Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

ГIалгIайн протестан лидершна ечу кхелехь талламчашна тIе ца тайна полисхо

0
Ставропол-мехкан Ессентуки гIалахь хоттучу гIалгIайн жигархойн кхелехь лебеш бу тешаш. Кхаарин дийнахь кхеле тоьшалла дан кхайкхинера полицин эпсаре, амма цигахь цо, талламна хетарг харц а деш, аьлла, ша ца лору бехкебийраш экстремистийн тоба.


Юриста Куриев Жабраила дийцарехь (кхеле валийначу Ужахов Малсаган адвокат ву иза), полисхо хилла 2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь протестан гуламехь шен болх беш. "Нах гулам боьрзучу сахьташкахь дIасабахара, ткъа бухайисина жима тоба яра, цо цхьа а ца хьевора я низамна дуьхьал бохуш хIума а дацара, шена оцу наха Росгвардина зен деш ца гина, тоьшалла дина полисхочо", - боху адвоката.




Ессентукерчу кхелехь де хьалха, 19-чохь а дара ладегIарш. Цигахь а левина цхьа полисхо а, иза воцуш, кхин а кхо могIара вахархо-теш а. Цара далийна тоьшаллаш а ду бехкебечу жигархошкахьа.


РогIера ладегIаш дIахьор ду кхело кху беттан 26-чу а, 27-чу а деношкахь.



Нохчийчоьнца хIоттийначу ГIалгIайчоьнан дозано шайн махкера латта дIадоккху аьлла, 2019-чу шеран бIаьста гуламе бехира бахархой тахана кхеле озийначу 7 гIалгIайн жигархочо. Царна бехке дуьллу экстремистийн тоба а кхоьллина, низамаш дохор.
Магасера протестан гулам полицино ницкъаша бохийра лурчах Зазадоккху-беттан 27-чохь.  
Протестан жигархошна тIехь кхел йолийра бутт хьалха Кисловодскехь, амма цигара кхелан чоьнаш готта а хетта, Ессентукерчу кхелан гIишлонехь дIахьо ладегIарш.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *