Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 13.01.2018

Трамп «сацо веза» аьлла, кхайкхам бина Нохчийчуьрчу депутаташа

Radiomarsho.com 

Iамеркан президент Трамп Доналд сацавахьара аьлла, дуьненаюкъаралле, дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн вовшахтохараллашка, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохаралле, Дуьненерчу могушалла ларъйон вовшахтохаралле кхайкхам бина Нохчийчоьнан парламентан депутаташа. Цунах лаьцна шен «ВКонтакте» социалан машанехь хаам бина спикеро Даудов Мохьмада, яздо «АиФ» газето. Даудовс дийцарехь, цу тайпа депутаташа кхайкхам баран бахьана ду, Кадыров Рамзана хьалхо Iамерка тIом боккхуш ю аьлла, дина дIахьедар. Читать дальше...

«Дог Iаббош» ло деана Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Iа Iа дац, бIаьргнегIар а даздеш ло а ца дагIахь, шозза-кхузза мукъане а салаз хахка йиш а яцахь! Ткъа хахкавала-м мега стомма кехат а, уьн коржам а, дуткъачу эчиган аса а! Хаза Iа – берийн ирс!

Кадыровга керла видеокхайкхам бина юьхь хьулйинчу зудчо

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочуга а, цуьнан нене а видеокхайкхам бинчу зудчо керла пост хоIттийна YouTube-хь.   Цу зудчо ша кийча ю боху Кадыров къинтIера вакхха, нагахь цо Нохчийчох доьза байначу нехан декъеш мукъане а гергарчаьрга дIалахь. Нохчийчоьнан Iедалшна критика ярна шена дийр долчу таIзарх а, ша ерна а ца кхоьру ша боху авторо. Цо иштта чIагIдо, ша доьхург кхочуш хилахь кхин керла видеокхайкхамаш бийр бац ша бохуш. ПIераскан сарахь ANTI KADYROV Youtube-каналера гучура дIаевлира цу зудчо... Читать дальше...

Кадыровга видеокхайкхам бина зуда емалйина гергарчара

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а, цуьнан нене а видеокхайкхам бинарг Францехь еха Гучигова Iайшат ю аьлла, хаам бина цуьнан гергарчара. Цара телевизионехула дIахьедар дина, цо динарг бахьана долуш юьхьIаьржа ду шаьш аьлла, ткъа цхьана цуьнан гаргарчу стага сардам а боьллина зудчунна. ЧГТРК "Грозный" телевизионан эфирехь и зуда кхетамчура ю аьлла.  Шен юьхь а хьулйина цхьана зудчо видеокхайкхам бинера Кадыровга а, цуьнан нене а, Нохчийчохь лечкъийна болчу кегийрхойн да-наношка а. Читать дальше...

"Грозный Авиа" компанин хиллачу директоран гIуллакх дIакхачийна суьде

Radiomarsho.com 

"Грозный Авиа" компанин хиллачу директорна дуьхьал бекхталламан гIуллакх долийнера стохка, цо шен сутараллица белхахошна алапаш дIа ца делла аьлла. Цо шегахь сацийнарг хиллера 3 миллигн 259 эзар 151 сом. ХIинца талламхоша и гIуллакх, теллина а далийтина, дIакхачийна суьде. Куьйгалхо бехкехилар тIечIагIдахь, 2 шарера 5 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан йогIу цунна. Цул сов дехка догIу цунна 5 шерахь куьйгалхочуьнан даржехь болх бар а.

Жима бер а, цхьа стаг а кхелхина Нохчийчохь некъахьовзамехь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла Хьалха-МартантIехь. Дуьхь-дуьхьал кхетта ши машен. И бахьана долуш кхелхина жима бер а, цхьа стаг а, хаам бо РИА Новости. Кхин а 4 адам, шайна юкъахь ши зуда а, 7 шо долу йоI а йолуш, лазийна дIадигна клинике. Царах ши зуда вочу хьолехь ю, бохуш дуьйцу лоьраша.

Къилбаседа Корейно шен артисташ бохуьйтур бу Пхёнчхане

Radiomarsho.com 

Корейхойн пачхьалкх цхьаьнатохаран Къилба Корейн министралло хаам бина шот дийнахь, Къилбаседа Корей шен артисташ Пхёнчхане хьовсо дагахь хиларх лаьцна. Цара дакъалоцур ду Къилба Корейн цу гIалахь хир йолчу Iаьнан Олимпиадехь. Цунах лаьцна хаам бина Рейтер агенталло. Пхеньяно хаам бина, шаьш шайн артисташ Олимпиаде хьажорах лаьцна хаттарш дийцаре дан лууш ду, герзех мукъа йолчу зонерчу Панмунджом эвларчу Тонгил павильонехь аьлла. Пхёнчханехь Iаьнан Олимпиада хир ю Чиллан-беттан 5-25 деношкахь.

Титиев хьийзор Гериевн гIуллакхца догIуш хилар билгалдаьккхина Евробарто

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалша сихонца дIахеца веза нохчийн бакъонашларъярхо Титиев Оюб аьлла, дIахьедар дина Евробарто. Цхьаьанакхеттачо Европан куьйгалхошна хетарехь, Титиевн гIуллакх догIуш ду "Кавказский узел" порталан корреспондентаца Гериев Жалавдица хиллачуьнца. Евробарто динчу дIахьедарца "сингаттам кхуллуш ду Оьрсийчоьнан Федерацин цу (Къилбаседа Кавказан) регионехь бозуш боцу журналисташ а, бакъонашларъярхой а лецар а, уьш кхеро гIертар а".





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *