Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Шемахь оьрсийн ши эскархо вийна

0
Керлачу шеран буса Шемарчу Хмеймимехь йолчу оьрсийн авиабазана герзаш деттарх зорбанашкахь яьржина информаци Оьрсийчоьнан тIеман министралло тIечIагIйина. Оцу тIелатарехь вийна оьрсийн ши эскархо.


Цу юкъанна "Коммерсант" газетано оьрсийн 7 кема дохийна аьлла, бина хаам "фейк" лерина Оьрсийчоьнан тIеман министралло.


Кхаарийдийнахь тIеман а, дипломатийн а хьосташна тIе а тевжаш, "Коммерсанто" хааме даьккхира, минометан кхийсаршца Хмеймимерчу оьрсийн авиабазехь диъ Су-24 тIеман кема а, шиъ Су-35С а, цхьаъ Ан-72 а кеманаш дохийна аьлла.


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *