Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 02.01.2018

Нохчийчохь некъан бохамехь нах белла, лазийнарш а бу

Radiomarsho.com 

Ши стаг велла, 7-нна кеп-кепара чевнаш йина Нохчийчохь хиллачу некъан бохамехь. РЕН ТВ канало бечу хаамца, шинарийдийнахь хилла и бохам. Билгалдаьлларг ду цхьа машен "Лада-Приора" хилар. Карарчу заманчохь талламаш бу инцидентна гонах дIахьош.

Карелехь 20 шо доккхур ду Немцов верна бехкевинчо

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан оппозиционер Немцов Борис верна 20 шо хан кхайкхийна нохчийн "Север" батальонан хилла эскархо Дадаев Заур  Петразаводскан лоьмар 9 йолчу колони хьажийна. "Столица" интернет-гIирсо бина и хаам. Официалан йоцчу информацица, карарчу хенахь Москохара Петарбухехула Петрозаводске кхачор ву Дадаев. Кху аьхка Москохарчу тIеман кхело 20 шо хан туьйхира Дадаевна, иштта ваьккхира иза лейтенантан даржах а, Къонахаллин мидалх а. Немцов верна цуьнца декъехь хиллачарна 11 шарера 19 шаре кхаччалц хенаш кхайкхийра. Читать дальше...

ГIажарийчоьнан Iедална дуьхьал даьлла къам

Radiomarsho.com 

ГIажарийчохь демонстрацехь беллачийн терахь 20 стаге хьаладаьлла аьлла хаамбина "Эхо Москвы" радионо. Исламан пачхьалкхехь еарийдийнахь дуьйнна йолийначу акцешкахь полисхошна а, бахархошна а юкъахь вовшахтийсадаларш нисло. ТIаьххаьрчу дийнахь-бусий официалехь дIакхайкхорца, лазийнарш шозза совбоьвлла. Пачхьалкхан телехьожийло а бакъдо и терахьаш. Кахдариджан олучу гIалахь къаьсттина дукха цIий Iанийна. Полисхойн декъан чу кхача гIиртина цигахь яхначу буса. Вийна 6 протестхо. Цхьаццайолчу гIаланашкахь... Читать дальше...

Юкнявичене: Нохчий тхуна цкъа а ца бицло

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан-Ичкерин Европерчу министрийн кабинетан векалш, коьртехь Закаев Ахьмад а волуш, ши кIира хьалха Литува бахара цигарчу парламенто (Сеймо) хьошалгIа кхайкхарца. ЦхьамогIа цхьаьнакхетарех дара Сейман депутатца, 2008-2012-чу шерашкахь Литуван тIеман министр лаьттинчу Юкнявичене Расица хилла къамел а. Маршо Радион корреспондентна интервью елира евзаш йолчу политико.

ГIажарийчохь цхьа полисхо вийна, кхоъ лазийна

Radiomarsho.com 

ГIажарийчохь протесташкахь вийна цхьа полисхо, кхаанна чевнаш йина, хаамбо Reuters агенталло. Полицино бахарехь, протестхойх цхьаммо герз детта долийна таллархойн тоьпаца полисхошна тIе. Дуьххьара ду полисхошлахь вер-ваккхар нисдалар. Хьалхо хааме даьккхинера, демонстрантех 12 вийна аьлла. Байначу беттан 28-чохь дуьйна къепе йохийна ГIажарийчохь. Юьхьанца оцу махкахь экономикан политикана резабоцуш йолийнера акцеш, цул тIаьхьа Iедална дуьхьал бевлира гуламхой. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президента Пенс Майкла Твиттерехь дIахьедо... Читать дальше...

Сталинан бюст хIоттийна Ростовн кIоштахь

Radiomarsho.com 

Ростовн кIоштарчу Матвеевн Курган олучу эвлахь Керла шо тIекхочучу деношкахь Сталин Иосифан бюст хIоттийна, яздо "Обзоро". Оцу церемонехь дакъалаьцна пачхьалкхан Думан депутато Коломейцев Николайс а, инарла-лейтенанта, 2003-2006-чу а шерашкахь Нохчийчохь тIеман комендант лаьттинчу Фоменко Григорийс а. Ростовн кIоштахь Сталинна хIоттийна и бюст дуьххьара яц. Шо хьалха Сталин виначу дийнахь Куйбышево олучу эвлахь а юьйгIира цуьнан бюст. Ткъа 2014-чу шарахь Новочеркасскехь Сталинан дийнна хIоллам... Читать дальше...

Пакистанна кхи дIа ахча дала дуьхьал ву Трамп

Radiomarsho.com 

Керлачу шарахь Твиттерехь дуьххьара динчу йозанехь Iамеркан президенто Трамп Доналда цкъа мацах уггар гергара хилла Пакистан бехкейина шайна "харцдерг" дийцарна. "ТIаьххьарчу 15 шерачохь тхоьгара 33 миллиард долларшкахь ахча кхаьчна цаьрга, ткъа тхуна цаьргара хилла пайда бац, ша цара буьтту аьшпаш боцург. Тхан куьйгалхой Iовдал хета царна", яздина Трампа. Исламабад бехкейо Iамеркан президенто, ОвхIанистанехь Iамерко тIом латточу исламхойн тIемалой хьулбарна. Цо чIагIо йина, цу кепара цхьана агIор оьзна юкъаметтигаш шаьш хедор ю аьлла. Читать дальше...

Бангладешехь Кадыровн цIарах школа схьайиллина

Radiomarsho.com 

Бангладешехь  Мьянмерчу мухIажирийн куьпахь Кадыров Ахьмадан цIарах школа схьайиллина. Mylistory социалан машанехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина и хаам. Мьянмайца йозучу территори тIехь лаьтташ ю школа. Кадыровс бахарехь, карарчу хенахь 348 бер деша доладелла оцу керлачу доьшийлехь, амма тIейогIучу хенахь эзаре лакхадер ду и терахь. Юьхьанца язъян а, еша а Iамор бу цигахь, дешархойх доккхачу декъан аьтто ца хилла школе эха. "Иштта мехалчу гIуллакхна ахча даларна ас даггара баркалла боху сайн нанна Кадырова Айманина а... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *