Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Умаров Джамбулата Mylistory машане дерзар хьоьху Оьрсийчоьнна

0
Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата Москохарчу пачхьалкхан университетан ораматийн (МГУ) бешан белхахошна Mylistory социалан машане яздалар хьехна.


"Ас хадам боллуш дехар до шуьга Mylistory машане дерза. Къилбаседа Кавказера, Уралера, Москохара, ГIирмера нах хаза а хеташ Iемар бу шух бошмийн а, хасбошмийн а корматаллана", - аьлла министро "Москоха дуьйцу" хаамийн гIирсе.


Еарийн суьйранна Инстаграмера МГУ-н ораматийн бешан "Дарбане бецаш" аккаунт дIакъевлина. "Дарбане бецийн" пресс-секретара Архипова Ольгас РБК агенталле дийцина, Инстаграмера шайн агIо юхаерзо некъаш лоьхуш ду шаьш аьлла.


Блок тохаран бахьанаш дуьйцуш, цо билгалдаьккхина, шайн аккаунт яста а естина, цигахула спам дIасакхоьхьуьйтуш хилла аьлла.


Маршо Радионо яздира, байначу беттан 22-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Инстаграмера а, Фейсбукера а аккаунташ дIакъевлина хиларх. Iамерко цунна тоьхна санкцеш бахьана долуш, блок хIоттийна цуьнан агIонашна.


Цул тIаьхьа Нохчийчохь юкъаяьккхинчу Mylistory социалан машанехь аккаунташ йиллира Кадыров Рамзана а, махкарчу хьаькамаша а.


 


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *