Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2019

Гериев Жалавди: Бехке вац со цхьанна а хьалха

0
Гериев Жалавди: Бехке вац со цхьанна а хьалха

Филиппович Екатерина

Политика бахьанехь набахти текхна ваьллачу нохчийн журналиста дуьйцу Iазапах, дешан маршонах, боцу бехк тIекхолларх лаьцна

"Кавказский Узел" газетан цIарх Нохчийчохь болхбечу юкъанна набахте хьажийна хилла Гериев Жалавди оршоьтадийнахь ваьлла шена махкарчу кхелаша дина таIзар текхна.  Наркотикаш лелорна бехке а вина, кхо шо даьккхина цомехкан  Чернокозоворчу набахтехь.

Кхо шо хьалха, Соьлжа-ГIаларчу аэропорте воьдуш лаьцна, вадийра иза герзхоша. ТIаьхьо даржийра, цуьнгарчу тIоьрмиг чохь кIомал карийна аьлла.

"Мемориал" Центро политикан тутмакхийн могIара ваьккхира Гериев, бехк цунна тIекхоьллина хилар а туьдуш.

"Кавказ.Реалиина" интервью елира Жалавдис ша мукъаваьккхинчу дийнахь, дийцира шенний, Титиев Оюбанний "бехкашна" юкъахь хIун билгалонаш ю.

– Жалауди, кхо шо даьккхи ахь набахтехь, хIинца махкара дIа-м гIур вац хьо?

– Бахьана беламе а долуш, наркотикаш лелийна аьлла, кхо шо текхна ас. Оццул къиза тIетесна бехк а болуш, цхьаммо а ца элира соьга, стенна яздина ахь газетехь хIара я важа. Данне а ца дира иза. ХIинца со мукъа ву, амма хIуманна а бехке вацара, со цIена ву. Цундела махкара ваьлла, дIаваха цхьа а ойла яц цкъачунна. Лиича а, арахьара паспорт а дац сан, иза сан хIуманашца цхьаьна лачкъийра суна дуьхьал дов кхуллучу хенахь.

– Набахтера араваьллачунца хуьлуш ма-хиллара, Iедало тергонан раже хIоттийний хьо?

– ХIан-хIа, тергонан раж ца хIоттийна.

– Нохчийчохь хьайн журналистан болх дIакхехьа ойла юй хьан?

– Хала ду ала, цкъачунна цунах ойла ца йина ас. Цкъачунна суо меттавало веза ас, цIийнах вола деза, гергарнаш ган беза. Цул тIаьхьа йийр балхах а, кхечу гIуллакхех а ойла.

– Муха хета хьуна, цхьана могIарара юй Кавказан къаьмнийн ассамблеян куьйгалхочунна Кутаев Русланна а, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран декъан хьаькамна Титиев Оюбна а, хьуна а йина кхелаш?

– Ца хаьа. Юкъарло дан-м ду. Масала, сой, Титиеввий, шо бен юкъахь доцуш, оццу Куьршалойн кIоштарчу полицино лецира. Цхьа белхахой бу суна а, цунна а дуьхьал кхел яьккхинарш. Со луьрачу хьелашкахь латточу изоляторе ваккхийтинарг а яра Титиевна кхел йина йоллу Шелара Зайнутдинова.

Талламхочо суна бехк кхуллучу юкъанна, чохь валлочу соьгара сакхт даььла аьлла, Зайнутдиновас шина кIиранна изоляторехь луьрачу хьелашкахь кхаба кхел йира суна.

БехктIебахьархой а, харц тоьшаллаш дийраш а бара сан а, Титиевн а цхьа нах - изза Ахматов а, Байтаев а. Тхойшиннан а кхелехь, хIумма а эхь ца хеташ, аьшпаш биттира цара, наркотик хIун ю хиина а доцчу тхуна дуьхьал тоьшаллаш дира. Ма-гарра ду-кх, дера ю зIе-м.

Набахтехь Кутаев вайра суна, тIекхоьллинчу беканна чувоьллинера иза хьалхо. Суна а, Титиевна а бухакхоьссинарг кIомалан цхьа тIоьрмиг бу, хетарехь, ткъа Кутаевна ченан хьесапехь йолу наркотик бухакхоьссинера.

- Хьо хIетахь вадочу муьрехь, цхьаммо а, сацабе журналистан болх, аьллерий хьоьга, динерий цхьа а и тайпа къамел?

– Со вадавале хьалха дацара иштаниг хилла а. Цхьа хIума гучуделира тIаьхьо, кхаа дийнахь-буса тхан хIусамах тидамбеш Iийнера бевзаш боцу цхьа нах, суна дуьхьал кхелехь тоьшалла дечу наха хаийтира уьш полисхой хиллийла.

Со Соьлж-ГIаларчу изоляторехь волуш суна тIелелачу ФСБ-н белхахоша хоьттура соьга сан балхах, "Кавказан Узелх", "Мемориалах" лаьцна, со дозанал араваьлла, кхечу мехкашка вахана лелла хиларх лаьцна. Цара хоьттура, стенна ваханера со Норвеге Iилманан конференце. Хаа гIертара, юй сан Европерчу журналисташца а, бакъоларъярхошца а зIенаш.

– Хьо вадийна, левечу муьрехь йиттирий хьуна?

– Суна дуьхьал гIаттийначу бехкца доьзна со ца левира цкъа а. Йиттира, амма ца хоьттура хIумма а. Талламчас хIиттийна харц кехаташна буха куьгтIаIаде бохуш, йиттира.

– Хьайна гIелоярх лаьцна арздирий ахь?

– 2016-гIачу шарахь дира ас со тIекхетта вадорах, сайна еттарх лаьцна арз, сан кхел йоьдучу муьрехь дара иза.  Къилбаседа Кавказан Талламан комитетан урхалло ворхIазза, бехкечарна дуьхьал дов ца гIаттош, юхадехира сан дехарш. Уьш низамехь дац, олий, тIе ца оьцура цул лаккхарчу хьукмато. Суна хууш, хIинца борхIазлагIа а, со вадор ца толлуш, дуьхьало йина талламо.

– Набахтехь, харцхьа лелла олий, таIзарш кхайкхадора хьуна. Хуьлурий иза хьан бехкенна?

– Хетарехь, ца лора ас бахьана.  2018-чу шеран гурахь Новр-ГIаларчу кхело кхочушдира сан дехар – магийра со хенал хьалха набахтех мукъаваккха. И сацам мехкан прокуратуро юхабаккхийтира. Шо довш юха а хилира сан дехарца Новр-ГIалахь кхел – бахьана ца дуьйцуш, со мукъа цавалийта сацамбира. Цу тIе, яздира кхелахочо шен сацамехь: харцхьа лелла хаавелла вацаро ца гойту со нийсачу новкъа ваьллийла, гойту айса дандезарг со деш вуйла, аьлла. Цундела хIара шо дIекхаьчча сацийра ас дехарш дар – ца тешара хенал хьалха суо аравер ву бохучух.

– Хьо набахте хьажор муха лайра дас-нанас?

– Доьналлах ца боха гIертара уьш, ткъа со-м кхетара царна атта доцийла, суна халахета цаьрга ас сайна сагатдайтина. Теша лаьа, кхин ишта бохам со бахьанехь царна бериг цахиларх.

– Муха туьдура хьан набахте кхачар бухарчу наха? Хаьарий царна цунахдолу бакъ бахьана?

– Дерг ала деза, Нохчийчуьра набахтийн система, Оьрсийчуьрчу хьелашца дуьстича,  тоьллачех ю. Набахтин куьйгалхоша ца йора суна цхьа а гIело. Сайн цхьа гIуллакх хилча, набахтин куьйгалхочунна тIе а вахана, кхочушдойла хуьлура сан.

– Кадыров Рамзана [Нохчийчоьнан куьйгалхочо. – Ред.]  прессехула Iедална луьйраш сецо беза аьлла. Иштачу хьолехь кхераме дуй-те хьуна махкахь саца?

Рамзан Кадыров говорит об усилении борьбы с инакомыслием через СМИ. Опасно ли вам в такой ситуации оставаться в республике?

– Ца хаьа суна оцу дIахьедарх лаьцна хIумма а, со хIинцца ваьлла набахтех мукъа.

– Хьо маьршаваьлча, хIун дира ахь дуьххьара?

– Суна мелла а кхечу хьесапехь гора айса сатуьйсу хиндерг. БорхIалгIачух ах даьлча гIаттийра со, Iуьйранна, кехат делира соьга, набахтин хьал дац суна тIехь аьлла цхьаццанхьахула чекхвалийта, цул тIаьхьа сиха арахийцира. Гергарчара вадийна цIакхачийра. ХIинца сан болх чуоьху веза-вевзарг тIеэцар бу.







В Подмосковье сотрудники Росгвардии спасли пожилого мужчину, который оказался один дома и плохо себя почувствовал

Ежегодная церемония вручения Всероссийской премии Евгения Зубова прошла в библиотеке Видного

В ЖК «Восточное Бутово» продолжают строительство шестого по счету детского сада

Профилактический рейд по противопожарной безопасности прошел сегодня в Ленинском округе


В Москве прошла Премия-практикум «Харизма Года»

Уникальный интерактивный проект Ставропольской психиатрической больницы на выставке-форуме «Россия»

Жители Барнаула помогут сделать родной город чище

Фонд «Восход» выпустил на «Атомайз» первые в России венчурные ЦФА


Walmart adds employee bonus for hourly US workers

Watch awkward moment baffled French Open teen is ‘teleported’ into Eurosport studio for live TV interview

Andy Murray cracks brutal joke as Brit star’s Wimbledon preparations are disrupted by bizarre injury 

Four-time Man Utd trophy winner, 37, looks unrecognisable as he heads to training with dramatic new look


Мобилизованного свердловчанина приговорили к 23 годам "строгача" за подрыв гранаты в казарме

Пустынная долина Кодара...

Работать там, где удобно: беспроводная гарнитура Fstyler BH230 от A4Tech

В этом году планируют заключить контракт на реконструкцию еще одного участка трассы Р-23 в Ленобласти


Concord is skipping free-to-play and pulling a Helldivers 2 instead: $40 for the full game with all 16 heroes at launch

Мафия-НН: Все в сборе, правила с тревогой выслушаны, роли прочитаны, и сразу же в бой!

I tried to recreate Marvel's Iron Man in this movie studio sim, and my version was so bad my own father stormed out of the theater

Показ геймплея тактики SteamWorld Heist II



Об отношении к русским в Азербайджане

В ПРЕДДВЕРИИ ДНЯ РОССИИ РОСГВАРДЕЙЦЫ ПРОВЕЛИ ПРАЗДНИЧНОЕ МЕРОПРИЯТИЕ ДЛЯ ДЕТЕЙ

РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ

СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ


СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ

В Санкт-Петербурге прошел Кубок ПМЭФ по конкуру

Что можно отметить в этот день

В Ленинградской области вооруженный ножом мужчина угрожал детям


Актера Театра сатиры покинул собрание на «скорой»

Актер Панин назвал бредом попадание в список экстремистов и террористов

В работе мессенджера «Телеграм» случился массовый сбой

В Москве выставили на продажу 12-метровый Hummer H2 всего за 900 тыс. рублей


Экс-теннисист Ольховский: Рублев не успел набрать форму на "Ролан Гаррос"

Соболенко, проигравшая Андреевой, потеряет 2-е место в рейтинге WTA по итогам «Ролан Гаррос», уступив его Гауфф

Зверев вышел в финал «Ролан Гаррос»

Теннисист Медведев снялся с турнира ATP в Нидерландах из-за травмы


Maserati, сбивший двух детей в Подмосковье, ехал со скоростью 280 км/ч

В Ленобласти задержали дебошира, угрожавшего ножом детям в СНТ

Актера Театра сатиры покинул собрание на «скорой»

Гендир TelecomDaily Кусков: сбой в Telegram связан с внутренней проблемой


Музыкальные новости

Определят победителя на конкурсе театральных коллективов школ в УЛАН-УДЭ нс конкурсе детей Алтан Баг - Театр, Новости и Культура, Дети, Россия

Бузова ответила Собчак на критику концерта в Уфе

Антисанитария в службах доставки: токсиколог Кутушов рассказал, почему опасно заказывать еду

«К очереди присоединялась другая»: Тимати раскрыл успех своего бизнеса


В ПРЕДДВЕРИИ ДНЯ РОССИИ РОСГВАРДЕЙЦЫ ПРОВЕЛИ ПРАЗДНИЧНОЕ МЕРОПРИЯТИЕ ДЛЯ ДЕТЕЙ

РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ

Об отношении к русским в Азербайджане

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!


Бастрыкин затребовал доклад об исчезновении девушки в Новосибирске 15 лет назад

В 16-ти городах состоялись первые этапы «Чемпионата «Школы Росатома» по хоккею на траве 5+»

Определят победителя на конкурсе театральных коллективов школ в УЛАН-УДЭ нс конкурсе детей Алтан Баг - Театр, Новости и Культура, Дети, Россия

Вирусолог Вострухов: опасные клещи-мутанты из Европы могут появиться в России


Асфальтирование площадок услуги в Петербурге

В Москве 14-летний мальчик ранил ножом 16-летнего юношу на футбольном поле

Прокуратура показала фото с места посадки самолета на трассе в Лыткарине

В Москве выставили на продажу 12-метровый Hummer H2 всего за 900 тыс. рублей


Путин пригрозил оружием Западу, Киев закрыл поездки по Европе, США ввели санкции против Грузии – большие итоги недели от РИА «Новый День»

Путин: РФ готова к переговорам только на условиях, которые уже обсуждались ранее

«Всуе не упоминать!»: Путин на ПМЭФ остудил ядерные фантазии и вспомнил Сталина

Путин: Москва оставляет за собой право поставок вооружения партнерам


Вирус эволюционирует: почему рано называть COVID-19 сезонным заболеванием


Гражданку Кыргызстана арестовали по обвинению в угрозах судье и прокурору, отправившим за решетку Навального


Аллерголог Зайцева рассказала, как проявляется аллергия на солнечный свет

В центральный аппарат ведомства будет доложено о ходе расследования уголовного дела по факту умышленного причинения тяжкого вреда здоровью несовершеннолетнему в Москве

Источник 360.ru: игрушка в туалете спровоцировала эвакуацию поликлиники в Москве

Вирус эволюционирует: почему рано называть COVID-19 сезонным заболеванием


AFP: Байден объявил о выделении Киеву помощи на 225 млн долларов


Спортивные тренировки и мастер-классы пройдут на летнем фестивале в Москве

В Москве 14-летний мальчик ранил ножом 16-летнего юношу на футбольном поле

Мастер-классы по созданию крафтовых украшений проходят в центре Москвы

В Москве прошёл спортивный праздник для росгвардейцев



Собянин: Благодаря модернизации театры Москвы создают уникальные декорации

Собянин: В Москве ведется активная замена инженерных сетей в рамках реновации

Собянин: Москва подписала ряд крупных соглашений на Петербургском форуме

Собянин: Москва — мировой лидер по динамике развития транспортной инфраструктуры


В Москве проходит акция по безопасному использованию СИМ

На ПМЭФ-2024 Краснодарский край подписал 40 протоколов на 272 млрд рублей

На природных территориях Москвы расцветет множество краснокнижных растений

Суд отправил под арест подозреваемого в убийстве пенсионера в парке Москвы


Актера Театра сатиры покинул собрание на «скорой»

В работе мессенджера «Телеграм» случился массовый сбой

В Москве полиция задержала граждан ближнего зарубежья в игривых пижамах

Актер Панин назвал бредом попадание в список экстремистов и террористов


Торговые настольные электронные весы CAS PR-15P

В 2024 году в Архангельской области строят семь школ

В Пулково задерживаются шесть рейсов

Минфин Архангельской области оценил муниципалитеты по уровню качества организации и осуществления бюджетного процесса


На этой неделе загрязнение воздуха отмечали в четырех городах Крыма

Пьяный мужчина упал с верхней полки на девочку в поезде Москва - Симферополь

Глава Росавиации рассказал о перспективах открытия аэропорта Краснодара

Литературно-краеведческий коллаж «Мир добрых сказок и стихотворений – все это Пушкин, наш великий гений!»


Средние радиационные бури сохранятся на Земле до конца дня 8 июня

В центре Челябинска появится памятник легенде русской адвокатуры

Прокуратура показала фото с места посадки самолета на трассе в Лыткарине

Maserati, сбивший двух детей в Подмосковье, ехал со скоростью 280 км/ч














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *