Харитоновн а, Яндиевн а дов дирзина, вовшашна къинтIера а ваьлла
"Товш йоцучу конфликтан тешаш дара вай массо а, вовшашна бух боцу бехкаш а дехкина, маьттаза дIахьедарш а деш хиллачу. Амма, шиннан а хьекъал тоьъна шаьшиннан бехкаш хиларна мукIарло а дина, дов дерзон. Собар а эшна, хьаштдоцург шен багах даларна гечдар дехна Сергейс, ткъа Адама ша латарна. Вовшийн ший а къинтIера а ваьккхина, дов дирзина", - яздина инстаграмехь Абубакара.
Яндиевс гечдар дехна шега аьлла, дийцина Харитоновс. Йоьдучу пресс-конференцехь цо хаийтина, "шен довхочуьн ца цхьанакхетарх" а, "цунна къинтIераваларх а", яздо "Чемпионато".
"Ца оьшу суна цхьа а бехкзуламан гIуллакхаш а, йа тIаьхьаваьлла лелар а. Ялх беран да ву со. Адаман диъ бер ду. Да хила веза доьзалан. Стаг галволуш а хуьлу, амма юх-юха шегара ледарлонаш йийлийта мегар дац. Сайгара хIун дер ду а ца хаьа суна", - аьллачу Харитоновн дешнаш далийна "Чемпионат" гIирсан корреспонденто.
Харитоновн адвокато Пахомов Олега бахарехь, Яндиевна дуьхьал айдина гIуллакх дIакъевлина.
Карарчу беттан 13-чохь леттера Яндиев а, Харитонов а. Яндиевс кастетца масийттазза тоьхнера Харитоновна. Оцу тIехула Яндиев 48 сахьтана лаьцна витира, цунна дуьхьал шиъ бехкзуламан гIуллакх даьккхина.
Ницкъаллийн структурийн версица, оцу латарехь Харитоновна коьртах чевнаш йинера, мара а кагбинера. Ткъа цуьнан доттагIчун Абдо Русланан а кагбира мара а, мочхал а.
