Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Нохчийчохь кхоъ зиярт схьадиллина

0
Кунта-Хьаьжина депортаци йина 154 шо кхачарца доьзна кхаа эвлара зиярташ юхадендина Нохчийчохь. Маьждигашкахь КъурIанаш, мовлидаш дешна, зуькарш дина ца Iаш, Веданан кIоштарчу Эртан зиярте а кхечира бахархой, иштта дIасадекъна мискачу нахалахь сагIанаш а.


"Кавказан узел" агенталло бечу хаамца, кху шарахь Кунта-Хьаьжа дагалоцучу барамашкахь  иттанашкахь эзар наха дакъалаьцна.


Иштта Веданан а, Куьрчалан а кIошташкахь схьадиллинера  нохчийн Эвлияийн а, шейхийн а кхоъ зиярт.


"Веданахь шейхан Узум-Хьаьжин, МахкатIехь Юсуп-Хьаьжин, Куьрчалахь Янгулби-Хьаьжин зияраташ. Цигахь массанхьа а хьалхаваьлла хилла мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан", - аьлла агенталле Нохчийчоьнан муфтиятехь.


Цара бахарехь, и зиярташ мехкан куьйгалхочун омраца юхакечдина, керлачу реконструкцехь ду.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *