерина камера ю иза, цкъачунна ша цхьаъ ву иза цу чохь. Читать дальше...

Кадыров Рамзанан говраша хьалха санна ца йохьу шайн дена са

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу шина шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доларчу говраша къовсамашкахь даьккхина 33 млн 724 эзар сом, яздо "МБХ медиа»" ресурсо. Говраш хехкарца йоьзна йолчу Германерчу Turf-times портало бахарехь, 2019-чу шарахь Кадыровн говраша дакъалаьцна Дубайрчу кхаа къовсамехь, даьккхина ахча ду евро валютехь 236 эзар а, 182 эзар а, 29 эзар а. Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь доцуш, тIаьххьарчу шина шера чохь Кадыровн говраш хихкина Чехерчу къовсамашкахь а, амма цигахь ца даккхаделла... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *