Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2019

Новости за 11.05.2019

Беларусера араваьккхина Нальгиев чувоьллина Нальчикехь

Radiomarsho.com 

Беларусера араваьккхина гIалгIайн юкъараллин жигархо, блогер Нальгиев ИсмаьIил чувоьллина Нальчикехь йолчу ханна лецна нах латточу изоляторе. Цунах лаьцна хаам бо "Настоящее время" сайто, адвокатана Гашинский Антонна тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, Нальгиевн гIуллакх къастор ду суьдехь. Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, гIалгIайн юкъараллин жигархо Нальгиев цхьана ханна чувоьллинера Минскан Октябран кIоштан изоляторна. Европе ваха кеманна тIе хууш иза лаьцнера Беларусин дозанхоша кхаарин сарахь Минскерчу аэропрортехь. Читать дальше...

Гуьржийн кхерамазаллин сервисан талламхоша левина Мачаликашвили

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисан белхахоша левина ПIангазара вахархо Мачаликашвили Малхаз. Iедалш шеко йолуш ду иза терроран тIелатар дан дагахь хилла аьлла. Талламхойн хаттаршна жоьпаш а делла араваьллачу Мачаликашвилис элира журналисташка, ша хьул а ца деш шега деллачу хаттаршна бакъдолу жоьпаш делира аьлла. Ша кхин цкъа а тIекхойкхур ву аьлла ца хета цунна, амма цуьнан гIуллакх дIалур ду кхеле. Шен сагатдийриг ду, Iедалша шайна тIелаца дезаш хилар шен кIант Темирлан, бехк а боцуш вийна хилар, бохуш вара Мачаликашвили. Читать дальше...

Турпалхочуьнан кошана тIехь "бомба" карийна Подмосковьехь

Radiomarsho.com 

Подмосковьехь сапераш а, полицин а, лерринчу сервисийн а белхахой а гулбелла бомбанах тера коьчалла карийначу Николо-Архангельскан кешнашкахь, хаам  бо "Московский комсомолец" газето. Болчу хаамца, тIетесна серий а долуш, гIутакх карийна гергарчаьрна Оьрсийчоьнан турпалхочун Богомолов Александран кошан тIехь. Полковник Богомолов "Ворон" олучу лерринчу эскархойн тобанан декъан куьйгалхо хилла вара ФСБ-н Воронежан кIоштарчу урхаллехь. Иза дакъалаьцна вара Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь. Богомолов... Читать дальше...

Шаьш беха мохк хийца лууш бу 750 миллион сов бахархой

Radiomarsho.com 

Иммигранташна дуьхьал ойланаш хилар тIаьхьарчу хенахь шуьйра даьржинехь а, кхечу пачхьалкхашкахь баха ховша луучу нехан терахь алсамдолуш ду. Gallup олучу юкъараллан хетарг толлучу институто далочу терахьашца, дерриг а дуьнентIехь 750 миллион сов стаг ву ша веха пачхьалкх хийца лууш. И терахь 15 процентана алсам ду 2015-чу шарахь хиллачул а. Уггар дукха кхечу пачхьалкхе дIабаха лууш бу Африкера нах (33%), Латинийн Iамеркера бахархой 2-чу меттехь бу (27%). Царна тIаьхьа бу Евробертана юкъайогIуш йоцчу Европерчу пачхьалкхийн бахархой (26%). Читать дальше...

16 шо долу нохчийн кхиазхо лаьцна Страсбургехь

Radiomarsho.com 

Францерчу Страсбургехь лаьцна 16 шо долу дешархо, цу гIалахь бехачу нохчийн нохчийн мухIажарийн кIант, хаам бо EurAsiaDaily сайто. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Кхиазхо лацаран бахьана ду "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан декъашхо хила мега аьлла шеко кхоллаялар. Дийцарехь, Оханан-баттахь Парижехь полисхошна тIелатар дина нах лебинчул тIаьхьа лаьцна нохчийн кIант. Цу наха тоьшаллаш дина "Исламан пачхьалкхан" тобан коьртехь волчу аль-БагIдади Абу Бакарна муьтахь хила шаьш дуй бууш шайца Страсбургера нохчийн кхиазхо а вара аьлла. Читать дальше...

Оьрсийчохь уггар къена стаг велла Несарахь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь пIераскан дийнахь велла Оьрсийчоьхь уггар къена стаг Илиев Аппаз, хаам бо ТАСС агенталло. Цуьнан дара 123 шо. Дахаран тIаьххьара денош цо дIадаьхьна Несарарчу республикан клиникан дарбанан хIусамехь. Цу клиникан коьртачу лоьран когаметто Касиева Тамарас дийцарехь, къано валах лаьцна лоьраша сихха хаам бира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке. Илиев валар хьокъехь Евкуровс "ВКонтакте" социалан машанехь йолчу шен агIонехь, "Дала къахетам болба, Дала гешт долда!",  аьлла, кадам бина цуьнан гергарчаьрга. Читать дальше...

Туницан бердан гергахь кхелхина лаххара а 50 мухIажар

Radiomarsho.com 

Лаххара а 50 стаг кхелхина Дуьненаюкъарчу хIорда чохь Тунисан бердана гергахь хинкема харцар бахьана долуш, хаам бо Reuters агенталло. Африкерчу пачхьалкхашкара мигранташ тIехь болу иза хилла Итале доьдуш. Дуьненаюкъарчу мигранташкахула вовшахтохаралло бинчу хаамца, кеман тIехь хиллачу 70 стагах кIелхьарваккха аьтто баьлла 16 стаг. Орцанхошна карийна 3 дакъа. Мигранташ тIехь болу кема арадаьлла хилла Ливин малхбузенехь йолчу Зуара портера. Цу махкара дIаоьхучу мухIажарийн терахь алсамдаьлла Триполина гонах тIемаш дуьйладелчхьана. Читать дальше...

Ножай-Юьртахь иккхина газ юхку станци

Radiomarsho.com 

Газ чохь йолу цистернаш лилхина Ножай-Юьртахь газ юхкучу станцехь. Орцаллан министраллан (МЧС) Нохчийчуьрчу урхалло бинчу хаамца, и бахьана долуш яьгна 40 йиъкIо метр майда. Болчу хаамца, лазийна а, вагийна а, вийна стаг вац. Газ юхку станци эвлан йистехь ю, уггар дукха 400 метр уллехь бен цIа а доцуш. ЦIе дIайойоъуш дакъалаьцна 27 цӀеяйархочо.

Францин 2 эскархо кхелхина Буркина-Фасохь закъалтхой маьршабохуш

Radiomarsho.com 

Францин ши эскархо кхелхина закъалтана лецна нах маьршабохуш Буркина-Фасохь. Францин президентан векало пIераскана дийнахь хаам бина, мехкан президенто "декъалдина БенинехьСтигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь лецна закъалтхой маьршабахар аьлла, шайна юкъахь Францин ши махкахо а волуш. Дуьненаюкъарчу французийн радионо бинчу хаамца, Францин ши махкахо воцург маьршаяьккхина Iамеркера а, Къилба Корейра а ши зуда. Iамеркан CNN отелеканало билгалдоккху и операци дIаяьхьна хилар, Цхьаьнатоьхначу Штатийн талламан сервисо накъосталла а деш.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *