Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

"Уггар а маьршачу" махкахь Iазапаш, нах байъар, спецоперацеш. 2020-чу шеран Нохчийчуьра жамIаш

0

Стохка Нохчийчохь лечкъийра Iедална муьтIахь боцу нах, бозуш боцчу блогерийн агIончашна тIаьхьабевлла а лийлира, ницкъбира меттигерчу бахархошна, холмачалла лелийнарш пачхьалкхан телевизионе а балош, цаьрга гечдарш дехийтира. Иштта, федералан бюджетан ахчанех гIишлош йира, ткъа дуьйцура, Кадыров Ахьмадан Фондан чоьтах хьалайина, бохуш. Кавказ.Реалиин материалехь дуьйцу шеран коьртачу жамIех лаьцна.

Спецоперацеш а, нах лецарш а

Оьрсийчоьнан регионашлахь "Нохчийчоь - уггар а кхерамза" республика ю олура масийттазза шен дIахьедаршкахь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Бакъду, дахначу шарахь "уггар а синтемечу" республикан имидж талхийра махкахь хиллачу еа контртерроран операцино а, цхьана терроран тохаро а.

ГIадужу-беттан 11-чохь Нохчийчуьрчу Серноводскан кIоштарчу Ассиновскехь ши стаг вийра, Iедалхоша тIемалой бара уьш аьлла, дIакхайкхийра. Вара царлахь Байдулаев Казбек а.

Кхин а ши де даьлча, ГIадужу-беттан 13-чохь, Соьлж-ГIаларчу Октябрьскан кIоштахь вийра виъ стаг, ницкъахоша гIаттамхой бара уьш аьлла, дIахьедира юха а. 1996-чу шарера Цураев Мохьмад а, 1992-чу шарера Магомедов Мохьмад а, 1992-чу шарера Муртазалиев Рамзан а, 1998-чу шарера Имамурзаев Майрбек а хиллера уьш. Берриш а Нохчийчоьнан бахархой бара. Хьалха Шемахь хилла аьлла, оперативан базехь язбина, лехамашкахь а хиллера уьш, чIагIдора Кадыровс.

ГIуран-беттан 16-чохь ТIехьа-Мартанан кIоштахь юха а тIемало вийна аьлла, дIахьедира, Байдулаев Казбек ву бохура иза юха а. Официалан версица, караван дуьхьал реза ца хиллера Байдулаев, тIаккха полисхошна дуьхьал граната кхоса дагахь хиллера иза, ницкъахоша герз тоьхна, вийнера иза. Иштта, шина баттахь шозза байъинчийн могIарехь хьахийра иза.

Соьлж-ГIалахь Керлачу шарна база дIа а хIоттийна, шира шо дерзорах дIакхайкхон а ца кхиира нохчийн Iедалхой, мехкан коьртачу шахьарахь ППС-н белхахошна тIелатар дира ГIуран-беттан 28-чохь.

Цунна бехкевира ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусейн а. Оцу инцидентехь цхьа полисхо вийра, шолгIачунна чевнаш йира. Зулам динчу меттигехь вийра ший а ваша а.

Нохчийчоьнан Iедалхоша ТимурзиевгIарна чIир кхайкхае аьлла, кхайкхамбира. Ткъа Кадыровн дешнаш тесна дитира Москвахь а.

Стохка лоьцуш бара Нохчийчохь хиллачу шолгIачу тIамехь дакъалаьцнарш а цхьана. ГIаттамхошлахь хилла ву аьлла, шеконаш хилла Мескер-Юьртара вахархо лецира Зазадокху-беттан 24-чохь. ГIадужу-беттан 26-чохь Ростов гIалахь лецира Дотмерзаев Адам а, Ашаханов Муса а, изза бехкаш а дехкина.

Оцу юкъанна Владимирскан кIоштахь дIалецира Нохчийчуьра вахархо Башаев Майрбек. 2000-чу шарахь десантхошна тIелатар дина ву иза аьлла, шеконаш кхоллаеллера цуьнан хьокъехь.

ТIаьххаьра, Лахьан-беттан 30-чохь дIакхайкхийра, полисхойн версица, буьйранчийн Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанашкахь дакъалаьцна ву аьлла, Идалов Саламбек а, Асланбек а лаьцна аьлла.

Тепсуркаевн гIуллакх а, нах лечкъор а

Оппозицин каналашца а, блогершца а уьйраш хилла аьлла, шеконашца леца болийра 2020-чу шарахь нах. Гезгамашин-баттахь гIараделира IАДАТ телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъийна вигарх. Цунна тIехь сийсазалла лелош яьккхина видео яржийра социалан машанашкахь. Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа цунна дина таIзар "догIуш дина ду" элира. Стенгахь ву тахана жигархо, хууш дац. Европан адамийн бакъонийн кхелехь Оьрсийчоьнан векалша тIе ца дуьту, иза къайлаваккхарна шаьш гунахь хилар.

Тепсуркаев воцург а, стохка Гезгамашин-баттахь, мел лахара а, Нохчийчуьра  53 стаг вигира лачкъийна. "Кавказский узел" агенталло яздора, царлахь зудий, майрий, кхиазхо а ву аьлла.

Журналисташна хетарехь, Тепсуркаевца зIенехь хилла нах гучубахархьама, идош хиллера и нах. Бакъоларяъран "Мемориал" центран зерашца, Чечанара ворхI вахархо а вигира Iедалахоша. Устрада гIаларчу полицин декъехь тIехь къизаллаш а лелош, масех кIиранчохь лаьцна а латтийнера уьш.

Iедалан критикаш байъар

Дахначу шарахь хааме даьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна критика йина Малхбузен Европерчу пачхьалкхашкахь масех стаг вийна аьлла. Чиллан-баттахь Францин Лилль гIалахь  вийна карийра нохчо Алиев Iимран, Товбеца-баттахь Австрин Герасдорф гIалахь герз диттина вийра блогер Умаров Мамихан. Иза вийна аьлла, кхоллаеллачу шеконашца лаьцна ву Нохчийчуьра ши стаг – Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а.

Чиллан-беттан 26-чохь вен Iалашонца тIелатар дира Швецехь оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона.  Оцу гIуллакхна тIехула лаьцна хиллачу, Нохчийчуьрчу вахархочунна Мамаев Русланнаитт шо хан туьйхира карарчу беттан 8-чохь. Ткъа цуьнца декъахь хиллачу Шапиаева Эльмирина бархI шо кхайкхийра.

Лецна, "кхеле" хIиттийначу нахе гечдарш а дехийтира дахначу шарахь. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалехь кест-кеста гойту, бертаза камера хьалха а хIиттош, дохкобуьйлуьйту нах. Дукха хьолахь, телеканалан сюжеташкахь гойтура, пал тосучу нахана тIеихина, йа къепе йохийна аьлла, бехкебина нах.

Санкцеш

2020-чу шарахь Американ Цхьанатоьхначу Штаташа санкцийн тептаре ваьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, цо адамийн бакъонаш хьоьшу аьлла. Санкцеш хьакхаелира цуьнан хIусамненах Кадырова Меднех а, церан шина йоIах Кадырова Iайшатах а, Каринех а.

ГIуран-беттан 10-чохь Американо санкцийн Iаьржачу тептаршка яьккхира "Ахмат" футболан клуб, "Магнитскийн Глобалан актан" бух тIехь. Адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларца, Iорабевлла нах язбо оцу тептаре.

Иштта санкцеш кхайкхийра "Мегастройинвест", "Нохчийн минералан хиш" компанешна а, ийначу кепехь латарийн промоутеран Absolute Championship Akhmat компанина а.

Оццу дийнахь Британино санкцешна юкъа вахийтира Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Устрада гIалин полицин декъан хьаькам лаьттина Катаев Аюб а, республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Алаудинов Апти а.

Кадыровн гергара нах а, цIераш хийцар а

Санкцеша новкъарло ца йира республикан урхалхочунна, шен гергара нах Iедалхойн даржашка балон. Спортан министр хIоттийра Кадыровс шен вешин кIант Кадыров Хьамзат, ткъа йоккхайолу йоI Iайшат культурин министран хьалхара гIовс хилира.

Берийн бошмаш а, школаш а, культурин хIусамаш а ца ягарйича а, Нохчийчохь 346 урам бу КадыровгIеран цIийнах мел болчийн цIарах аьлла, ларарш дира стохка журналисташа. Масала, БIачи-юьртара спорткомплекс Кадыровн 15 шо долчу кIентан цIарах ю аьлла, дIакхайкхийра ГIуран-баттахь.

Мангал-беттан юьххьехь регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо 2019-чу шеран жамIаш довзийтира. Цаьрца а догIуш, Фондана 6 миллиард соьмана пайда хиллера.

Кавказ.Реалиино яздира шен материалашкахь, фондо кхочушйина бохуш, Iедалхоша кхийкхош йолчу проектех дукхахъерш пачхьалкхан бюджетерчу ахчанех йина ю аьлла.

2020-гIа шо карадеачхьана динчу зерашца, Нохчийчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а  уггар а маьрша, паргIат республикаш ю, зуламаш дар зийча аьлла, дIакхайкхийра ГIадужу-баттахь.







В Подмосковье сотрудники Росгвардии спасли пожилого мужчину, который оказался один дома и плохо себя почувствовал

Профилактический рейд по противопожарной безопасности прошел сегодня в Ленинском округе

В ЖК «Восточное Бутово» продолжают строительство шестого по счету детского сада

Ежегодная церемония вручения Всероссийской премии Евгения Зубова прошла в библиотеке Видного


Туристка заразилась плотоядной болезнью и потеряла руку: новая инфекция начала распространяться на людей, посещающих достопримечательности

Befree запускает сайт для поиска талантов

CЛД «Печора» филиала «Северный» ООО «ЛокоТех-Сервис» получило сертификацию для технического обслуживания локомотивов серии 2ТЭ25КМ в объёме ТО-2.

Антисанитария в службах доставки: токсиколог Кутушов рассказал, почему опасно заказывать еду


Four-time Man Utd trophy winner, 37, looks unrecognisable as he heads to training with dramatic new look

Watch awkward moment baffled French Open teen is ‘teleported’ into Eurosport studio for live TV interview

Big 12 commissioner Brett Yormark addresses Arizona Board of Regents, asks for continued investment in athletics

Walmart adds employee bonus for hourly US workers


Работать там, где удобно: беспроводная гарнитура Fstyler BH230 от A4Tech

Приглашенные солистки выступят в опере «Руслан и Людмила»

Военные следователи провели рейд по бывшим мигрантам в Керчи

Роман Старовойт выразил готовность оказывать дальнейшую поддержку в строительстве Ленского моста в Якутии


Concord is skipping free-to-play and pulling a Helldivers 2 instead: $40 for the full game with all 16 heroes at launch

Показ геймплея тактики SteamWorld Heist II

Мафия-НН: Все в сборе, правила с тревогой выслушаны, роли прочитаны, и сразу же в бой!

How to watch the 2024 PC Gaming Show: our 10th annual summer showcase



СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

В ПРЕДДВЕРИИ ДНЯ РОССИИ РОСГВАРДЕЙЦЫ ПРОВЕЛИ ПРАЗДНИЧНОЕ МЕРОПРИЯТИЕ ДЛЯ ДЕТЕЙ

РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ


Прокуратура показала фото с места посадки самолета на трассе в Лыткарине

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: С начала года более 4,7 тысячи жителей Московского региона оформили страховую пенсию в автоматическом режиме на портале госуслуг

Суд в Москве арестовал замгубернатора Тюменской области на два месяца

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!


Легкомоторный самолёт аварийно сел на оживлённом шоссе в Подмосковье

Юные музыканты из Долгопрудного выступят на выставке «Россия» на ВДНХ

Воробьев поздравил соцработников Подмосковья с профессиональным праздником

Экс-мэра Купянска расстреляли у его дома в Старом Осколе — источник


Андреева рассказала о своих планах на предстоящий матч с Соболенко во Франции

Андреевой предрекли борьбу за топ-10 рейтинга WTA в текущем сезоне

Теннисистка Андреева заявила, что хочет войти в топ-20 рейтинга WTA ради собаки

Каспер Рууд: «Не буду выступать на турнирах перед «Уимблдоном», но на нем, конечно, сыграю»


Собянин рассказал о комплексной модернизации московских театров

Воробьев поздравил соцработников Подмосковья с профессиональным праздником

Чиновники Подмосковья составили плейлист для тёплых летних деньков

Экс-мэра Купянска расстреляли у его дома в Старом Осколе — источник


Музыкальные новости

Выпускников Оренбургской области за 5,6 млн рублей на праздничном концерте поздравит Нюша

Певица Зара выступит в Пятигорске 12 июня

Сколько заработал уехавший из России Илья Лагутенко

Саксофонист Бутман нашел плюсы в отмене русской культуры за рубежом


СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ

РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

В ПРЕДДВЕРИИ ДНЯ РОССИИ РОСГВАРДЕЙЦЫ ПРОВЕЛИ ПРАЗДНИЧНОЕ МЕРОПРИЯТИЕ ДЛЯ ДЕТЕЙ


Concord is skipping free-to-play and pulling a Helldivers 2 instead: $40 for the full game with all 16 heroes at launch

Объявлен протест по поводу спорной выставки в Варшаве под названием «Христианское наследие в многокультурной идентичности Азербайджана»

Собянин: Московский городской транспорт на 100 процентов отечественный

Глава ВТБ Костин: футболисты «Динамо» ещё не заслужили стать чемпионами России


Асфальтирование площадок услуги в Петербурге

Асфальтирование пешеходных дорожек Санкт-Петербург

В Москве 14-летний мальчик ранил ножом 16-летнего юношу на футбольном поле

Асфальтирование дворов услуги в Петербурге


Путин: Москва оставляет за собой право поставок вооружения партнерам

Путин пригрозил оружием Западу, Киев закрыл поездки по Европе, США ввели санкции против Грузии – большие итоги недели от РИА «Новый День»

Путин: РФ готова к переговорам только на условиях, которые уже обсуждались ранее

Профессор Кошкин: Запад в шоке от военных кораблей России в Карибском море


Вирус эволюционирует: почему рано называть COVID-19 сезонным заболеванием



Клинический фармаколог «Евроонко» Дарья Камышова выступила на форуме, посвященном антибиотикорезистентности в стационаре

Не просто кашель курильщика: чем опасна хроническая обструктивная болезнь легких

Аллерголог Зайцева рассказала, как проявляется аллергия на солнечный свет

Уникальный интерактивный проект Ставропольской психиатрической больницы на выставке-форуме «Россия»


AFP: Байден объявил о выделении Киеву помощи на 225 млн долларов


Уверенная победа россиян на турнире ONE FRIDAY FIGHTS 66

В Москве 14-летний мальчик ранил ножом 16-летнего юношу на футбольном поле

Мастер-классы по созданию крафтовых украшений проходят в центре Москвы

В Москве прошёл спортивный праздник для росгвардейцев



Собянин поздравил всех социальных работников с профессиональным праздником

Собянин: В Москве ведется активная замена инженерных сетей в рамках реновации

Собянин: Москва — мировой лидер по динамике развития транспортной инфраструктуры

Собянин: Благодаря модернизации театры Москвы создают уникальные декорации


В Москве проходит акция по безопасному использованию СИМ

Суд отправил под арест подозреваемого в убийстве пенсионера в парке Москвы

На природных территориях Москвы расцветет множество краснокнижных растений

Байрактар: Турция и Россия определили дальнейшие шаги по проекту "газового хаба"


Воробьев поздравил соцработников Подмосковья с профессиональным праздником

Легкомоторный самолёт аварийно сел на оживлённом шоссе в Подмосковье

Экс-мэра Купянска расстреляли у его дома в Старом Осколе — источник

Польша требует от России репарации «за прошлое». Можно ли ответить ей той же монетой?


Россия, Новости, Культура, Театр, Дети: Радость, которую приносит Госцирк Бурятии

Терминал сбора данных (ТСД) промышленного класса SAOTRON RT42G

Минфин Архангельской области оценил муниципалитеты по уровню качества организации и осуществления бюджетного процесса

В Пулково задерживаются шесть рейсов


Литературно-краеведческий коллаж «Мир добрых сказок и стихотворений – все это Пушкин, наш великий гений!»

Глава Росавиации рассказал о перспективах открытия аэропорта Краснодара

Пьяный мужчина упал с верхней полки на девочку в поезде Москва - Симферополь

В Крыму детей будут учить играть в шахматы с детского сада


За месяц в Пулково столкнулись два самолета и задержали несколько рейсов

В Подмосковье поздравили сотрудников учреждений с Днем социального работника

МВД: под Петербургом автобус столкнулся с "КамАЗом", пострадали около 10 человек

Завод сухих смесей «Цементум» в Воскресенске расширил линейку продукции














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *