Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2019

Новости за 28.05.2019

ГIалгIайчохь кхо де делла марха даста

Radiomarsho.com 

Марха дастарца доьзна Мангал-беттан 4-6 -чу кхаччалц мукъаденош хилар дIакхайкхийна ГIалгIайчохь. Мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека куьйгъяздина цу кепарчу омрана, яздо "Интерфакс - юг" хьостано. Болчу хаамашца, регионан урхалхочо тIедиллина дезачу деношкахь дийнахь а, буса а ха латтор бахархошна орца оьшуш меттиг нислахь. Хьалхо оццу деношкахь бахархой балхах мукъа бахарх дIакхайкхийра Нохчийчохь а.

Нохчийчохь лечкъийначу нехан гергарчарна ахча далар тIедожийна Оьрсийчоьнна Европан кхело

Radiomarsho.com 

2005-чу шеран Гезгамашин-баттахь Нохчийчохь байначех шаьш бина ши сацам бовзийтина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу  кхело. ТIепаза байначийн гергарчарна 1 168 000 евро компенсаци дIадалар тIедожийна Оьрсийчоьнна кхелахоша. Цу кепара шайн сацам кхелан сайтехь Iорабаьккхина цара. "Кахиевы против России", "Шаванова а и другие против России", "Хамхоева против России", "Иналкаева против России", "Умарова и другие против России", "Сигатиева против России" аьлла диллинчу гIуллакхийн хьокъехь бина сацам бу иза... Читать дальше...

Некъан низамаш мел дохон гIуда чIагIдан деза аьлла некъан полицин урхалло

Radiomarsho.com 

Видеокамераша дIаязвинчу хIора шолгIа некъан низамаш дохийначунна кхачон гIуда чIагIдар хьоьху Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн пачхьалкхан автоинспекцино (ГИБДД), хаамбо некъан полисхойн урхаллан куьйгалхочун гIовса Быков Александра. Цо бахарехь, хIинца лела гIуда машенлелорхошна "некъан транспортах лун мах санна" хета. Быковс дIахьедарехь, некъан низамаш дохорах камераша дIаязбечу нехан терахь хIора шарахь а 10 процентна кхуьуш ду. "Оцо а гойтуш ду тахана санкцино шен профилактикан рол кхочушъеш цахилар"... Читать дальше...

"ЦIа ванза ву Дада цкъачунна"

Radiomarsho.com 

Паьнгаза – Къилбаседа Гуьржийчуьра бусалбанийн мохк. ДАIИШ-ан могIаршкахь кхузара цхьаболчу кегийнаха тIемаш бечу юкъанна, зудаберашна кинематограф Iамо еана режиссер Гулбиани Мари. Школехь Иманца а, Евица а гергарло тосуш ю иза. Режиссер: Гулбиани Мари, Гуьржийчоь-Франци-Германи, 2018.

Шо ду Мачаликашвили Малхаза къуьйсу

Radiomarsho.com 

Орагвелидзе Ираклий                                                                                                "Эхо Кавказа" "ХIоттор вац со Iедало гора", - дIахьедина Мачаликашвили Малхаза кху оршоьтадийнахь. Шо кхаьчна цо Гуьржийчоьнан парламентна хьалха четар хIоттийна – таIзардар доьху Паьнгазахь операци дIахьош шен 19 шо долу воI Темирлан вийначарна. Ша къовсам болийна шо кхочуш Мачаликашвили Малхаза хаам баржийна, протестан акцеш Тбилисехь хIиттийна а Iийр вац ша, яржор ю ерриг а Гуьржийчухула, аьлла. Читать дальше...

Росстат: Оьрсийчуьрчу ах доьзалашна юучунна а, тIеюхучунна а бен ца тоьа ахча

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу ах доьзалашна ахча юучунна а, тIеюхучунна а бен тоьаш дац. Дукха хьолахь ахчанца проблемаш Iиттало къоначу доьзалийн а, балхахь боцчу пенсхойн а. Оьрсийчуьрчу Росстата бинчу талламийн жамIаш далийна РБК агенталло. Стохка шо юккъе даьллачу хенахь Оьрсийчуьрчу 48 процент доьзалийн ницкъ ца тоьара еххачу заманчохь пайдаоьйцу хIуманаш эца. Цул а шо хьалха Росстато дIакхайкхийра, цу кепара доьзалш кхи а цхьа процент сов бара аьлла. Оцу юкъанна, 2018-чу шарахь талламашлахь дакъалаьцначу 15 проценто дIахьедира... Читать дальше...

"Анджи". Оьмар кхачийна?

Radiomarsho.com 

Идрисова Барият Бизнесхочуьнга Керимов Сулимане мехкан футболан тоба шен куьйга кIел эцар доьху доглозучу дагестанхоша "ВКонтакте" машанерчу клубан агIонтIехь бу оцу хьокъехь кхайкхам. Саготта бу футболъезархой: кху деношкахь, 26-чохь, хилла ловзар тIаьххьарниг хилла диса мега "Анджин". "Тхуна хаьа, клуб лахь, хьуна а кхочур ду лазаман дакъа – мел дукха ницкъ, ахча, сахьийзам дIабелла вай цунна! ДIадахначу шаро гайтина, дуьненан муьлххачу а маIIехь Дагестан йовзуьйтуш, цуьнан васт хилла яьхна спортан клуб Iалашъян вац цхьа а, хьо воцург. Читать дальше...

Нохчийн доIанашна делла жоп санна

Radiomarsho.com 

Австрин парламенто мехкан канцлерах Курц Себастьянах шен тешам байна хилар хоуьйтуш кхаьжнаш тесна. ЖамI – даржах мукъаваьккхина иза а, цо куьйгаллехь латтийна министрийн кабинет а. Иштта ю деношкахь иккхинчу скандалан тIаьхьало.

Японехь уьрсаца динчу тIелатарехь 19 стаг лазийна, вийнарг а ву

Radiomarsho.com 

Токиона гергарчу Кавасаки гIаларчу автобусан социйлехь мила ву цахуучу стага уьрсаца динчу тIелатарехь лазийна мел лахара а 19 стаг, шайлахь 13 бер а долуш. Зуламаш динчул тIаьхьа ша шена тоьхна велла тIелатархо. Шинаридийнан Iуьйранна хилла ю инцидент. Ша шена урс диттина велла зуламхо тIелеттачул а тIаьхьа аьлла, дIахьедина поицино. Японин хаамийн гIирсаша дийцарехь, оцу тIелатарехь вийна цо цхьа стаг а, жима бер а. Цкъачунна къастанза дуьсу мича бахьанашца, мила хилла тIелеттарг.

Германин кхело жоьпалле озийна "ШариIатан полици"

Radiomarsho.com 

"ШариIатан полици" тIе яздина можа жилеташ йоьхна, урамашкахь богIу-боьлхучаьрга имдилла бохуш, кхайкхамаш бинчу исламхойн тобан декъашхойн хьокъехь сацамбина Германин кхелахоша. DW хьостан хаамашца, 27 шарера 37 шаре ваьлла ворхI жимстаг бехкевина, можа жилеташ лелор доьхкуш бина сацам бохорна. Вупперталерчу  кхелахоша гIуданаш диттина царна 300 еврашкара 1800 еврашка кхаччалц. 2014-чу шарехь кхеле хIиттийначу цара рейдаш дIакхоьхьуш хилла "ШариIатан полици" тIе яздина можа жилеташ а йоьхна, туьканашкахь а... Читать дальше...

Кенхин проблемаш Iедалхоша хIинца а ерзийна яц аьлла Джалалдиновс

Radiomarsho.com 

Кенхи эвлара проблемаш ерзийна ца хиларна Джалалдинов Рамазана бехк баьккхина Iедалхошкара. Шайн дахаран хьелашна нохчийн Iедалхошка аьрзнаш динчул тIаьхьа а церан хьашташ кхочушданза дуьсу. Токхамаш болчу меттигашкара нах дIакхалхоран программа а яц болх беш, цIенош меттахIиттош дац, ткъа школаш йина, некъаш тодина бохуш Iедалхоша ден дIахьедарш бух боцуш ду аьлла Кенхерчу вахархочо Джалалдинов Рамазана. Маршо Радионо дийцира шен агIонашкахь 2016-чу шеран бIаьста юьртарчу тишачу хьоланан Джалалдиновс латкъамбарх. Читать дальше...

Веданан кIоштахь машен бердах яхана велла цхьа стаг, лазийна кхоъ

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Веданан кIоштарчу 15 метар лекхачу бердах яхана машен, цхьа стаг велла, кхаанна кеп-кепара чевнаш йина. ТАСС агенталле бина и хаам Оьрсийчоьнан орцан министралло. "Веданан кIоштахь операци дIаяьхьна бердах вахана виъ стаг кIелхьарвоккхуш", - аьлла министраллехь, царех цхьаъ велла хилар а, бисинчарна чевнаш йина хилар а билгалдоккхуш. Ламанан маршрутца экстремале некъашца хахакабала бахана хилла меттигера бахархой, орцанхойн дIахьедарца. РогIерчу дуьхьалонех бовлучу заманчохь машен бердах чу яхана церан. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *