Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2019

Новости за 06.05.2019

Некъахьовзамехь стаг вийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла Соьлж-ГIалара Закан-юьрта боьдучу некъан тIехь. Леррина техника дIасалелочу КамАЗ-о йоьхьуш йолу еза трактор тасаелла хилла некъ хадош хIаваэхула деха яьккхинчу газан биргIанан арканах. Трактор тIехь йолу и ерриг а а IалгIож некъа тIе йоьжна, ткъа цунна кIелнисъелла дуьхаьл йогIу ИЖ машен. Цунна урхалла деш волу ТIехьа-Мартанан кIоштара 46 шо долу вахархо оццу меттехь велла хиллачу чевнех. Таллам дIахьош бу.

Оьрсийчоьнан символ хила мегаш ю Веданара хьех

Radiomarsho.com 

"Оьрсийчоьнан 2019-чу шеран дитт" къовсамехь дакъалоцуш ду историн мехала долу 12 дитт. Царна юкъахь ду Веданан садаIаран бешахь (паркехь) лаьтташ долу хьех. Къовсамехь дакъала къастийна дитташ тIехь долу тептар тIечIагIдина Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонехь горга стол дIахьош лерринчу сертификацин комиссино, яздо "Регнум" агентало, къовсам вовшатоьхначарна тIе а тевжаш. Веданарчу хьехан 144 шо ду. Цуьнан локхалла ю 37 метр. Дитт лаьтташ долу садаIаран беш йиллина 1859-чу шарахь Веданан гIоьпехь... Читать дальше...

100 сов прокурор а, талламхо а чувоьллина Оьрсийчохь стохка

Radiomarsho.com 

104 прокурор а, талламан комитетан белхахо а чувоьллина Оьрсийчохь криминалан зуламаш дарна 2018-чу шарахь, хаам бо РИА Новости агенталло, Лаккхарчу Кхелан суьдийн департаментан статистикана тIе а тевжаш. Уггар даьржина зулам ду цара диначарах кхаьънаш эцар а, кхаьънаш далар а (25 стаг), ткъа иштта сутараллица доьзна нах Ӏехор а (15 стаг). Прокурораша а, талламан комитетан белхахоша а динчу зуламашна юкъахь ду тоьшаллин кехаташна тӀехь харцо яр а, ледарлонаш ялийтар а, шайх тешина ахча харцонца дайар... Читать дальше...

Шереметьевохь хиллачу бохамехь велла 41 стаг

Radiomarsho.com 

Москох Шереметьево аэропортехь "Аэрофлотан" некъахойн кема Superjet-100 (Сухой Суперджет) даьгначул тIаьхь дийна висина ву 37 стаг. Верриг а цу кеманна тIехь хилла 78 стаг – 73 некъахо а, экипажан 5 декъашхо а. Москвара Мурманске доьду кема хIаваэхь дохар бахьана долуш Шереметьевохь охьахаош цIе яьлла даьгна.

Соьлж-ГIала: WANDI RAMADAN BAZAR

Radiomarsho.com 

Мархийн баттана хьажийна ша-тайпа гайтам дIабаьхьира Соьлж-ГIалахь. Оьрсийчуьра а, Нохчийчуьра а, ткъа иштта кхечу пачхьалкхашкара а 55 брендан сурсаташ дара дохка деана. Цу кепара цхьаьнакхетар шолгIа хуьлуш ду Нохчийчохь. WANDI RAMADAN BAZAR вовшахтохаралло, шен коьртехь Валерьев Муса а волуш.

Бахтадзе: ПIаьнгазахь хилларг хилийта йиш йолуш дацара

Radiomarsho.com 

ПIаьнгазахь хилийта йиш йоцург хилла, амма таьхьарчу хенахь латтийначу зIенаша аьтто бо сан чIагIдан, шеко а йоцуш, цу халонах вай хьалхадевр хиларх лаьцна, аьлла дIахьедар дина Гуьржийчоьнан премьер-министро Бахтадзе Мамукас "Имеди" телекомпанин эфирехь, хаам бо "Грузий онлайн" агенталло. Бахтадзес дийцарехь, Iедалан органаш къастош бу хилларг хIун дара бохучун тIаьхьакхиа гIерташ, ткъа хан тIекхаьчча юкъараллана дерриг а дуьйцур долуш ду. "Иза (ПIаьнгазахь полицин белхахой, бахархойх латар) догIуш дац вайн дIадаханчуьнца а... Читать дальше...

Саьхьан а, кафаратан а барам хIоттийна Нохчийчуьрчу муфтиято

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу исламан динан дайша барам хIоттийна мархийн бутт чекхболуш лур долчу саьхьан а (закат аль-фитр) а, марха кхаба аьтто боцуш висинчо луш долчу гIудан (кафаратан) а. Сахь хир ду 100 сом, ткъа кафарат - 50 сом. Цунах лаьцна хаам бо "Кавкаказский узело". Нохчийчуьрчу муфтиято кхеторца, Мархин бутт чекхболуш доккхучу  саьхьан барам бу 3 кила кIа, ткъа кафаратан 1 кила кIа. Ахчанца иза дан лууш болчу бусалабанашна сахь хир ду - 100 сом, ткъа цхьацца бахьанашца кхабаза дисинчу хIора марханах луш долу гIуда (кафарат) хир ду 50- сом.

Superjet-100 даьгча дийна висина 37 стаг - Талламан комитет

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Талламан комитето хаам барца, Москох Шереметьево аэропортехь "Аэрофлотан" некъахойн кема Superjet-100 (Сухой Суперджет) даьгначул тIаьхь дийна висина ву 37 стаг. Верриг а цу кеманна тIехь хилла 78 стаг – 73 некъахо а, экипажан 5 декъашхо а. Хьалхо Талламан комитето хаам бинера, цу бохамехь 13 стаг велла аьлла. Таьххьарчу ,бинчу хаамехь кхелхинчеран терахь хьахош дац. "Интерфаксо" дийцарехь, велларг 41 некъахо хила мега. Москвара Мурманске доьду кема хIаваэхь дохар бахьана долуш Шереметьевохь охьахаош цIе яьлла даьгна.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *