Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2020
1
2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
15
16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Дагестанехь кхо полисхо лаьцна. Наркотикаш буха а кхийсина, ахча доьхуш

0
Шайгарчу даржо лучу бакъонел совбовларна, бозбуанчалла лелорна кхо полисхо лаьцна Дагестанехь.


Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бахарехь, "Дербентехь кхаа полисхочо, шайн белхан декхарш кхочуш дечу хенахь, вахархочунна наркотикаш буха а кхийсина, бехктакхамах хьалха вериг ахча дехна".


Вахархо полисхоша доьхучу ахчан цхьа дакъа дIадала реза хилла, амма ша цара дIа ма-хецна арз дина министраллин куьйгалле.


"Дагестанан къона чкъор" газето билгалдоккху лецна полисхой наркотикашца къийсам латточу декъера хилар. Цара йиттина шаьш лаьцначунна, теэцийтина шена боцу бехк, тIаккха I миллион сом дехна иза жоьпаллах хьалха воккхург.


Цул тIаьхьа кхаа полисхочух кхетта церан белхан декъан куьйгалхо Исаев Мурад. Цо магийна шен белхахошна лаьцначуьнгара доьху миллион ах миллионе охьадаккха. Цул тIаьхьа 7 грамма опий буха а кхоьссина, тешашка цунах даредайтина. Доьхучу ахчан дакъа тIаккха дIаделлла лаьцначо.




 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *