КIирандийнахь Керлачу шеран буьйсанна корахчу тоьхначу герзо йийна Соьлж-ГIаларчу школан 9-чу классера дешархо Д. Маршо Радион хьостано дийцарца, микрорайонерчу шайн хIусамехь хIума кхоллучу чоьнахь гIентахь хиина Iен йоI корах чукхеттачу молхано йийна. Дуьххьалчу цIачуьра Керла шо даздеш, герзаш деттачу полицин декъехь болх бечу 20 шо долчу жимачу стеган карах ларамза кхетта герз.
Кхаарийдийнахь Гуьмса-кIоштахь лаьтте кховдийна елларг.
Карарчу хенахь бехкениг лаьцна, зуламна гонах талламаш бу дIахьош.