Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Эльдерханова Зайнап. ДЕКЪАЛА ХИЛЛИЙ, НЕНАН МОТТ, ХЬОХ КЪАЬСТИНАРГ? (Ойланаш)

0
Эльдерханова Зайнап. ДЕКЪАЛА ХИЛЛИЙ, НЕНАН МОТТ, ХЬОХ КЪАЬСТИНАРГ? (Ойланаш)

Эльдерханова Зайнап

ДЕКЪАЛА ХИЛЛИЙ, НЕНАН МОТТ, ХЬОХ КЪАЬСТИНАРГ? (Ойланаш)

Декъала хиллий, ненан мотт, хьох къаьстинарг?

Со а ю-кх, нанас, пазатна йома юьллучу юкъанна, назманийн мукъамаш балош, когаца ага техкош кхиийначу йоIарех цхьаъ. Шух, бусалба динний, Даймохккий, ненан моттий безачарех со хиларна Далла хастам а беш ехаш йолу. Ткъа мах, Дала а, наха а хадор хир бу-кх вайн. Децас (Дала декъала яро) олура тхоьга: «Наха хьо мел дашо-дато ву бахарх а, хьайн мах АллахIана гергахь хьайн болччул бен кхин сов боцийла хаалахь». Децас, Iалелай, ма сиха йоьду зама, 40 шо хьалха баьхнарш тахана а, хIора дийнахь а хуьлуш лаьтташ ду. Далла гергахь сийлахь ву бусалба уммат хаздеш вехарг, дуьне эхартах ца хуьйцуш, ден-ненан сий лардеш, шен мохк а, къам а лоруш вехаш верг. Стеган вахар а, валар а АллахIа рицкъ яздинчохь бен хила йиш яц боху дин девзачу наха. Вайн халкъана тIехIиттинчу баланаша а, тIемаша а дуьне ма-дду дIасадаржийна вайн адамаш… Нохчийн мухIажарийн ковранаш генарчу Хонкаран, Иорданин, Шемин мехкашка дIайоьлхуш гина дуьне ду хIара. Хьалха заманахь говран ворданашкахь дIаихна нах, хIинца вайн заманахь кеманашца, цIерпоштанекъашца дIабахана вайн махкахой…

ВаллахIи ца бахана уьш Даймохк ца безаш. Тахана Европе хьовха, I20 шо хьалха Иордане дIабаханчу нохчашна юкъахь а вац «Со гуттаренна а дIавоьду» аьлла, новкъаваьлла ваханарг! Даймохк – иза иштта атта биталуш бац нохчашка. Вайн ворхIе а ден синойн зIийдиг ю хIокху лаьттан кIоргенехь тасаелла, марзонан хутал хадо цатуьгург. Зарзлучу кIаденах тарлуш ю нохчалла олу цхьаболчара.

Амма, дукха хьолахь, нохчийн гIиллакхаш ца лелош а, ца девзаш а болу «нохчий» нохчийн орамах ца хуьлу. Хи чу кхоьссина екъа дечиг санна, тIехула баьхна и нах хIокху замано. Шайн доьзалшна хIуъа могуьйтуш, шайн берашна нохчийн мотт цахаар иэшаме ца хеташ, иза школехь Iамор новкъа долуш нах бу вайн юкъараллехь. Къомах къам дийриг Дала цунна белла мотт а бу, гIиллакхаш а ду. Нохчийн къоман гIиллакхаш хаза дуй хууш ду вайна, иза иштта хилар дика хиъна хIокху тIаьхьарчу шерашкахь нохчийн къоман векалш дIакхаьчначу дуьненан массо маьIIехь а.

Лерсина аьхна бу, Iамо атта бу нохчийн мотт, ткъа цуьнан шорто, мел ю хаа луучо, ярташкахь бехачу баккхийчу нехан къамелашка ладегIа деза я вайн яздархойн говзарш еша еза. Советийн Iедалан заманахь нохчийн мотт ца буьйцуьйтуш меттигаш яьхкира, къаьсттина Соьлжа-ГIалахь. Амма вайн заманахь нохчийн мотт нохчашна безийта, доьзалшкахь иза хаза а, нийса а бийцийта некъаш а, паргIато а шортта ю. Мотт ца буьйцуьйтуш цхьа а вац.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс оханан (апрель) беттан 25-гIа де Нохчийн меттан де ду аьлла дIакхайкхийна I3-гIа шо ду. Боккха мур бу I3 шо, I56 бутт бу иза. ХIун дина вай вешан къоман мотт Iалашбарехь, иза кхиорехь? Вайга оцу декъехь даделларг кIезиг ду. Министерствийн, ведомствийн, учрежденийн цIераш оьрсийн маттана уллехь нохчийн маттахь язйина.

Яздархойн Союзо хаддаза зорбане йохуш ю нохчийн маттахь язйина книгаш. Амма дешархошка а, кегийрхошка а ладоьгIча хаало царна нохчийн мотт ледара я хаъанне а цахаар. Барта буьйцучу меттан культура хIинца цхьаболчу баккхийчаьргахь а яц. Бакъду, цхьа а шеко йоцуш, нохчийн меттан сий деш, цуьнан кханенах дог лозуш, ненан мотт даггара безаш вайн школашкара нохчийн меттан а, литературин а хьехархой бу. Нохчашна шайн къоман мотт марзбан а, Iамон а безаш хиларна дехарш дан дезачу хьоле даьлла вайн гIуллакх, доккха эхь долуш хьал ду тахана дерг. Вай новкъа долчарна луург ду иза.

Нохчийн мотт ца оьшучу тIе даьлла вайн цхьаболчу, заманал хьалха цхьанхьа дIакхача сихбеллачеран хьал. Дала дикане кхачадойла вай. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь нохчийн халкъах болу нах ца кхочуш шахьар, пачхьалкх ца йисина кху дуьненахь.

Суна санна, шуна а гина хир ду, гур а ду, хьо дIакхаьчначу пачхьалкхехь я гIалахь, аэропорта чуьра дуьйна, урамаш а, гIаланаш а шайн къоман маттахь долчу йозанца кечйина хилар. Хьо Германе кхаьчнехь немцойн мотт, хьо Ингалсан пачхьалкхе кхаьчнехь ингалсан мотт, Иордане кхаьчнехь Iаьрбийн мотт гаро хьуна хоуьйту хьо муьлхачу пачхьалкхе кхаьчна.

Аэропорт а, цIерпоштнекъан вокзал а ю пачхьалкхан а, гIалин а юьхь. Цигахула новкъадовлу вай, юха цIа а доьрзу. Хьеший а цигахула дIасалела. Некъашца дукха ду вайн рицкъанаш. Амма дуьненахь тIаьххьара бо некъ вайн цIа, вайн дай баьхначу юьрта боьрзуш бу вай.

ДIавоьдург гуттаренна олий ца воьду, ваха а лур вац – гуттаренна. «Сайн гIуллакх нисдаллалц», олий, воьду. Букъа тIехьа дуьсуш дерг: хьан мохк, юрт, да-нана, дайн кешнаш, хIусам ю. Дела воцчунна ца хаьа оцу некъан чаккхе мичахь, маца хир ю.

Геннара вогIуш хилча-м, гуттар а, хаза а, хьогаме а ду цIакхачар. Амма хьо Нохчийчу, хьо хьайн махка кхачаран цхьа а билгало яц вайн ган. Нохчийн маттахь яздина цхьа элп, цхьа дош ца карийра суна Соьлжа-ГIаларчу аэропортера гIали юккъе кхаччалц. Из-за хьал ду вайн республикин ярташкахь а. Туьканийн, кафейн, урамийн цIераш оьрсийн маттахь хилла ца Iаш, ингалсан маттахь а ю. Дика хир дацара аэропорте боьдучу некъан бохалла нохчийн яздархойн, поэтийн говзаршна юкъара даггара аьлла, доккха маьIна долу дешнаш далош, кечйина баннерш юкъ-кара мукъане а дIатоьхна хилча? Вайн республике богIучу кхечу кьаьмнийн векалшца йолчу йохьана а. Кхин хIумма ца хилча а «Вайн дай-нанойх бисина мотт хIара бу шуна!», – аьлла, нехан мехкашкахь бина, кхиъна Нохчийчу дуьххьара хьажа-хIотта богIучу кегийрхошна нохчийн мотт гайта хилча дика хир дацара?

Масала, Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ» байта юкъара: «Бехачохь, дуьйцучохь боккхачу когаца,

Сийлахьчу Даймехкан сий айде боху цо».

ХIумма а ца товш хир дац нохчийн халкъан поэтан Сулейманов Ахьмадан дешнаш «Бийца мохккий, моттий бацахь, адамех ца олу къам»…

Иштта, Даймахке, дега-нене, ваьхначу юьрте болу безам буьйцуш, хьо мел геначу меттигашка кхачарх, хьуна хьайн бераллин некъаш идийна юрт йиц ца йолуьйту, йохьах, марзонах дуьзна кхин а дуккха а хаза дешнаш ду вайн халкьан яздархоша дитина.

Барта буьйцучу меттан а, йозанан меттан а культура цхьана тIегIана тIе нисъелла. Хьалха-м ненан мотт дика бийца хаьара, оцу маттахь яздан ца хаахь а. Мотт бийцаран культура (кхечу къаьмнийн мотт юкъа цаиэбар) ледара ю вайн. Культура суьйранна шифонер чу дIауллу бедар яц, я шен хьал-бахам массарал тоьлла хилар гайтар а дац. «Культура» дош латинийн маттера ду. «Сulture» – асар дар бохург ду. Хьайн маттаца, леларца, амалшца ца оьшу вуониг, асар дIадаккхар ду. Культура – иза даима а хелхадуьйлуш, эшарш лоькхуш Iар ду моттар нийса дац. Культура – уггаре а хьалха мотт бу. Мотт ца ларбича ларлур юй къоман культура?

Гиний шуна, догIанехь, дорцехь кхоьссина йитина бел я метиг мекха юлуш? Вайна оьшшучул бен бехар бац нохчийн мотт а.

Вайна иза эша беза. И ца хилча вайн йиш яц. Тахана хIора а нохчичо дIакхайкхо деза: «Мотт оьшуш бу вайна! И ца хилча вай – къам дац!» Нохчийн маттахь вовшашка кадам бо вай, доIа, весет, дехар до, дог оьцу, Iодикайо.

Мотт еккъа книгаш арахецарх я нийсаяздаран бакъенаш карлаяхарх а кхуьур буй техьа? Нохчичух нохчи хир вуй техьа цунна шен мотт хууш ца хилча? Нохчийн мотт буьйцийла вай дай-наноша шайн доьзалашка а, кегийрхоша вовшашка а. Тахана дукха наха шаьш нохчийн къомах хуьлуьйтур бара. Хаттал иза Иорданехь, Хонкарахь, Европехь бехачу нахе. Нохчийн къоман гIиллакхаш а, къоман мотт а АллахIа дина совгIаташ ду. Нохчийн матто вовшахтухур ю дуьнен чохь дIасабаьржинчу нохчийн тIаьхьенаш. Шайхиев Iалвадис (Дала гечдойла цунна) мел хаза аьлла : «Со дIавоьху? Стенна воьху? ХIун дицдина ас шун «дIахь»? Даго лаьмнийн эшарш лоькху, лаьмнаш ма ду кхузахь – цIахь! «Со дIавоьху? Стенна воьху? ХIун дицдина ас шун «дIахь»? Дайн кешнашна терго оьшу, кешнаш ма ду, кхузахь – цIахь!»







Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Отделение СФР по Москве и Московской области выплатило единовременное пособие при передаче ребенка на воспитание в семью 474 семьям региона

СЕНСАЦИОННЫЙ ДОКЛАД ПРО ДЕЛО СКРИПАЛЕЙ, САФРОНОВА, ГОЛУНОВА.

ЭКСПЕРТ АНАТОЛИЙ ГОЛОД ПРЕДЛАГАЕТ СЕНСАЦИОННО УЛУЧШИТЬ НАЛОГОВУЮ СФЕРУ!

Директор Росгвардии генерал армии Виктор Золотов принял участие в посвященных 100-летию дивизии имени Ф.Э. Дзержинского торжественных мероприятиях


Жена туриста, убитого электрическим током во время купания в джакузи на курорте, подала в суд прямо с больничной койки

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир бурятской сказки, которое не оставит равнодушным ни одного зрителя

Доктор Кутушов: не стоит носить кроссовки в жару

Звезды оперной сцены представят I Международный фестиваль «Мир классического романса»!


Virtual Luck: Exploring Vavada Casino

'Hum bhi insaan hain': Pakistan allrounder Imad urges calm

Vavada Casino: a Leader in the Online Gaming Industry

Scotland star SENT OFF after ‘worst tackle ever seen’ as they capitulate in Euro 2024 opener against Germany


Прогулка по Москве 1962 года

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Отделение СФР по Москве и Московской области выплатило единовременное пособие при передаче ребенка на воспитание в семью 474 семьям региона

Башенный комплекс "Ний" (Ингушетия)

В Екатеринбурге начался второй этап опрессовок


По аниме и манге «Кайдзю № 8» выпустят PC и мобильную игру — Kaiju No. 8 THE GAME

To create its cast of Baldur's Gate 3 companions, Larian came up with 'hundreds and hundreds' of character concepts: 'It was a huge, huge list'

Мафия-НН: С юных ногтей будем учиться вгрызаться в двери, закрывающие ментальные миры.

Для Summoners Kingdom: Goddess проходит пробный запуск на Android


Відомий аграрій Кормишкін, складає свої депутатські повноваження

Монтаж димоходів та вентиляційних систем у Києві


Топ-5 самых ярких зарубежных архитектурных проектов на первичном рынке Москвы

За прошедшую неделю подмосковные росгвардейцы обеспечили безопасность более 200 мероприятий

Московский аэропорт Домодедово и Всероссийское общество инвалидов заключили соглашение о сотрудничестве


ЭКСПЕРТ АНАТОЛИЙ ГОЛОД ПРЕДЛАГАЕТ СЕНСАЦИОННО УЛУЧШИТЬ НАЛОГОВУЮ СФЕРУ!

Спасут из огня и воды. 1,5 тыс. профессионалов всегда придут на помощь

В Дубне сотрудники Росгвардии помогли утиному семейству перейти оживленную трассу

Снова в 90-е? СК раскрыл покушение на директора московского рынка


В Москве стали производить больше микроэлектроники

Авиакомпания введет ежедневные рейсы из Москвы в Читу с 30 июня

Один террорист жив. Заложников было трое. Все в Ростове в СИЗО-1 шло не так, как сообщалось

«Плакали и смеялись»: в Москве состоялась премьера фильма «Тур с Иванушками»


Курникова показала трогательные фото Энрике Иглесиаса

Самсонова выиграла турнир WTA в Хертогенбосхе

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами


«Плакали и смеялись»: в Москве состоялась премьера фильма «Тур с Иванушками»

В Москве стали производить больше микроэлектроники

Не ударяться в панику: Аналитик призвал "готовиться" после санкций на операции с долларом

Один террорист жив. Заложников было трое. Все в Ростове в СИЗО-1 шло не так, как сообщалось


Музыкальные новости

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: Учащиеся Гурульбинской школы восхитились мастерством жонглирования, игрой с хула-хупами, иллюзионистами цирка Бурятии

Группа Metallica даст виртуальный концерт в Fortnite 22 июня

Радость встречи с клоунами приносят массу положительных эмоций детям в Бурятии - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

«Бах vs Чайковский» под величественными сводами Петрикирхе.


Как Россия уступила Азербайджану значительные территории Дагестана и два села

В России запустили бесплатного цифрового ЗОЖ-помощника

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Отделение СФР по Москве и Московской области выплатило единовременное пособие при передаче ребенка на воспитание в семью 474 семьям региона

СЕНСАЦИОННЫЙ ДОКЛАД ПРО ДЕЛО СКРИПАЛЕЙ, САФРОНОВА, ГОЛУНОВА.


Галина Ржаксенская впервые стала участником ПМЭФ в Санкт-Петербурге

Почти 40 пар поучаствовали в турнире по конкуру на Кубок Гагарина в Щелкове

Те самые русские с флагами на матче-открытия Евро — мы их нашли! Как попали на стадион и как реагируют вокруг?

Триумфальное возвращение Льва Лещенко на сцену спустя месяцы затишья. Артист презентовал дуэт с солистом группы “Парк Горького” Сергеем АРУТЮНОВЫМ


Фест, байк, рок-н-ролл. Как в Москве отметили День мотоциклиста

Движение на участке Боровского шоссе приостановлено из-за сверхинтенсивных осадков

В Москве движение на участке Боровского шоссе перекрыли из-за осадков

Бесплатный билет в музеи Зеленоградска от «ПАРАDOX» и BelkaCar


Путин летит к Ким Чен Ыну. Россия и Северная Корея станут стратегическими партнёрами

СЕНСАЦИОННЫЙ ДОКЛАД ПРО ДЕЛО СКРИПАЛЕЙ, САФРОНОВА, ГОЛУНОВА.

ДОКЛАД ПРО ДЕЛО СКРИПАЛЕЙ, САФРОНОВА, ГОЛУНОВА. ПРО НАУКУ АКТИВНОЙ ВСЕЛЕННОЙ. ЭКСПЕРТ АНАТОЛИЙ ГОЛОД.

СЕНСАЦИОННЫЙ ДОКЛАД ПРО ДЕЛО СКРИПАЛЕЙ, САФРОНОВА, ГОЛУНОВА.


ПМЭФ-2024: премиальный бренд HONGQI представил на Форуме свои флагманские и новые модели

Зачем Марина Александрова уехала из Москвы в сибирскую глушь



Сеть клиник «Будь Здоров» запустила собственное мобильное приложение для пациентов

В России запустили бесплатного цифрового ЗОЖ-помощника

В Москве убийца пожилых инвалидов засунул сборник нот в тело жертвы

Московский аэропорт Домодедово и Всероссийское общество инвалидов заключили соглашение о сотрудничестве



Военно-спортивный фестиваль Росгвардии в «Лужниках» собрал более 20 000 москвичей и гостей столицы

В УФСИН России по Республике Дагестан прошли лично-командные соревнования по легкой атлетике

Резидент «Инсайт Люди» Дмитрий Зубов установил мировой рекорд по чеканке мяча

В Лужниках состоялась церемония открытия Всероссийской Спартакиады Специальной Олимпиады



Москва-Пекин. Собянин в Китае подписал соглашение о сотрудничестве

Сергей Собянин: Активно укрепляем отношения с Китаем

Собянин прибыл в Китай с рабочим визитом

Собянин рассказал о росте турпотока из Китая


Обмен электронными транспортными накладными стал доступен участникам «Биржи грузоперевозок ATI.SU»

Российские компании придерживаются собственного подхода в ESG

Козлов: Россия и КНДР прорабатывают возможность запуска прямых рейсов

Бизнес-омбудсмен Москвы оказывает поддержку НМСП


Авиакомпания введет ежедневные рейсы из Москвы в Читу с 30 июня

Один террорист жив. Заложников было трое. Все в Ростове в СИЗО-1 шло не так, как сообщалось

«Плакали и смеялись»: в Москве состоялась премьера фильма «Тур с Иванушками»

Не ударяться в панику: Аналитик призвал "готовиться" после санкций на операции с долларом


Более 39 млн рублей направлено на летний отдых и оздоровление детей-сирот в Архангельской области

Ниже воды: как идет обновление подводного флота России

Актера Игоря Меркулова похоронят на Николо-Архангельском кладбище

Преподаватель из Архангельска вышла в финал международного конкурса «Педагогическое начало – 2024»


Выставка-посвящение «Первая дама советской скульптуры»

Футболисты ЮФУ одержали три победы в домашнем турнире

В Симферополе пройдёт спектакль-акция «Подаренная жизнь»

Фольклорно-литературная программа «Сказки детства, полные чудес, нас уводят в царство тридесятое»


"Сибирские врата ада" в Якутии расширяются быстрее, чем предполагали ученые

Показательная порка в назидание. Экс-главу «Автодора» посадили на 12 лет

В Москве солнечная погода сменится грозами и осадками в четверг

В Москве стали производить больше микроэлектроники














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *