Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

Новости за 19.01.2021

Хьал-де Iалашдечу компанино гаранти ца ло Путинан цIерпошт Къилбаседа Кавказехула ца бухуш лелийта

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь уггаре йоккха ларалучу Iедалан а, нехан а хьал-де Iалашдечу "СОГАЗ" компанино президентан Путин Владимиран цIерпошт ца эцна шен Iуналле Къилбаседа Кавказехула лелачу юкъанна. "№I цIерпошт" кхерамзаллехь кхаба "Транспортан "Россия" комбинато" (президентана некъан хьашташ латтош йолчу урхалло) барт бо оцу компаница. Керла барт хIоттийна кхушаренна а. Амма и барт ца хьакхало ерриг а Оьрсийчоьнан некъех – шена тIе ца эцна компанино цIерпошт хьовзамех Iалашбан Нохчийчу, Дагестане, Къилбаседа ХIирийчу, ГIалгIачу кхаьчна нислучу ханна. Читать дальше...

ФСБ-н Нохчийчуьрчу урхаллехь болхбинарг бехкево стаг вен кечам барна

Radiomarsho.com 

Москварчу Савёлово кIоштан кхело лаца кхайкхийна мехах Воронежера совдегар Корнев Кирилл вен кечамбарна Алероев Iаьрби а, Нальгиев Ислам а, Замураев Иван а, яздо "Коммерсанто". Талламо бахарехь, 2016-чу шеран бIаьста мехах цхьамма дехна Нальгиев Исламе Корнев Кирилл вер. Нальгиевс, реза а хилла, шеца цхьаьна дехар кхочушдан ши накъост лехна – Замураев а, Нохчийчохь ФСБ-н урхаллехь леррина гIуллакхаш дIакхехьна подполковник Алероев а. Корнев вен тIаьххьара миноташ йисинчу хенахь зуламна духьалойина Iедалан белхахоша. Читать дальше...

Гуьржийчу боьлху некъаш лецна Iаьно, амма "бакъо яц Оьрсийчоьнан и пачхьалкх НАТО юкъа ца яхийта"

Radiomarsho.com 

700 кир кхоьхьу машен дIа ца яхалуш лаьтта Лакхарчу Ларсехь; охьашершинчу лайн тархаш кIел велла гIосалазийн спортан "Домбай" федерацин президент; Столтенберг: Оьрсийчоьнехь дац къастор, хир ю Гуьржийчоь, Украина Атлантикан тIеман альянсехь я хир яц

В Чечне началась подготовка к выборам. Пойдет ли Кадыров на четвертый срок?

Radiomarsho.com 

Ровно через 8 месяцев, 19 сентября 2021 года в день единого голосования в Чечне пройдут выборы руководителя республики. Чеченским избирателям в этот предстоит также выбрать депутатов парламента республики, депутатов Государственной Думы РФ, Грозненской городской думы, а также 2 городских поселений, 14 муниципальных районов и 173 сельских поселений. Подготовка к избирательным кампаниям федерального, регионального и муниципального уровней в республике уже началась. На днях состоялось первое заседание избиркома республики... Читать дальше...

Лачкъийна, Iазапехь валлийна, вийна: мила ву бехке нохчийн полисхоша вадийнарг валарна?

Radiomarsho.com 

Хаси-Эвлара фармацевт Кардашов Алексей ша вийна аьлла, мукIарло динчу 36 шо долчу Соьлж-ГIаларчу таксхочунна Омаров Сайд-Мохьмадна динчу таIзаран хьокъехь чуделла арз Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелехь листа дезаш ду. 2017-чу шеран Гезгамашин-беттан 14-чохь лачкъийра иза Хаси-Юьртахь Росгвардин эскархоша. Цуьнан машенахь Нохчийчу вигинера иза, цул тIаьхьа Кардашов цхьанна а гина вац. Кардашовца цхьана лаьцнера Омаров а: цуьнгара "Лирика" оьцуш хиллера иза, цундела юьхьанца дуьйна теш санна тIеозийнера. Читать дальше...

43 вахархо велла, 1095 цомгуш хилла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь COVID-19 цамгарх велла 43 стаг. Официалехь цомгуш хилла лору дийнахь-буса 1095 вахархо. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь цомгушчех кхелхина 20 стаг, Ставропол-махкахь – 8, Дагестанехь – 7, Адыгейхь – 3, Кхарачой-Чергазийчохь – 2, ГIалмакхойчохь, Нохчийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь – цхьацца. Пандемин муьрехь ерриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору 6 489 стаг. Дийнахь-буса а, юьхьанца... Читать дальше...

700 кир кхоьхьу машен дIа ца яхалуш лаьтта Лакхарчу Ларсехь

Radiomarsho.com 

700 бIе кир хьоьхьу машен лаьтта сецна, БIон-Гуьржийн некъ белларе хьоьжуш Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а дозанерчу "Лакхара Ларс" социйлехь, хаам баржийна "Интерфакс0". КIира ду машенашлелорхошка доза хада ц ало: кху беттан 11-чохь, буса 10 сахьт даьлча къевлира БIон-Гуьржийн некъ, бахьана дара Гуьржийчохь хенан хIоттам эшар. "Казбеги" - "Лакхара Ларс" бен ца хуьлу Оьрсийчоьнний, Гуьржийчоьнний юкъахь болчу машенийн некъех Iаьнан муьрехь болх беш.

"Уггар а маьршачу" махкахь Iазапаш, нах байъар, спецоперацеш. 2020-чу шеран Нохчийчуьра жамIаш

Radiomarsho.com 

Стохка Нохчийчохь лечкъийра Iедална муьтIахь боцу нах, бозуш боцчу блогерийн агIончашна тIаьхьабевлла а лийлира, ницкъбира меттигерчу бахархошна, холмачалла лелийнарш пачхьалкхан телевизионе а балош, цаьрга гечдарш дехийтира. Иштта, федералан бюджетан ахчанех гIишлош йира, ткъа дуьйцура, Кадыров Ахьмадан Фондан чоьтах хьалайина, бохуш. Кавказ.Реалиин материалехь дуьйцу шеран коьртачу жамIех лаьцна. Спецоперацеш а, нах лецарш а Оьрсийчоьнан регионашлахь "Нохчийчоь - уггар а кхерамза" республика... Читать дальше...

Столтенберг: Оьрсийчоьнехь дац къастор, хир ю Гуьржийчоь, Украина Атлантикан тIеман альянсехь я хир яц

Radiomarsho.com 

Атлантикан тIеман цхьаьнакхетараллин (NATO) инарла секретара Столтенберг Йенса дIахьедина: Оьрсийчоьнехь бац къастам, хир ю Гуьржийчоь а, Украина а Атлантикан тIеман цхьаьнакхетараллехь я хир яц. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Эхо Кавказа" портало. "Оьрсийчоьнан ур-атталла яц бакъо Атлантикан тIеман цхьаьнакхетараллина юкъаяха лууш йолчу йозушйоцчу пачхьалкхашна юкъагIерта а, уьш сецо а", – аьлла оршотан дийнахь Парижерчу арахьарчу гIуллакхийн хьаштийн Iилманийн школехь хIоьттинчу конференцехь. Масал далош... Читать дальше...

Охьашершинчу лайн тархаш кIел велла гIосалазийн спортан "Домбай" федерацин президент

Radiomarsho.com 

Домбай юьртанна гергахь оршотан дийнахь ломара охьашершинчу лайн тархашна буханисвелла, кхелхина гIосалазийн спортан "Домбай" федерацин президент Маршанкулов Хьажамурд. Бакъдина иза цуьнан кIанта Шемала а, хаамбо REGNUM агенталло. Кхарачой-Чергазийчуьрчу Домбайна гергахь, Мусса-Ачитара юьртарчу гIосалазийн некъа тIе охаьшершина лома тIера ло. Тархашна буханисъелла гIосалазаш дIасайоькъу хIусам а, уллера кафе а. Юьхьанца лайшна кIел нисвелла бохура 4-12 стаг. ТIаьхьо кхаьчначу хаамца, орцано кIелхарваьккхинарг ву 6 спортхо, велла цхьаъ. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *