Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

Новости за 09.01.2021

Паьнказхоша амнисти йоьху террорхочунна Чатаевна гIодарна набахти токхучарна

Radiomarsho.com 

2017-чу шарахь терроризманна аьтто барна набахте хьийсийначу шайн махкахошна Iедал амнисти яре кхойкхуш, пIераскана протестан акце гулбелира Гуьржийчуьрчу Панказара бахархой Дуиси юьртахь, яздо "Эхо Кавказа" сайто. Хьехораш бу паьнказхой Горнакашвили Зураб, Алдамов Руслан, Маргошвили Рамаз – террорхочунна Чатаев Ахьмадца уьйре бахарна йинчу кхелаца 10-12 шераш токхуш бу уьш набахтехь. Протестхошна хетарехь, и нах мукъабаха беза тIедогIучу кIиранах Гуьржийчоьнан парламенто дийцаре дуьллучу амнистех долчу низаман буха тIехь. Читать дальше...

Кадыров Рамзанан цIе туьллуш ю Соьлжа-ГIалин Ахматовски кIоштарчу маьждигна

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь хиндолчу рогIерчу маьждигна буха капсула йиллина Соьлжа-ГIалахь. Хир ду и маьждиг гIалин Ахматовски кIоштахь, цIе туьллур ю Кадыров Рамзанан, хаам баржийна "Чечня сегодня" агенталло. 2 стаг чутарлуш хир ду маьждиг. Нохчийчоьнан Iедалан хаамийн гIирсаша дийцарехь, Кадыровн цIе цунна туьллийла лиинарш бу "мехкан куьйгалхочун го а, регионан бахархой а". Нохчийчохь 346 урамна техкина мехкан таханлерачу куьйгалхочун а, цуьнан гергарчийн а цIераш. КадыровгIар схьабевллачу меттигна ярташ герга мел хуьлу а алссам тохку и цIераш. Читать дальше...

Twitter-о даиманенна йихкина Трампан аккаунт

Radiomarsho.com 

Твиттер компанино пIераскан сарахь дIакъевлина шен социалан машанера Американ Цхьаьатоьхначу Штатийн президентан Трамп Дональдан аккаунт – 88 милиион стаг вара цуьнга язвелла. Амма официалехь президентан лору агIо яц юьйцург, ю Трампан шен Твиттерера аккаунт. Ша арахецначу дIахьедарехь корпорацино боху, "@realDonaldTrump аккаунтера йозанаш а, уьш машанехь кхетор а муха нисло теллинчул тIаьхьа оха сацам бина, къепедацарш ца даржийтархьама, даиманенна и аккаунт дIакъовла". Кху беттан 6-чу дийнахь Трампан агIончаш Капитолийна тIелатар а... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *