Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2019

Новости за 08.05.2019

ГIиргIазоша юхатоллуш ду Батукаев маьршаваккхар

Radiomarsho.com 

ГIиргIизойчохь юхаталла долийна цу махкахь чувоьллина хилла Нохчийчуьра вахархо, криминалан гонашка дош лелаш ву бохуш вуьйцу Батукаев Iаьзиз хенал хьалха набахтера маьршаваккхарца доьзна бехктакхаман гIуллакх. Талламхойн версица, меттигерчу могашаллин министраллан лаккхарчу даржашкахь болчу наха Батукаев маьршаваккха леррина сацам бина хилла, иза вон цамгар ловш ву аьлла. И диагноз бухе а йиллина, 2013-чу шарахь Оханан -баттахь Нарынан гIалан кхело хенал хьалха маьршаваьккхира нохчийн тутмакх, цунна ваха дукха хан ца йисина аьлла. Читать дальше...

Зуламхо лоьхучух шех веш лаьтта "зуламхо"

Radiomarsho.com 

Панкисехь дIахьочу операцехь вийначу 19 шо долчу Мачаликашвили Темирланан да Мачаликашвили Малхаз шеконашка эцна "террор дан Iалашо кхабарна" аьлла, дIахьедина Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан кхеташоно (СГБ) леринчу брифингехь

Дагестанехь некъахьовзамехь кхелхина журналист

Radiomarsho.com 

Дагестанехь Махачкалахь тIе машен тоьхна йийна MTV телеканалан журналист Абдуллаева Тамила. И бохам хилла хилла гIалан юккъехь Ярагскин урамехь, хаам бо "Кавказ.Реалиино".  Журналист кхалхар тIечIагIдина цуьнан доттагIчо Порецкая Натальяс, шен Инстаграмехь цу хьокъехь пост а хIоттийна (cурта тIехь Абдуллаева ю аьтту агIор).  Меттигерчу могушаллан министралло бинчу хаамца, некъахьовзам хиллачул тIаьхьа еза чевнаш хилла Абдуллаева дIаюьгуш йолчу лоьрийн машеннца а хилла некъахьовзам.   ... Читать дальше...

Мачаликашвили Малхаз: низамехь къийсам дIахьош четарехь вуьсуш ву со

Radiomarsho.com 

"Четар чохь (Тбилисехь) вуьсуш ву ша, низамехь къийсам дIахьош", - яздина Facebook-чу шен агIонехь Мачаликашвили Малхаза, Гуьржийчоьнан Пачхьалкхан кхерамазаллин сервисо терроран тIелатар дан дагахь хилла аьлла ша бехке вар хьокъехь. Цуьнца цхьана, цо ша кийча ву боху, низамаш лардечу органаша ша дIалоцур хиларна, царна ша кхераме ву аьлла хетахь. "9 бутт бу со Тбилисин юккъехь дийнахь а, буса а, шийла-йовха хилча а лаьтташ волу… Тахана со террорхо ву боху, 2 бутт хьалха суна дуьне гуттар къахьделча юкъана ас аьлла дешнаш бахьана долуш. Читать дальше...

ГIалгIайчоь: хьан меттахIоттор бу къоман барт?

Radiomarsho.com 

Акиев Тимур                                                                                                                    Эхо Кавказа Протестан лидерш а, жигархой а кхидIа лоьцуш хьийза ГIалгIайчуьра Iедал. Политикехь, юкъараллехь хIоьттина кризис диканца ерзорхьама Магасе баьхкина Оьрсийчуьра бакъоларъярхой. Мехкан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке цара доьху луларчу республикехь лецна кхобу гIалгIайн оппозицин лидерш махка юхабалабайтар, маьршабахийтар. КIира ду Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхойн юкъараллийн куьйгалхоша... Читать дальше...

Хьаштонан мехаш уггар дукха тIекхетта Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан росстато бинчу хаамца, Оханан-баттахь Оьрсийчоьнан 12 регионехь хьаштонан мехаш хьалабевлла 0.5% процентана. Ткъа уггар дукха уьш тIекхетта Нохчийчохь (0.9%). Цигахь кхачанан сурсаташ дазделла 1.8%. Цу тайпа хьал хIоттаран коьрта бахьана ду аьлла хета Росстатана, стоьмийн а, хасстоьмийн а мехаш хьалабовлар. Иштта копустан килан мах тIекхетта 23.8%, жIанкийн мах хьалабаьлла 11.1%, помидорийн – 10.6%. Цуьнца цхьаьна наьрсаш яйелла 19.4%.

Оьрсйчоьнан регионийн 30% гергга дозанех хаамаш шен тептаре дIаязбина Росреестро

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а административан дозанах болу хаамаш Юкъарчу пачхьалкхан ара-чу ца баккхалучу бахаман реестрна юкъатоьхна Росреестро (ЕГРН). Цунах лаьцна хаам бинчу цу урхалло бигладаккхарехь, 2019-чу шеран кхаа баттахь ерриг а цу тептарна тIехь дIаяьзбина Оьрсийчоьнан регионашна юкъахь долчу 378 дозанах болу 112 хаам (29,63%) Кадастран чоьно хаам барехь, Юкъарчу пачхьалкхан ара-чу ца баккхалучу бахаман реестрна юкъатоьхна Москохан а, Бурятин а, ГIалмакхойчоьнан а, Якутин а, Ханты-Мансийскан а... Читать дальше...

Цхьа стаг велла Соьлж-ГIалахь складехь цIе яьлча

Radiomarsho.com 

Цхьа стаг велла Соьлж-ГIалахь концелярин хIуманаш чохь латточу гIишлонах цIе яьлча. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло, талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллан белхахошна тIе а тевжаш. Хьалхо яздора цу гIишлнехь латтош дерш кхачанан сурсаташ ду бохуш. Кхелхинарг мила ву къастош ду. Соьлж-ГIаларчу сурсатийн скаладехь цIе яьллера шинарин Iуьйранна. Ерриг а цIаро лецнарг яра 600 еакIов метр майда. Орцаллин министраллан Нохчийчуьрчу урхалло бинчу хаамца, цIе дIайойуш дакъалоцуш хилла 49 стаг.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *