Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Некъаш тIехь лечу нохчийн терахьаш лакхадевлла

0
Соьлж-ГIала боьдучу новкъахь, Iалхан-ГIалина гергахь, стомара сарахь вовшахкхеттачу шина "Приора" машено ялх стаг вийра.


Билгалдаьлла ялханнах пхиъ цхьана доьзалера хилар: да а, цуьнан ши йоI а, оцу шина йоьIан ши бер а. Ткъа лазийна, дарбанцIийнехь ю веллачун зуда а, беран бер а. И хаам баржийна Нохчйчоьнан некъан инспекцино.


Трасси тIехула йогIучу машен дуьхьалъиккхина Iалхан-Юртарчу некъа тIера арайолуш хилла Приора. Велла оцу машенан да а.


Шо доладелчхьана схьа Нохчийчуьрчу некъахьовзамашкахь велла 80 стаг. И терахь хIинцале ду дIадахначу дерриг а шарахь некъашца хиллачу бохамийн бараме кхочуш.


150 гергга некъахьовзам хилла кхушара, белларш боцуш, лазийнарг ву 200 стаг.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *