Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 31.01.2018

Къайлах стаг дIаязвен гIирс оьцуш лаьцна Нохчийчохь йоI

Radiomarsho.com 

Къайлах къамел дIа а яздеш, акустикан информаци дIасайохьуьйту радиомикрофон Интернетехь эцна, почтехь иза схьаоьцучу хенахь лаьцна талламан декъан белхахоша махкарчу Заводской кIоштара 27 шо долу яхархо. Цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх а айдина, талламаш болийна прокуратурано. Иштта стохка Соьлж-гIалара 64 шо долу пенсхо а валийнера Талламан комитето лаьцна кхеле. Иза бехкевора къайлах ладугIу гIирс эцарна, цуьнах пайдаэца Iалашонца. Талламчаша дийцарехь, низамаша магийна боцчуу гIирсах Интернетехула ахча дIа а делла... Читать дальше...

"ГIенаха гур яре сан хьоме Нохчийчоь"

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь шолгIа тIом болабелла 15 сов шо даьллачул тIаьхьа республикан коьртехь волчу Кадыров Рамзана дIахьедар дира шен Iедало новкъарло а ца еш, Нохчийчу юхаберза а, шайн цIахь баха а некъ ло Ичкерин Iедалехь цхьацца даржашкахь хиллачу нахана, аьлла. Цул совнаха, Оьрсийчоьнан Iедалан хеттарш хилахь, ша юрист хиларе терра, накъосталла дийр ду а элира цо. Ши кхо де хьалха Кадыровс динера кхин цхьа дIахьедар. Террорхошна тоьпаш тохар юкъадаккха деза Оьрсийчохь аьллера цо.   Цунна делахь а, дуккха... Читать дальше...

СаIуда-Iаьрбийчоьнна цатайначух тера ду Ахмат-Арена

Radiomarsho.com 

СаIуда Iаьрбийчоьнан вовшахтоьхна тоба шайн тренерийн штабца Ростовн кIоштан Азоверчу Лакомовн цIарахчу стадионехь хилла, цигарчу хьелашна тIех реза а хилла, яздо News-R гIирсо. Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь Соьлж-ГIалахь куп тоха дагахь яра спортан командо хьалхо, шайн футболисташна цигара меттиг климатца а, динлелорца а йогIуш ю аьлла. Ткъа хIинца зорбанашкахь дийцарехь, дог-ойла хийцаеллачух тера ду спортхойн. Делахь а, официалехь и информаци тIечIагIйина яц хIинца а тобано. Маршо Радионо хьалхо яздира... Читать дальше...

Набахтехь волчу Цацаев Тимирланца Iедало харцо лелийна хилар тIечIагIдина Европан кхело

Radiomarsho.com 

Тоьхна хан яккха ша дIавуьгучу хенахь адамна ца мегачу хьелашкахь латторна арз динчу Нохчийчоьнан вахархочунна Цацаев Тимирланна жоп делла адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело. Маршо Радионо шен агIонехь дукха дийцира Нохчийчуьра ши вахархо 21 шо долу Цацаев Тимирлан а, 22 шо кхаьчна Каутаров Аслан а 2014-чу шеран гурахь лацарх. Москохарчу полисхочунна тIелатар дина аьлла, бехкевинера и шиъ бехкзуламан Кодексан 162-чу артиклехь: могушаллана зен деш талордарна а, кехаташ лачкъорна а. Шина кIанта бехк тIе ца лаьцнера... Читать дальше...

Iамеркан сенаторш реза бац Оьрсийчоьнна керла санкцеш ца тохарна

Radiomarsho.com 

Iамеркан президент Трамп Доналдна критика йина сенаторша, цуьнан администрацино 210 Оьрсийчоьнан хьаькамаш а, миллиардераш а "Кремлан тептаре" баьхначул тIаьхьа оцу пачхьалкхана дуьхьал керла санкцеш ца яхарна. Iамеркан пачхьалкхан секретаре Тиллерсон Рексе кехат дахьийтина шинарийдийнахь сенатора-демократа Кардин Бена а, кхи а 19 Сенатерчу демократо а Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш цаяхар тIеэца йиш йоцург ду аьлла. Маршо Радионо хьалхо хааме даьккхира, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн... Читать дальше...

Нохчийн яздархо Яшуркаев Султан кхелхина

Radiomarsho.com 

Вевзаш волу ночхийн яздархо а, поэт а Яшуркаев Султан кхелхина яхначу буса. Иза лазар токхуш хилла тIаьхьарчу кIиранашкахь. 1942-чу шарахь Веданан кIоштарчу Харачой юьртахь вина вара Яшуркаев Султан. Соьлжа-гIаларчу университетехь филологин, Москохарчу университетехь юридикан факультеташ чекхъяьхнера цо. Нохчийн литературехь уггаре а вевзачех яздархо вара Яшуркаев. Цуьнан дийцарш а, эссеш а, байташ а арайийлинера нохчийн а, оьрсийн а, немцойн а, францхойн, полшхойн  а меттанашкахь. Шуьйрачу... Читать дальше...

Алсам зуламаш дарехь шолгIачу меттиегхь ю Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь дахначу шарахь 900 стаг билгалвьаккхина терроризмца доьзна зуламаш дина аьлла, яздо "Интерфакс" агенталло Инарла прокуратуран хаамех пайда а эцна. Прокуратуран статистикаца дийнна шерачохь пачхьалкхан территори тIехь 1871 терроран кепехь зулам дина, лаьцна 873 стаг. Иштта оцу хьукмато стохка 1521 эктремистийн зулам дина хиларх а бо хаам, лаьцна оцу декъехь 972 стаг. Уггар алсам зуламаш дина Дагестанехь, шолгIачу меттигехь ю Нохчийчоь.

Экстремистийн могIарера ша дIаваккхар дехна Нохчийчуьрчу вахархочо прокуратуре

Radiomarsho.com 

Экстремисташца а, террорхошца а зIенаш хилла аьлла, тептаре ваьккхинчу шен цIе дIаяккхахьара аьлла, орца дехна Нохчийчоьнан прокуратуре меттигерчу вахархочо К. Iумара. Талламхошна гучудаьлла, кхелан сацамца терроран кепехь зулам дина аьлла, бехкевина ву иза 2012-чу шарахь. Оцу юкъанна къаьстина зуламан низамца а догIуш, лаьцна хилар цунна тIера даьлла хилар а. Оцу хьокъехь прокуратурано республикерчу финансийн мониторинган федералан хьукмате кехат дахьийтина, иза теллинчул тIаьхьа тептарера дIавоккхур ву дехар динарг.

Иракъехь кхи а 18 зуда а, 30 бер а хааделла Iедалхошна

Radiomarsho.com 

Иракъехь лаьцна латтош бу Нохчийчуьра а, Дагестанера а. ГIалгIайчуьра а, кхечу регионашкара а 18 зуда а, 30 бер а аьлла хаам бина "Кавказан узел" агенталле махкарчу Iедалца йозуш йоцчу организаин декъашхочо. Лаьцна латточарех цхьана зудчо хаамбина шен нене ша а, шеца болу зударий а лоллехь латтош бу аьлла. Маршо Радионо ГIуран-баттахь яздира, Федерацин Кхеташонера парламентан векало Сабсаби Зияда Гергарчу Малхбалера хIинцале а цIа валийна Оьрсийчоьнан 93 вахархо, тIейогIучу хенахь кхи а 150 стаг Шемара цIа а валийна... Читать дальше...

Журналисташ Сванидзе а, Шевченко а летта йоьдучу эфирехь

Radiomarsho.com 

"Комсомолан бакъдерг" радиостанцин эфирехь вовшахлетта журналисташ Сванидзе Николай а, Шевченко Максим а. Радиостанцин YouTube-каналехь хьажа аьтто бу видеога. "Сталинизм цамгар юй-те, дарба оьшуш?" аьллачу хаттарна гонах дийцарш деш, дов даьлла оппонентийн. Советан заманарчу эскархойн кешнаш тIе туйнаш детта Сванидзес аьлла, дIахьедина Шевченкос. "Хьо боьха хIума ю, дош дацара хьан бетах тIара ца тоьхча" аьлла, дуьхьал жоп делла вукхо. ТIаккха хьалаиккхина летта и шиъ вовшах.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *