Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Кадыров: Iамеркан Iедал кIажбухе дахийтина, хIай - хIай!

0
Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн министрийн кабинет ханна болх бечуьра сацарна комментари йина Кадыров Рамзана.


"Iамеркан министрий кабинетан болх сецна. Ахча дац. Гергарчу Малхбалехула ОвхIанистанехь, Иракъехь, Шемахь, Ливехь цIий а Iенош, дуьне мел ду нехан гIуллакхашна юкъа а гIерташ, шайн Iедал кIажбухе кхачийна. ХIай-хIай!", - аьлла, яздина Кадыровс Твиттерехь.


Шоьтан буса Iамеркан урхалло шен болх сацийна ахча цатоарна.


Пачхьалкхан хьукматашна лерина ахча дехьадаккхаран керла низаман проект тIеэцарехь республиканхойн а, сенатерчу демократийн а барт цахиллачул тIаьхьа, сацийна шайн болх министрийн кабинето














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *