Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 09.01.2018

Мохк меттахIоттош а - бохош санна...

Radiomarsho.com 

1957 шарахь Нохч-ГIалгIайчоь меттахIоттош омранаш кечдар доцург, кхин дина хIумма а дацара оцу барамна Советан Iедало. Цундела гIаттам айбира Соьлж-ГIалахь а, гонаха а бехачу наха. Нохчаша а, гIалгIаша а мехах схьаоьцура цаьргара шайх 13 шо хьалха дисина цIенош. Я къинтIера а ца бехира вайнах...

Шен даймахкахь доцург дош дац

Radiomarsho.com 

Вайнехан автономи метта хIоттийначу шарахь … Шайн махках бохийна 13 шо даьккхина вайнах Юккъерчу Азера цIаберзош арахецна омра. "Нохч-ГIалгIайчоьнан Социализман Советийн Автономин Республика Оьрсийчоьнан Социализман Федерацин Советийн Республикан декъехь меттахIотторах" Социализман Советийн Республикийн Цхьаьнакхетараллан Президиуман Омра Нохчийн а, гIалгIайн а халкъашна къомаллехь кхиа оьшу хьелаш кхолла йолчу Iалашонца Оьрсийчоьнан Социализман Федерацин Советийн Республикан Лакхарчу Кхеташоно сацам бо... Читать дальше...

Нохчийчохь лаьцна "Мемориалан" меттигерчу декъан куьйгалхо Титиев

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь шинарин Iуьйранна лаьцна "Мемориалан" цу республикерчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб. Шен доттагIца цхьаьнакхета вахана хилла иза Майртупа. Амма ша воьдучу Титиев дIа ца кхаьчна. ДоттагIчуьнга шен телефон дIа ца кхетча, цунна дуьхьал ваханчу цуьнан накъостана гина иза тIайн тIехь лаьтташ, гонах бевлла полисхой а болуш. ТIаьхьо бакъонашларъярхо дIакхачийна Куршлойн эвла, хетарехь, меттигерчу полицин декъе. Соьлж-ГIалара веана адвокат тIе ца витина Титевна. Куршлойн кIоштан полицин декъехь аьлла цуьнга, иза цигахь вац аьлла. Читать дальше...

ВорхI шо долу жима кIант валар толлуш ду Нохчийохь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла Шелковской эвлахь Дечкен-беттан 8-чу дийнахь. 10 шо долчу кIанта шен ден сейф чуьра травматикан тапча схьаэцна хилла. Герз ловзош ларамаза даьллла. Дендарг коьртах кхетта цу кIентан 7 шо долчу вешина. Бер кхелхина оцу меттехь. Хилларг толлуш бу талламхой. Цара билгалбоккхур ду, герз латторан кхерамазалла тесна йитинчу, де-нена бехк бу-бац бохург.

Машенахь воьдуш цигаьркийн юьхьигаш корехула аракхиссар дихкина Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь дихкина машенахь воьдуш цигаьркийн юьхигаш корехула аракхисса. Цунах лаьцна оьшуш болу хийцамш бина Iедалша цIе яларна дуьхьал режимаца йоьзначу бакъона тIехь. Цу хьокъехь хаам зорбане баькхина министрийн кабинетан сайта тIехь. Цуьнца а догIуш, хIинца мегаш дац цIерпоштан некъа тIе а, машенахь воьдуш корехула а, ларйечу зонашкахь а, шелъяланза юкъ а, йогу цигаьркийн юьхьигаш а, дIаяйъаза сирнакаш а кхисса. Машенахь воьдуш йогу цигаьркан юьхьиг корех аракхоьссинчунна гIуда тухур ду 2000 соьме кхаччалц барамехь.

Боснехь тIом боьдуш маьрша адамаш дайина стаг лаьцна Германехь

Radiomarsho.com 

Боснерчу сербийн тIеман тобанан хилла декъашхо лаьцна Германехь. Цу хьокъехь хаам бина Боснин а, Герцеговинин а прокуратуро. Цу стагана бехке дуьллуш ду 1990-чу шерашкахь, Югослави йоьхначул тIаьхьа Балканашкахь тIом боьдуш, тIеман зуламаш дар. Прокуратуран векло бинчу хаамца, 51 шо долу Обрадович Милорад лаьцна Мюнхенна гергахь, Сараевохь еллачу дуьненаюкъарчу ордерца. Германин Iедалша процедура йолийна цу стагана Босне экстрадици ян. Обрадович бехке веш ву 1992-чу шеран Товбеца-баттахь 120 Боснера бусалба вахархо лоцуш дакъалацарна. Читать дальше...

Мачаликашвилин доьзало хаьржинчу немцойн клиникица дийцарш доло кийча бу гуьржий

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан могушаллан министраллан векалш дийцарш доло кийча бу Мачаликашвили Темирланан доьзало хаьржинчу немцойн клиникица. Цунах лаьцна хам бина гуьржийн хаамийн агенталлаша. Дийцарехь, дархочуьнан векалшкара кехаташ схьакхачаре хьоьжуш бу министраллан белхахой. Цул хьалха гуьржийн могушаллан министралло Туркойчу вигитар дехнера Мачаликашвилин гергарчаьрга, амма уьш реза ца хилира, боху министраллан векалша. Шинарин дийнахь Мачаликашвилин дас-нанас дехар дина, хьем а ца беш, шайн кIант дарба... Читать дальше...

Кадыров: 12 эзар турист веанера Нохчийчу Керла шо даздан

Radiomarsho.com 

Керла шо Нохчийчохь даздан кхайкхинера Оьрсийчуьрчу а, махкал арахьарчу а бахархошка Кадыров Рамзана, 2017-гIа шо чекхдале цхьа кIеззиг хан йиссинчхенахь. Цуьнан дехар тидаме а эцна, республике шо чекхдолуш садаIа веана хилла 12 эзар стаг, хаам бо  grozny-inform агенталло. Цунах лаьцна Кадыровс яздина шен Mylistory социалан машанехь йолчу агIонехь. Цо дийцарехь, цу нахана юкъахь бу кхечу пачхьалкхийн махкахой а. Нохчийчоьнан Iедалан векалша бинчу хаамца, 2017-чу шарахь верриг а Нохчийчу веана 100 эзар сов турист. Читать дальше...

Шен спортхой Пхёнчанехь йир йолчу Олимпиаде бахийта дагахь ю Къилбаседа Корей

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Корейно шен спортхой а, царна гIортор йон тоба а, лаккхарчу даржашкахь болу Iедалхой а хьажор бу луларчу Къилба Корейн Пхёнчханехь хир йолчу Iаьнан Олимпиаде. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло. Цо дийцарех, цу кепара сацам бина Пхеньяно, Сеулан векалшца герзаш дихкинчу зонехь Iуьллучу Пханмунджом эвлахь дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа. Хьалхо хаам бинера Къилбаседа Корей шен куьцара канкеш хахкархой бахийта дагахь ю Олимпиаде аьлла. Шина Корейна къахь дийцарш дIадахьарна гIортор йина Iамеркан президенто Трамп Доналда. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *