Кадыров Рамзанан говраша хьалха санна ца йохьу шайн дена са
ТIаьххьарчу шина шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доларчу говраша къовсамашкахь даьккхина 33 млн 724 эзар сом, яздо "МБХ медиа»" ресурсо.
Говраш хехкарца йоьзна йолчу Германерчу Turf-times портало бахарехь, 2019-чу шарахь Кадыровн говраша дакъалаьцна Дубайрчу кхаа къовсамехь, даьккхина ахча ду евро валютехь 236 эзар а, 182 эзар а, 29 эзар а.
Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь доцуш, тIаьххьарчу шина шера чохь Кадыровн говраш хихкина Чехерчу къовсамашкахь а, амма цигахь ца даккхаделла 4,2 эзар крона бен (12 эзар сом гергга).
Хьалхо хаам баьржира, 6 миллион доллар мехах йолу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан говраш Чехехь йисина Европан Берто цунна дуьхьал санкцеш яхар бахьана долуш, аьлла. Цул сов, шаьш говраш а евлла къовсамашкахь дакъалоцучу хенера. Кхоъ хохку горррий, ши бекъий бен яцара Чехехь Кадыровн и хаам баьржачу муьрехь.
Коррупцина дуьхьал талламаш бечу "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" центро хаийтира 2014 – 2018 шерашкахь Кадыровн говраша къовсамашкахь 110,5 миллион сом а Чехехь а, 1 миллион сов сом Германехь а даьккхина хилар. Амма санкцеш бахьанехь и ахча дIа ца кхечира Кадыровга.