Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 22.01.2018

Ненан маттахь диктант язйийр ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Ненан маттахь диктант язйийр ю Нохчийчохь Нохчийн меттан де даздеш Охан-беттан 25-чу дийнахь. Цунах лаьцна хаам бина республикерчу дешаран министраллан зорбанан сервисо, яздо Кавказ.Реалиино. Цо билгалдаккхарехь, цуьнца цхьаьна цу министраллан сайт ерриг а кхочуш йина ю оьрсийн маттахь.   Нохчийчуьрчу школашкахь дешаран, Iилман министралло дIакхайкхийна этнографин диктант хилира хIара бутт болалуш. Махкарчу кеп-кепарчу бахархойн этнокултуран, историн хаарш лакхадахархьама юкъаяьккхина ю аьлла, яздо министраллан сайта тIехь и республикан акци.

Microsoft-ера жоп нохчийн лингвисташна эшна ца Iа

Radiomarsho.com 

Компьютерна нохчийн мотт "Iамо" атта дацахь а, иза хиндерг хиларх теша Соьлж-ГIалара лингвисташ а, программисташ а Нохчийн мотт компьютере берзорехьа къахьоьгучу Нохчийчоьнан академерчу говзанчаша баржийна кхайкхам тIе а эцна, наха интернетехула дакъалецира кхажтосучу кепехь Майкрософтан администарцига дехар деш. "Майкрософтан программашкахь нохчийн меттан нийсаяздаран дошам хилча вуно дика хир ду", аьлла, Word-ан официалерчу агIонтIехь кхаьжнаш тесира 11 эзар нохчочо а, церан аьтто хилча хазахетачу кхечу къаьмнийн векалша а. Читать дальше...

"Ведучи" курорт схьаелла кечлуш цига ло кхоьхьуш ду Нохчийчуьра Iедалш

Radiomarsho.com 

Итум-Кхаьллан кIоштахь йолу когсалазийн "Ведучи" курорт схьаелларан церемонина кечлуш, Веданан кIоштара ло кхоьхьуш ду Нохчийчоьнан Iедалш. "Кавказ.Реалиино" дийцарехь, кху деношкахь республикехь ло деана, амма ломан когсалазийн курорт йолчу меттехь иза тоьаш дац. И бахьана долуш, Дечкен-беттан  20-чу дийнахь дуьйна ло дIакхачош ду цига. Болчу хаамца, ло кхоьхьучу машенаш хIинцале а йина 800 сов рейс. "Ведучи" схьайоьллур ю тIедогIучу пIераскан дийнахь.

Нохчийн доьзал цIахьажош бу Австрин Iедалша

Radiomarsho.com 

Австрехь тховкIело йоьхуш хилла ТикаевгIеран доьзал арабаккха кечбина меттигерчу Iедало, иза дан бахьана дац аьлла. Диъ бер а, церан да-нана а Венерчу кеманийн портерчу набахтана чубоьхкина кIирандийнахь.  Iедало лар а беш, шаьш сецош хиллачу Швехат аэропортана уллерчу контейнерах йинчу хIусамера дIавигина доьзалан да Тикаев Роман. Цуьнца цхьаьна Iедало набахте дигина цуьнан хIусамнана а, диъ бер а.   ТикаевгIеран доьзал тIаьхьарчу масех дийнахь шуьйра бевзина Австрехь, уьш Оьрсийчу дIа ца балийта цхьамогIа юкъараллин жигархой арабовларна. Читать дальше...

Oxfam: 80% сов бахам долахь бу 1% нехан

Radiomarsho.com 

Кху дуьнентIера 82 процент бахам долахь бу 1 процент нехан. Цу кепара жамI ду Oxfam олучу къеллаца къийсам латточу дуьненаюькъарчу вовшахтохарало бинчу талламан. Цуьнан жамIаш зорбане даьхна Дечкен-беттан 22-чу дийнахь. Уггаре а хьал долчу нехан бахамаш алсамбевлла дIадаханчу шарахь 762 миллиард долларна. Оццу хенахь кху дуьнентIерачу ах бахархойн хьал хийца ца делла, хаам бо Oxfam вовшахтохаралло. "Миллиардераш алсамбовлар экономика кхиаран гайтам бац, экономикан къепе хIаллакъхиларан гайтам бу", - аьлла цуьнан директоро Бьяньим Виннис. Читать дальше...

ГIалгIайчохь гулдина сагIа дIакхачийна Шемарчу берашна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь гулдина сагIа дIакхачийна Оьрсийчоьнан эскархоша Шеман коьртачу гIала Димашке. Цигарчу Тишрин олучу спортан хIусамехь гуманитаран гIо дIасадекъна 650 берана, хаам бо ТАСС агенталло. Гуманитаран ковро Димашка кхачийначу сагIана гулйинчу хIуманашна юкъахь дара кхачанан сурсаташ а, дешархошна оьшу гIирс а.

Карауловас шена гечдар дехна президенте Путине

Radiomarsho.com 

Шема а яхана, "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхета дагахь хилла аьлла чуйоьллина йолчу Москох пачхьакхан университетан студент хиллачу Караулова Варварас шена гечдар дехна Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Цунах лаьцна хаам бина "Эхо Москвы" радиога тутмакхан дас Караулов Павела.   Хьалхо Карауловас дехар динера Оьрсийчуьрчу омбудсмене Москалькова Татьяне, гечдар деха оьшуш долу кехаташ кечдеш гIо дахьара шена аьлла.

Instagram-о дIакъевлина Кадыровн вешин кIентан агIо

Radiomarsho.com 

Instagram администрацино дIакъевлина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан вешин кIентан Кадыров Хьамзатан аккаунт. Цуьнан бахьана дуьйцуш дац. 21 шо долу Кадыров Хьамзат ву Нохчийчоьнан кьуйгалхочуьнан 2004-чу шарахь, 29 шо а долуш, веллачу вешин Зелимхин кIант.   Хууш ма хиллара, хьалхо Instagram-о дIакъевлира Кадыров Рамзанан агIо. Бахьана дара иза Iамерко санкецеш кхайкхийначу нахана юкъатохар.

Автурхановас харцдина ницкъаллин структураш ша хьийзош ю бохург

Radiomarsho.com 

Цхьа шо хьалха Нохчийчуьрчу Iедаша, кхел а ца еш, байина бохучу нахана юкъахь волчу шен хIусамдех хилларг къасто араяьлла хиллачу Нохчийчуьрча яхархочо Автурханова Амината  республикерчу телеэфирехь харцдина, ша ницкъаллин структураша лаьцнера бохург. Цуьнга нуьцкъала дайтина иза, хета меттигерчу бахархошна, хаам бо "Кавказский узело".   Цу зорбанан гIирсо дийцарехь, Дечкен-беттан 21-чу сарахь "Грозный" телеканало сюжет гайтина цу хьокъехь. Сюжетан авторша хаам бина, Автурханова Аминат "цIахь берашца ловзуш ю" аьлла. Читать дальше...

Британин армин ницкъ бац Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашна дуьхьаллатта

Radiomarsho.com 

Британин арми гIорасиз хир ю тIеман аренехь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашна дуьхьало ян, аьлла ду гIашсалтийн эскаран инарлан штабан куьйгалхочо Картер Ника динчу дIахьедарехь. И дIахаийтар Картер дIадеша дагахь ву оршот дийнахь. Цуьнан текст къобул йина Британин тIеман министро. Инарло Картера наггахь а бен ца хоуьйту шена хетарг. Цундела, тергамхошна хетарехь, цо леррина дIахьедар дар доьзна ду  Iедалехь дийцаре дийр хиларца, тIеман хьашташна хьажийначу ахчанан барам лахбарца доьзна хаттар.

Туркойчоьнан эскархоша курдашна дуьхьал тIеман операци дIайолийна Шемахь

Radiomarsho.com 

Шеман къилбаседехь йолчу кIошташкахь курдашна дуьхьал тIеман опрераци дIайолийна Туркойчоьнан эскархоша, хаам бо ББС-но. Туркойн Iедалан векалша дийцарехь, церан эскаран дакъош, Шеман доза а хадийна, чудахана Африн олучу гIала. Туркойчоьнан премьер-министро Йылдырым Биналис бинчу хаамца, туркройн эскархошна юкъахь дараш дац. HaberTurk ("Туркойчоьнан керланаш") телеканало, цунна тIе а тевжаш, дийцарехь, цу операцин Iалашо ю Африн провинцехь Туркойчоьнан а, Шеман а дозанеху 30 километр кхерамазаллан зона кхоллар.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *