Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2020
1
2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
15
16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Кхарачой-Чергазийчохь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а молханийн къоьлла лаьтта

0
Коронавирусан ун даьллачу нахана дарба до аьлла, Оьрсийчоьнан могушаллин министралло хьехначу молханийн къаьсттина къоьлла лаьтта Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу кхаа регионехь. Препараташ ца тоьачу мехкийн тептарехь ю Кхарачой-Чергазийчоь а, Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а. Иштта бу Оьрсийчоьнан халкъан фронтан (ОНФ) мониторинган жамIаш, яздо REGNUM агенталло.


Кхарачой-Чергазийчуьрчу 58 процент аптекашкахь дац вирусна дуьхьало латтон молханаш. Нохчийчуьрчу 35 прцент, ГIалгIайчуьрчу 26 %  аптекашкахь ца карийна антибиотикаш.


"Интерфаксо" яздарца, ОНФ-н жигархоша теллина Оьрсийчуьра 11,8 эзар  аптека, (аннекси йинчу ГIирмера а цхьана).


Коронавирусан эпидемица къийсам латточу оперативан штабо дIахьедарца, тIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 26 стаг, вирус къаьстина кхин а 1071 вахархочуьнца.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *