Оьрсийн регионашлахь уггар а кIезиг къаьркъа молу Нохчийчохь
Долчу зерашца, юккъерчу барамехь оьрсийн бахархоша шарахь молу 26, 65 литар корта бахон малар. Ткъа Нохчийчохь молу 0, 1485 литар. 85 регионашлахь бинчу талламашца уггар а тоьлла гайтам бу иза.
Нохчийчоьнна тIаьхьайогIу ГIалгIайчоь а (0,6223), Дагестан (2,331) а.
Къаьркъанна тIера гойту Сахалинан кIошатра а, Ненецкан автономин гонашкара а бахархой - 50 литар молу цигахь болх бан хан йолчу наха. Царна жиммма тIаьхьа ю Карелин Республика – 49 литар.
