Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 10.01.2018

Iамеркан Пачхьалкхан департаменто дIахеца боху Нохчийчуьрчу «Мемориалан» куьйгалхо

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ вуно синтем байна ю «Мемориалан» Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб дIалацарна. Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхам бина Оьрсийчурчу Iедалшка, сихонца иза дIа a хеца, цуьнан бакъонаш а ларйе аьлла. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Iамеркан Пачхьалкхан департаментан дIахьедарехь. Цу тIехь билгалдаьккхина ду, кхерам бу Титиевца мегар доцург лелорна а, иза лаьцна витарна а аьлла.

Дуьненаюькъара кампани йолийна Бакаев Зеламха лохуш

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу All Out олучу тобано а, Оьрсийчуьрчу ЛБГТ-н юкъаралло а дуьненаюкъара кампани йолийна, Соьлж-ГIалахь лачкъийна волу 26 шо долу йишлакхархо Бакаев Зеламха лахар доьхуш, Оьрсийчоьнан куьйгалхошка бинчу кхайкхаман кIеллахь куьйгаш гулдеш. Бакаев вайна стохка Марсхьокху-баттахь. Цу хенахь дуьйна цуьнах хиллачух лаьцна хIара ду аьлла хууш хIума дац.  2017-чу шарахь Гезгмашин-баттахь интернетехь видео гучуелира тIехь Бакаев а волуш, иза Германехь волуш санна. Амма цуьнан накъосташа харц дира иза цу пачхьалкхехь хилар.

Европан Кхеташонан комиссаро дIахецар доьху бакъонашларъярхо Титиев

Radiomarsho.com 

Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула волчу комиссаро Муйжниекс Нилса кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Омар мукъаваккха аьлла. Цунах лаьцна Европерчу комиссаро яздина шен Facebook-рчу агIонехь. Муйжниексна хетарехь, Нохчийчуьра бакъонашларъярхо хьийзош ву шеконе бехк а кхоьллина. Нохчийчохь шинарин Iуьйранна лаьцна "Мемориалан" цу республикерчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб. Шен доттагIца цхьаьнакхета вахана хилла иза Майртупа. Амма ша воьдучу Титиев дIа ца кхаьчна. Читать дальше...

Левада-центр: Оьрсийчоьнна мостагIаша го бина аьлла хета 23 % бахархошна

Radiomarsho.com 

Социологаша бинчу талламца, 66 процент оьрсийчоьнхой тешна бу Оьрсийчоьнан мостагIий бу бохучух. ТIахьарчу 23 шарахь цу хаттарехула уггаре лакхара гайтам бара 2014-чу шарахь. Оцу шарахь бинчу талламца а догIуш, Оьрсийчоь мостагIаша гоне лаьцна ю аьлла хеташ бара 84 процент респонденташ. Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, "Левада-центро" бинчу талламна тIе а тевжина. Оьрсийчоьнан коьрта мостагIий лору цу пачхьалкхерчу бахархоша Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ а (68 процент), Украина а (29 процент), Евробарт а (14 процент).

Соьлж-ГIалан керла къеда хIоттийна Ильясов Адам

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан муфтиято керла къеда билгалваьккхина Соьлж-ГIалана. Иза ву Ильясов Адам. Цуьнгахь хир ду республикан муфтийн когаметтан дарж а. Ильясов вовзуьйтуш, муфтийс Межиева Салахь-Хьаьжас билгалдаьккхира цу стага баккхийн кхиамаш баьхна хилар, республика синан-оьздангаллехь кхиорехь.

ДIаваьлла Дуисехь чевнаш йина волу Мачаликашвили Темирлан

Radiomarsho.com 

Тбилисерчу клиникехь дIаваьлла Паьнгазахь талламан операци дIахьош гуьржийн эскархочо герз тоьхна чевнаш йина волу Мачаликашвили Темирлан. Цуьнах лаьцна хаам бина лоьро Лурсманашвили Зазас, яздо "Грузия онлайн" сайто. Лоьро дийцарехь, Мачаликашвили велла тахана, кхаарин дийнахь, Iуьйранна. 19 шо долчу Мачаликашвили Темирланна герз тоьхнера коьртах а, белшах а пачхьалкхан кхерамазаллин сервсисан белхахоша Паьнгаза чIожехь леррина операци дIахьош. Ши кIира гергга хан яьккхира цо кхетамчу ца вогIуш.

Нохчашца доттагIалла лелорхо-профессионал

Radiomarsho.com 

Жигимантас Павилионис - Литува пачхьалкхан дипломатин векал, оппозицехь йолчу консервативан партин лидерех цхьаъ. Дуккха а шераш ду мехкан цIарх цо Нохчийчоьнца лелачу юкъаметтигийн доладен. Политико бовхачу безамца дагалоьцу муха дуьйлира гергарлонаш Литуваний, Нохчийчоьний юкъа.

Газ иккхина 5 адам дагийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла Шелан кIоштарчу Гермачигахь Дечкен-беттан 9-чу сарахь. Газ иккхина ораматаш кхиаден чоьнехь, хаам бина Нохчийчуьрчу орцаллан министралло. И бахьана долуш вагийна 5 стаг. Уьш дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу 4-чу дарбанан цIийне. Болчу хаамца, газ иккхинчул тIаьхьа цIе ца яларна дийна бисина цу чохь хилларш. Орцаллан министраллан белхахой таллам беш бу хилларг хьокъехь.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *