Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2018

Псковра десантхошна тIелатар дарна хенаш кхайкхийна юха а

0
2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковн десантхошна тIелатар дина аьлла бехкевинчу Валиев Арсланна а, Амангазиев Фаизбекна а 15 шой ах шой, 16 шой хенаш тоьхна аьлла, хаамбина Талламан комитето.


Талламчаша чIагIдарехь, Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бина цара 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота йохош дакъалаьцна цара.


Хьалхо кхи а оцу тIелатарна бехкевинчу 9 тобанхочунна тIехь кхел а йина, Нохчийчуьрчу Тунтуев Аюбна 24 шой, 11 буттий хан туьйхира, 200 эзар сом гIуда а хьарчош.


Ткъа Понарьин Максимна велла дIаваллалц хан яккха.


Украинан вахархочунна Малофеев Александрна 24 шой ах шой хан кхайкхийра.


Болучу хъаамашца, кхеле хIотто везаш ву шеконашца кхи а шиъ- Ушаев Артур а, Наматов Руслан а.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *