Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2019

Петербургехь хиллачу летаршкахь чевнаш йина Дагестанерчу бахархошна

0
Санкт-Петербургехь иккхинчу конфликтехь лазийна Дагестанера схьаваьлла мел лахара а пхи вахархо. Лазийнарш дарбан цIийне кхачийна. Петербургерчу Фрунзенскан кIоштахь кеп-кепарчу къаьмнийн векалшна юкъахь дов даьлла хилла. Летарш хилла яхначу пIераскан буса. Оцу летаршкахь 16 стаг хилла.  Цаьрга хьожуш Iийначара дийцарехь, герзаш дуьйлуш хезна царна, ткъа дарбан хIусаме балийначарлахь уьрсан чевнашца берш а бу.


Лазартне кхачийначарех пхиъ Дагестанера ву, цхьаъ Азербайджанера ву яздо "Фонтанка" газетано, полицерчу шайн хьосташна тIе а тевжаш.


Кхин а цхьана версица а догIуш, латаршкахь дакъалаьцна ишта Эрмалойчуьрчу бахархоша а. Полицин векало хаамбина, Азербайджанерчу бахархошца конфликт гIаьттина хилла церан аьлла, яздо  78.ru хьостано.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *